Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:42

[1] «Баккъалла а боху Ас шуьга: милла а, уьстагӀийн кертан кевнехула а ца волуш, кхечу некъахула чувериг, къу а, талорхо а ву.

[2] Ткъа кевнехула чувериг цу уьстагӀийн Ӏу ву.

[3] Ков лардеш волчу стага цунна ков дӀадоьллу, ткъа уьстагӀаша цуьнан озе ла а дугӀу. ТӀаккха, шен уьстагӀийн цӀераш а йохуш, уьш арадоху цо.

[4] Шен дерриге а уьстагӀий арадаьхча, иза царна хьалхаваьлла воьду, ткъа уьстагӀий цунна тӀаьхьахӀуьтту, шайна цуьнан аз девза дела.

[5] Хийрачунна тӀаьхьа ца доьлху уьш, амма цунах къехка, шайна цу хийрачун аз ца девза дела».

[6] И хьекъале дустар далийра Ӏийсас парушхошна. Амма уьш ца кхийтира Цо шайна дийцинчун маьӀнах.

[7] ТӀаккха юха а элира Ӏийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Со уьстагӀашна дина долу ков ду.

[8] Сол хьалха мел баьхкинарш берриш къуй а, талорхой а бара. Амма уьстагӀаша цаьрга ла ца дуьйгӀира.

[9] Со ков ду. Милла а Сох чуваьлларг кӀелхьарвоккхур ву. Иза ладогӀарца чу-ара а вер ву, цунна дежийла а карор ю.

[10] Къу лачкъорхьама а, верхьама а, хӀаллакдархьама а бен ца вогӀу. Ткъа Со шун дахар хилийта а, и дахар шортонца хилийта а веана.

[11] Со дика Ӏу ву. Дикачу Ӏуьно шен са а дӀало шен уьстагӀийн дуьхьа.

[12] Ткъа йолах волу Ӏу, и уьстагӀий шен долахь ца хиларе терра, борз йогӀуш шена гича, жа а дуьтий, дӀаводу. Еанчу барзо и уьстагӀий хӀаллак а до, уьш дӀай-схьай а даржадо.

[13] И Ӏу дӀаводу, ша йолах Ӏу волу дела а, шен оцу уьстагӀийн бала а боцу дела а.

[14] Со дика Ӏу ву, цундела Суна сайнаш а бевза, сайчарна Со а вевза.

[15] Дена Со вовзаре терра, Суна а вевза Да. Сайн са а дӀало Ас уьстагӀийн дуьхьа.

[16] Кхин а уьстагӀий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагӀий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугӀур ду Сан озе, тӀаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Ӏу а хир ву.

[17] Аса Сайн са, юха а схьаэцархьама, дӀало дела, Сан Дена Со веза.

[18] Цхьаммо а дӀадоккхур дац Соьгара Сан са, амма Аса-Айса дӀалур ду иза. Сан йиш ю Сайн са дӀадала а, иза юха схьаэца а. И весет Ас Сайн Дегара схьаэцна».

[19] Юха а, Ӏийсан и дешнаш бахьана долуш, нахана юкъахь къовсам белира.

[20] Дукхахболчара олура: «Цунна чохь харц жин доллу, Иза хьераваьлла. Цуьнга ла а хӀунда дугӀу аша?»

[21] Вукхара олура: «И дешнаш жинаша хьийзош волчу стеган дац. Харц жине дӀаделлалур дуй бӀаьрзечун бӀаьргаш?»

[22] Ӏай Ярушалайм-гӀалахь даздеш долу «Карладаккхар» олу деза де тӀедеара.

[23] Делан цӀийнан кертара Сулим-паччахьан цӀарах йолчу меттехь лелаш вара Ӏийса.

[24] Кхузахь Ӏийсана гонах гулбеллачу наха элира Цуьнга: «Дукха латтор дуй те Ахь тхо духе ца кхиош? Хьо Дала леррина Къобалвинарг велахь, дуьххьал схьаалахьа тхоьга».

[25] Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Ас элира шуьга, амма шу ца теша Сох. Сайн Ден цӀарах Ас деш долчу гӀуллакхаша тоьшалла до Сох.

[26] Амма шаьш Сан уьстагӀех доцу дела, ца теша шу Сох.

[27] Сан уьстагӀашна Сан аз а хеза, Суна а уьш девза, уьш Суна тӀаьхьа а догӀу.

[28] Ткъа Аса царна Дела волчохь хедар доцу дахар ло, уьш цкъа а хӀаллак а хир дац, цхьаммо а Сан карара уьш лачкъор а дац.

[29] Уьш Суна делла волу Сан Да массарал а воккха ву. Сан Ден куьйгара цхьаьнгге а лачкъалур дац уьш.

[30] Со а, Сан Да а – Тхо цхьаъ ду».

[31] ТӀаккха юха а наха тӀулгаш схьаийцира, Ӏийсана деттархьама.

[32] Ӏийсас жоп делира царна: «Сайн Дегара дуккха а дика гӀуллакхаш гайтира Ас шуна. Царах муьлханиг бахьана долуш тӀулгаш детта гӀерта шу Суна?»

[33] Наха жоп делира Ӏийсана: «Ахьа дина дика гӀуллакхаш бахьана долуш детта ца дохку тхо Хьуна тӀулгаш, амма Ахьа, Дела сийсаз а веш, Хьуо адам доллушехь, Хьайх Дела варна детта дохку».

[34] Ӏийсас юха а жоп делира царна: «Яздина дац ткъа шун товрат хьехамаш тӀехь а: „Ас аьлла, шу деланаш ду“?

[35] Нагахь Делан дош дӀакхаьчначарех а деланаш аьлла хилча (ткъа Делан Йозанашца къийса йиш ма-яц),

[36] тӀаккха хӀинца а эр ду те аша, оцу стигаларчу Дас къобалвина кху дуьнен чу Ваийтинчуьнга: „Ахь Ӏеса къамел до“, – Ас шайга: „Со Делан КӀант ву“, – аларна?

[37] Нагахь Ас Сайн Дас до гӀуллакхаш деш дацахь, Сох ма тешалаш.

[38] Амма, нагахь Ас и гӀуллакхаш деш хилча, шаьш Сох ца тешахь а, Ас дечу гӀуллакхех теша. ТӀаккха мукъана а кхетар хир ду шу, Сан Да Соьца а, Со Цуьнца а – тхо цхьаъ дуйла».

[39] ТӀаккха юха а лийхира цара Ӏийса, схьалаца дагахь, амма Иза церан карара велира.

[40] Юха а Йордан-хин вукху агӀор йолчу, хьалха Яхьъяс нах хих чекхбаьхначу меттиге вахара Ӏийса. Цигахь висира Иза.

[41] Дукха нах баьхкира Ӏийсана тӀе. Цара бохура: «Яхьъяс тамашийначу гӀуллакхийн цхьа а билгало ца гайтина, амма цо Кхунах лаьцна аьлларг дерриг а бакъ хилла».

[42] Цигахь дукха нах тийшира Ӏийсах.

Ӏийсас беана, Яхьъяс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters