[1] Ткъа Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀе вахара.
[2] ТӀаккха Ӏуьйранна Ӏийса юха а Делан цӀийнан керта веара. Берриг нах оьхура Цунна тӀе. Охьа а хиъна, Ӏийсас нахана хьехамаш бира.
[3] Цу хенахь Ӏелам наха а, парушхоша а цхьа зуда, сийсаза лелаш йоллучу хенахь тӀе а кхаьчна, иза цу меттехь схьа а лаьцна, яла а йина, нахана юккъе дӀахӀоттийра.
[4] Цара Ӏийсага элира: «Устаз! ХӀара зуда нахаца лелаш йоллучохь схьалаьцна ю.
[5] Ткъа Мусан хьехамо тӀедиллина и санначарна тӀулгаш кхоссар. ХӀинца Ахь хӀун эр дара?»
[6] И элира цара Ӏийса зерхьама а, Цуьнгара даьлла гӀалат тӀехтохархьама а. Ткъа Ӏийса, лохха охьа а таьӀна, лаьттахь пӀелгаца яздан волавелира.
[7] Ткъа цу наха Шега кхин а хеттарш дича, Ӏийсас, хьала а таьӀна, элира: «Шена тӀехь къа доцучо уггар хьалха тӀулг кхосса цунна тӀе».
[8] Иза а аьлла, юха а охьатаьӀна, лаьтта тӀехь яздеш вара Ӏийса.
[9] Ткъа и дешнаш шайна хезча, цхьаъ вукхунна тӀаьххье а воьдуш, баккхийнаш хьалха а бовлуш, уьш дӀабахара. ТӀаккха Ӏийса Ша висира цигахь, керта юккъехь лаьтташ йолчу зудчуьнца
[10] Корта хьала а айина, Ӏийсас элира цу зудчуьнга: «Зуда, уьш мичахь бу? Цхьаммо а кхел ца йи хьуна?»
[11] Зудчо элира: «Цхьаммо а ца йи, Эла». «Аса а ца йо хьуна кхел, – элира Ӏийсас. – ДӀагӀо хьайна, амма кхул тӀаьхьа кхин иштта долу къинош ма летаде».
[12] Цул тӀаьхьа юха а элира Ӏийсас нахе: «Со дуьненна елла серло ю. Суна тӀаьхьахӀоьттинарг бодашкахь лелар вац, амма цуьнан бакъдолчу дахаран серло хир ю».
[13] ТӀаккха парушхоша элира Цуьнга: «Айхьа-Хьайх тоьшалла до Ахь, цундела Хьан тоьшалла кхоччуш дац».
[14] Ткъа Ӏийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса Айса-Сайх тоьшалла деш делахь а, Сан тоьшалла кхоччуш ду. ХӀунда аьлча Суна хаьа, Со мичара веана а, стенга воьду а, ткъа шуна ца хаьа, я Со мичара веана а, я Со стенга воьду а.
[15] Аша адамийн ламасташка хьаьжжина кхел йо, ткъа Аса цхьанна а кхел ца йо.
[16] Нагахь Ас кхел еш елахьара, Сан кхел бакъ хир яра, хӀунда аьлча Со цхьаъ вац, амма Со ваийтина Да а ву Соьца.
[17] Шун товрат-хьехамна тӀехь а яздина ду, шина стага дина тоьшалла бакъ ду аьлла.
[18] Ткъа Сайх тоьшалла Ас-Айса а до, Со ваийтинчу Сан Дас а до».
[19] ТӀаккха элира Цуьнга: «Мичахь ву Хьан Да?» Ӏийсас жоп делира: «Я Со а ца вевза шуна, я Сан Да а ца вевза. Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара».
[20] Иштта къамел деш вара Ӏийса Делан цӀийнан кертахь хазнина уллохь, Ша хьехамаш бечу хенахь. Цхьаммо а схьа ца лецира Иза, хӀунда аьлча Цуьнан хан хӀинца а тӀекхаьчна яцара.
[21] Юха а элира Ӏийсас нахе: «Со дӀавоьду, ткъа аша лоьхур а ву Со, шайн къиношца лийр а ду шу. Со воьдучу шу дахкалур дац».
[22] ТӀаккха бохура динан куьйгалхоша: «Ша-Шен вен-м ца воллу те Иза? Цундела боху те Цо: „Со воьдучу шу дахкалур дац“?»
[23] Кхин а элира Ӏийсас: «Шу лахарчех ду, ткъа Со лакхарчех ву. Шу кху дуьненах ду, ткъа Со кху дуьненах вац.
[24] Ас аьлла-кх шуьга, шу шайн къиношца лийр ду, хӀунда аьлча, нагахь Суо Верг Со хиларх шу ца тешахь, шайн къиношца лийр ду шу».
[25] ТӀаккха элира цара Ӏийсага: «Хьо мила ву?» Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Аса дуьххьара дуьйна шуьга Со ву аьлларг ву-кх.
[26] Дуккха а дара Сан шух лаьцна дийца а, шу бехке а деш, ала хӀума а. Амма Со Ваийтинарг бакъверг ву, ткъа хӀара Суна Цуьнгара хеззнарг ду. Цу Сайна хезначух лаьцна дуьйцу Ас дуьненна а».
[27] Ткъа уьш ца кхийтира, Ӏийсас шайга Шен стигаларчу Дех лаьцна дуьйцуш дуй.
[28] Цундела Ӏийсас элира: «Шаьш Адамийн КӀант хьалаваьккхича, тӀаккха хуур ду шуна Со волуш Верг Со хилар а, Аса Сайгара хӀума ца леладар а. Ткъа Сайн Дас хьехнарг бен ца дуьйцу Ас дуьненна.
[29] И Со Ваийтинарг Соьца ву. Цо Со цхьа ца витина, Ас даим а Цунна луъург до дела».
[30] Ӏийсас бохург хезаш болчех дукхахберш Цунах теша буьйлабелира.
[31] Шех теша буьйлабеллачу яхӀудхошка Ӏийсас элира: «Нагахь шу Сан дош лардеш лелаш делахь, шу билггал Сан мурдаш ду.
[32] Шуна билггал долу бакъдерг а девзар ду, цу бакъдолчо шу паргӀат а дохур ду».
[33] Ткъа цара жоп делира Ӏийсага: «Тхо ИбрахӀиман хӀух а ду, тхо цкъа а цхьанна а леш ца хилла. Ахь муха боху и: „Шу паргӀатдевр ду“?»
[34] Ӏийсас царна жоп делира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: хӀора къа латош верг цу къинан лай ву.
[35] Лай шен оьмар хаддалц веха олахочун доьзалехь, ткъа кӀант хаддаза доьзалхо хилла вуьсу.
[36] Иштта, нагахь Адамийн КӀанта шу паргӀатдахахь, шу билггал паргӀат хир ду.
[37] Суна хаьа шу ИбрахӀиман хӀух дуйла, амма шу Со вен дагахь ду, Сан дош шайна чу ца тарло дела.
[38] Сайн Да волчохь гинначух лаьцна дуьйцу Ас, ткъа аша а шайн дегара хеззнарг леладо».
[39] Ӏийсана жоп а луш, яхӀудхоша элира: «Тхан да ИбрахӀим ву». Ткъа Ӏийсас элира цу яхӀудхошка: «Нагахь шу ИбрахӀиман хӀух делахьара, ИбрахӀима дина доллу гӀуллакхаш дийр дара аша.
[40] Ткъа хӀинца Со вен дагахь лоьху аш, Со шуьга билггал бакъдерг аьлла Стаг воллушехь. И бакъдерг Суна Делера хезна. Ткъа аш дийриг ИбрахӀима ца дора.
[41] Аша шайн дас динна гӀуллакхаш до». ТӀаккха цара Ӏийсага элира: «Тхо къотӀалгӀадина дац. Цхьа Да ву тхан. Иза Дела ву».
[42] Ӏийсас элира цаьрга: «Шун Да Дела велахьара, Со шуна везар вара, хӀунда аьлча Со, Делера схьа а ваьлла, кхуза схьавеана. Ткъа Со Сайгара веана вац, амма Дас ваийтина ву.
[43] ХӀунда ца кхета те шу Сан къамелах? Иза сан дош шуна хаза йиш йоцу дела ду.
[44] Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тӀехь ца Ӏийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хӀунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву.
[45] Ткъа Аса билггал долу бакъдерг дуьйццушехь, Сох шу ца теша.
[46] Шух муьлхачо бехке вийр вара Со, Ас къинош летадо аьлла? Ткъа Ас билггал долу бакъдерг дуьйцуш доллушехь, шу Сох хӀунда ца теша?
[47] Ша Делера Волчо ладугӀу Делан дешнашка. Амма шаьш Делера доцу дела, аша ла а ца дугӀу».
[48] Аьллачунна дуьхьал жоп луш, яхӀудхоша элира Ӏийсага: «Ткъа тхо бакъ луьйш дац: „Хьо шамранхо ву, Хьуна чохь жин ду“, – оха аьлча?»
[49] Ӏийсас жоп делира: «Суна чохь жин дац. Аса Сайн Ден сий до, ткъа аша Со сийсазво.
[50] Сайн сий дар ца лоьху Ас. И Лоьххург – кхел Йийриг а ву.
[51] Баккъалла а боху Ас шуьга: Сан дош кхочушдечунна цкъа а валар гур дац».
[52] ЯхӀудхоша элира Ӏийсага: «ХӀинца билггал хии тхуна Хьуна чохь жин хилар. ХӀунда аьлча ИбрахӀим а велла, пайхамарш а белла, ткъа Ахь боху, Хьан дош кхочушдеш верг цкъа а лийр вац.
[53] Баккъалла-м вац те Хьо тхан веллачу дел ИбрахӀимал а воккха? Ткъа пайхамарш а белла. Хьайх мила ву олу Ахьа?»
[54] Ӏийсас жоп делира: «Нагахь Ас-Айса Сайн сийлалла дахь, и Сан сийлалла хӀумма а доцург ду. Сан сий аша шайн Дела ву бохучу Сан Дас лакха доккху.
[55] Шуна-м Иза вовза а ца вевзина, ткъа Суна вевза Иза. Нагахь Ас Сайна Иза ца вевза алахь, Со а хир ву шух терра харцдерг дуьйцург. Амма Суна И вовза а вевза, Аса Цуьнан дош а лардо.
[56] Шун дас ИбрахӀима хазахетарца ладугӀура Со ван везачу дийне, ткъа и де ган а гира, хаза а хийтира цунна».
[57] Ӏийсас аьллачунна дуьхьал яхӀудхоша элира: «Хьан хӀинца а шовзткъе итт шо а ма ца кхаьчна? Хьуна ИбрахӀим гина?»
[58] ТӀаккха Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ИбрахӀим хилале дуьйна, Со волуш Верг ву Со».
[59] ТӀаккха тӀулгаш схьаийцира цара Ӏийсана детта дагахь. Амма Иза, царна юккъехула къайлаха чекх а ваьлла, Делан цӀийнан кертара дӀавахара.