Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 7:12

[1] Цул тӀаьхьа Галилай-махкахула лелаш вара Ӏийса. ЯхӀуд-махкахула лела ца лаьара Цунна, цигара динан куьйгалхоша Ша вен лоьхий хууш.

[2] ТӀедогӀуш дара Кхалорийн деза денош.

[3] ТӀаккха Ӏийсан вежарша элира Цуьнга: «Кхузара дӀа а валий, ЯхӀуд-махка гӀохьа, Айхьа деш долу гӀуллакхаш Хьайн мурдашна а гайтархьама.

[4] ХӀунда аьлча ша гӀаравала лууш волчу цхьаммо а ша деш долу цхьа а гӀуллакх къайлаха ца до. Нагахь Айхьа иштта гӀуллакхаш деш хилча, дуьненна а Хьо вовзийта».

[5] ХӀунда аьлча Ӏийсан вежарий а бацара Цунах тешаш.

[6] Цунна дуьхьал Ӏийсас элира цаьрга: «Сан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчна, ткъа шун хан гуттара а ю.

[7] Кху дуьненна шу ца деза бахьана дац. Ткъа Со ца веза адамашна, Ас церан гӀуллакхаш зуламе ду аьлла, тоьшалла до дела.

[8] Шу гӀо шайна и деза де даздан. Сан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчна дела, Со ца воьду цига».

[9] Цаьрга иза а аьлла, Ӏийса Галилайхь висира.

[10] Амма Шен вежарий и деза де даздан дӀабахча, Ӏийса а вахара цига, Ша ца гойтуш, къайлаха.

[11] Цу дезачу дийнахь динан куьйгалхой Иза лоьхуш бара. Цара хоьттура: «Мичахь ву Иза?» – бохуш.

[12] Нахана юкъахь дукха хабарш дара Ӏийсах лаьцна хезаш. Цхьаболчара: «Иза дика стаг ву», – олура, ткъа кхечара: «ХӀан-хӀа вац, Цо нах лебо», – олура.

[13] Делахь а динан куьйгалхойх шаьш кхерарна, цхьаммо а къайлаха бен ца дуьйцура Цунах лаьцна.

[14] Амма деза денош юккъе дахханчу хенахь Ӏийсас, Делан цӀийнан керта а вахана, хьехамаш бира.

[15] Динан куьйгалхой цецбуьйлура: «Иза цхьанхьа а доьшуш ма ца гора, оццул хӀума муха хаьа Цунна?» – бохуш.

[16] Ӏийсас, царна жоп луш, элира: «Ас бо хьехам Сан бац, ткъа Со Ваийтинчун хьехам бу.

[17] Цуьнан лаам кхочушбан луучунна хуур ду кху хьехамах лаьцна, Делера ду те иза, я Ас Сайгара боху те.

[18] Ша-шегара бохучо шена сийлалла лоьху. Ткъа Иза Ваийтинчун сийлалла лоьхург билггал бакъ ву, Цуьнца харцо яц.

[19] Муса-пайхамаро ца белла шуна товрат-хьехам? Ткъа шух цхьа а цу хьехамо ма-бохху ца лела. ХӀунда лоьху аш Со вен дагахь?»

[20] Наха жоп делира: «Жин-м дац Хьуна чохь? Мила ву Хьо вен лоьхург?»

[21] Ӏийсас, кхин дӀа а къамел деш, элира цаьрга: «Цхьа гӀуллакх дира Ас, ткъа шу дерриш а цецдуьйлу.

[22] Муса-пайхамаро сунтдар тӀедожийна шуна, (иза цуьнгара а доцуш, дайшкара схьадаьлла дара). Ткъа аша Далла леринчу шоьтан дийнахь а сунтдо бераш.

[23] Нагахь Муса-пайхамаран хьехамо бохург ца дохорхьама, бераш шоьтан дийнахь а сунтдеш хилча, Суна оьгӀазло хӀунда йо аша, Аса шоьтан дийнахь стаг верриг а цамгарх товина аьлла?

[24] Адамна тӀехьаьжна ма е кхел, ткъа кхел бакъонца е».

[25] Кхузахь болчу ярушалаймхойх цхьаболчара бохура: «ХӀара-м вац те вен лоьхург?

[26] ХӀинца ХӀокхо, лечкъа ца деш, дерриг ма-дарра схьа ма дуьйцу, хӀетте а Кхунна дуьхьал цхьаммо а хӀума ма ца олу. Билггала ХӀара Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, тешна бу те куьйгалхой?

[27] Амма вайна ХӀара мичара схьавеана хаьа. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг схьавеача, цхьанна а хуур дац, Иза мичара ву».

[28] ТӀаккха Ӏийсас, аз а айдина, Делан цӀийнан кертахь хьехамаш а беш, дӀакхайкхийра: «Со а вевза шуна, Со мичара ву а хаьа шуна. Ткъа Со Сайгара веана вац. Со Ваийтинарг шуна ца вевза, Иза билггал бакъ воллушехь.

[29] Суна вевза Иза, Со Цунах схьаваьлла дела а, Цо Со ваийтина дела а».

[30] Ӏийса схьалацархьама лийхира наха, амма цхьанна а стага Цунна тӀе куьг ца кховдийра, хӀунда аьлча Цуьнан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчнера.

[31] Ткъа тобанна юкъара дукхах болу нах тийшира Цунах. Цара бохура: «Дала леррина Къобалвинарг веача, Цо ХӀокхо гайтинчул сов гойтур юй те тамашийна билгалонаш?»

[32] ТӀаккха парушхошна Ӏийсах лаьцна дуьйцу иштта хабарш хезира тобанна юкъахь. Динан коьртачу дайша а, парушхоша а гӀаролхой бахийтира Ӏийса схьалацийтархьама.

[33] ТӀаккха Ӏийсас элира: «Кхин а кӀеззигчу хенахь Ӏийр ву Со шуьца, цул тӀаьхьа Со Ваийтинчунна тӀе гӀур ву Со.

[34] Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна Со, ткъа Со хир волчу метте шу дахкалур дац».

[35] ТӀаккха динан куьйгалхоша вовшашка элира: «Вайна карор а воцучу, стенга ваха воллу те Иза? Вайн махкара дӀа а бахана, грекахойн меттигашкахь Ӏаш болчу нахана тӀеваха-м ца воллу те Иза? Цигарчу нахана хьехам бан лаьий те Цунна?

[36] ХӀун маьӀна ду те Цо аьллачу дешнийн: „Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна, ткъа Со волчу метте шу дахкалур дац“?»

[37] Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тӀаьххьарчу дийнахь Ӏийсас, дӀа а хӀоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тӀе а дуьйлий, мала шайна.

[38] Сох тешначун, Делан Йозанашна тӀехь ма-аллара, кийрара „дийначу хин“ шовданаш оьхур ду».

[39] Иза Цо элира Шех тешаш болчара тӀеоьцур долчу Делан Синах лаьцна. Ткъа царна чохь хӀинца а Делан Са дацара, хӀунда аьлча Ӏийса Дас сийлалла даза вара.

[40] И дешнаш шайна хезча, нахах цхьаболчара олура: «Иза билггал ван веза пайхамар ву-кх».

[41] Вукхара олура: «Иза Дала леррина Къобалвинарг ву». Кхечара: «Галилай-махкара вогӀур ву ткъа Дала леррина Къобалвинарг?» – олура.

[42] «Делан Йозанаш тӀехь а аьлла дацара Дала леррина Къобалвинарг, Дауд-паччахь схьаваьлла волчу Байтлахам-гӀалара а волуш, Даудан хӀух хир ву?»

[43] ТӀаккха Ӏийса бахьана долуш адамийн тоба шина декъе екъаелира.

[44] Царах цхьаберш Ӏийса схьалаца лууш бара, амма цхьаммо а Цунна тӀе куьг ца кховдийра.

[45] Иштта и бахана болу гӀаролхой, юха а бирзина, динан коьртачу дайшна а, парушхошна а хьалха тӀебаьхкира. Вукхара хаьттира: «Схьа хӀунда ца валийна аша Иза?»

[46] Ткъа гӀаролхоша жоп делира: «ХӀинццалц цхьанна а стага ца дина-кх цу Стага динарг санна къамел».

[47] ТӀаккха парушхоша элира: «Шу а Ӏеха-м ца дина те Цо? – аьлла. –

[48] Куьйгалхойх я парушхойх цхьа а гиний шуна Цунах тешна?

[49] Амма оцу тобанна товрат-хьехам ца бевза, цундела Делан неӀалт ду царна тӀехь».

[50] ТӀаккха парушхойх волчу цхьаммо, хьалха Ӏийсана тӀевогӀуш хиллачу Нукха-Демис, элира:

[51] «Вайн товрат-хьехамо стаге ла а догӀале, цо хӀун леладо а хаале, кхел йо боху ткъа?»

[52] ТӀаккха парушхоша Нукха-Демига жоп делира: «Хьо-м вац те Галилай-махкара? Талла а таллий, хьажа, тӀаккха хуур ду хьуна, цхьа а пайхамар Галилай-махкара ца вогӀий».

[53] ТӀаккха хӀора а шен-шен цӀа дӀавахара.

Ӏийсас беана, Яхьъяс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters