Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 8:17

[1] Шена тӀаьхьахӀуьтту мурдаш а, шаьш хих чекхбохуьйту нах а Яхьъяна тӀаьхьахӀиттинчарал совбовлар парушхошна хааделлий хиъча, Ӏийсас ЯхӀуд-мохк битира.

[2] Ткъа нах хих чекхбахар Ӏийсас Ша ца дора, иза Цуьнан мурдаша дора.

[3] Ӏийса, ЯхӀуд-мохк битина, юха а Галилай-махка вахара.

[4] ТӀаккха Шамран-махкахула чекхвала дезара Цуьнан.

[5] Иштта Ӏийса Шамран-махкара Суьхьар олучу юьрта кхочу. Якъуба шен кӀантана Юсупна деллачу лаьттана юххехьа яра и юрт.

[6] Цигахь Якъуба яьккхина гӀу яра. Иштта, некъ а бина, кӀад а велла, оцу гӀуна уллохь хиъна Ӏаш вара Ӏийса. Иза де юккъе дахана хан яра.

[7] Цу гӀуна чуьра хи схьаэца цхьа шамранхойн зуда еара. Ӏийсас элира цуьнга: «Мала хи лохьа Суна».

[8] Цу хенахь Ӏийсан мурдаш яа хӀума эца юьрта баханера.

[9] Шамранхочо Ӏийсага элира: «Хьо жуьгти воллушехь, соьга, шамранхочуьнга, хи хӀунда доьху Ахь?» (Цу хенахь жуьгтийн шамранхошца уьйр яцара.)

[10] Ӏийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара».

[11] ТӀаккха цу зудчо элира: «Эла, Хьан и хи схьаэца пхьегӀа а ма яц, ткъа хӀара гӀу кӀорга а ма ю. Мичара ду Хьоьгахь „дийна хи“?

[12] Хьо хӀун, вайн дел Якъубал а лакхара ву, цо ша а, цуьнан кӀенташа а, цуьнан хьайбанаша а хи мийлина хилла йолу хӀара гӀу тхуна елла волчу?»

[13] Ӏийсас элира цуьнга: «ХӀара хи мелларг юха а хьаглур ву,

[14] ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дӀахӀуттур ду».

[15] Зудчо элира Ӏийсага: «Эла, лохьа суна и Айхьа дуьйцу хи, со хьогах ца хилийта а, со кхуза хӀара хи кхехьа ца эхийта а».

[16] Ӏийсас зудчуьнга элира: «Яло, хьайн майра а валош, юха схьайола кхуза».

[17] Зудчо жоп делира: «Сан майра вац». «Нийса боху ахь, хьан майра вац.

[18] ХӀунда аьлча хьан пхи майра хилла, ткъа хӀинца хьоьца Ӏаш верг хьан майра вац. Иза нийса элира ахьа», – элира Ӏийсас.

[19] ТӀаккха зудчо элира: «Эла, го суна Хьо пайхамар хилар.

[20] Тхан дай Далла Ӏибадат дан кху лам тӀе богӀура, ткъа аша и Ӏибадат дан деза меттиг Ярушалаймехь ю боху».

[21] Ӏийсас элира цуьнга: «Тешалахь Сох, зуда. ТӀейогӀуш ю и зама, адамаша шаьш Дена до Ӏибадат я кху лам тӀехь а, я Ярушалаймехь а дан ца дезаш.

[22] Шуна-м шайна а ма-дарра ца хаьа, шаьш Хьанна Ӏибадат до. Ткъа тхуна хаьа тхаьш Хьанна Ӏибадат до, хӀунда аьлча кӀелхьардовлар жуьгташкара ма ду.

[23] Амма тӀейогӀуш ю и зама, тӀееана а яьлла иза, шаьш баккъалла а Дена Ӏибадат дечу наха, синца а, бакъдолчуьнца а Ӏибадат деш. ХӀунда аьлча иштта Ӏибадат дийраш лоьху Шена Дас.

[24] Дела Ша а Са ду. Цундела Цунна Ӏибадат деш болчара синца а, бакъдолчуьнца а Ӏибадат дан деза».

[25] Зудчо элира Цуьнга: «Суна хаьа Машахь вогӀур вуй». – (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду). – «Ша веача, Цо дерриге а хьоьхур ду тхуна».

[26] Ӏийсас элира: «Хьоьца къамел деш волу Со ву-кх И Къобалвинарг».

[27] Цу хенахь Цуьнан мурдаш схьабаьхкира. Уьш цецбевллера, Ӏийсас зудчуьнца къамел деш шайна гича. Делахь а мурдех цхьаммо а ца хаьттира Цуьнга: «Хьуна хӀун лаьа?» я: «Ахь стенах лаьцна къамел до оцу зудчуьнца», – аьлла.

[28] ТӀаккха, шен хи кхоьхьу кхаба а йитина, юьрта а яхана, оцу зудчо нахе элира:

[29] «ГӀой, хьовсал, ас сайн дахарехь мел динчух лаьцна соьга схьадийцинчу Стаге. Дала леррина Къобалвинарг-м вац те Иза?»

[30] Юьртара ара а бевлла, и нах Ӏийсана тӀе бахара.

[31] Цу хенахь мурдаша дехар дира Цуьнга: «Рабби, хӀума яахьа!» – аьлла.

[32] Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Шуна хӀун ю а ца хууш йолу яа хӀума ю Соьгахь».

[33] ТӀаккха мурдаша вовшашка элира: «Цхьаммо яа хӀума-м ца еана те Кхунна?»

[34] Ӏийсас элира цаьрга: «Сан кхача бу Со Ваийтинчун лаам кхочушбар а, Цуьнан гӀуллакх чекхдаккхар а.

[35] Ялта дӀадуьйчу хенахь: „Кхин а цхьа биъ бутт баьлча, ялта хьокху хан тӀейогӀур ю вайна“, – ца олу аша? Иштта Аса а боху шуьга: шайн бӀаьргаш дӀа а беллий, кхаш тӀе хьовсал, ма кхиъна и ялта хьакха хӀинца.

[36] Ялта хьокхучо шена догӀург схьаоьцу, Дела волчохь хедар доцучу дахаре стом а гулбеш, ялта дӀадуьйчунна а, хьокхучунна а цхьаьна хазахетар хилийтархьама.

[37] ХӀунда аьлча нийса боху кицано: „Цхьаммо ялта дӀадоь, вукхо хьокху“.

[38] Аша шаьш къа ца хьегначу кха тӀе ялта хьакха дахийтина Аса шу. Кхечара къахьегна, ткъа аша цара къахьегначу кха тӀера ялта гулдина».

[39] Цу гӀалара дуккха а шамранхой тийшира Ӏийсах, оцу зудчо шайга тоьшалла а деш: «Сайн дахарехь ас мел динчух лаьцна схьадийцира Цо соьга», – аьлла дела.

[40] Цундела Ӏийса волчу баьхкира и шамранхой. Цара, шайца саца аьлла, дийхира Ӏийсага. ТӀаккха Ӏийса шина денна цаьрца сецира.

[41] Ӏийсан дош бахьана долуш кхин а, хьалхачул а сов, нах тийшира Цунах.

[42] Ткъа цу зудчуьнга цара элира: «Хьалха ахь дийцарна тийшира тхо. ХӀинца тхуна тхаьшна а Цо дуьйцург хезна а дела, и Стаг баккъалла а дуьне кӀелхьардоккхург вуй го а дела, теша тхо Цунах».

[43] И ши де чекхдаьлча, Ӏийса, цигара ара а ваьлла, Галилай-махка вахара.

[44] ХӀунда аьлча Ӏийсас Ша тоьшалла дира, пайхамарийн шаьш схьабаьллачу махкахь сий ца до аьлла.

[45] Ӏийса Галилай-махка веача, галилайхоша а тӀеийцира Иза. ХӀунда аьлча царна гинера Ярушалаймехь дезачу дийнахь Ӏийсас дина гӀуллакхаш. Галилайхой а баханера цу Пасахь-дийнахь Ярушалайме.

[46] Иштта Ӏийса юха а Галилай-махкара Кхана олучу юьрта веара, Ша цкъа хих чагӀар дина хиллачу меттиге. Цу хенахь Къапарнамехь цхьа стаг вара, ша паччахьан белхало а волуш. Цуьнан кӀант цомгуш вара.

[47] Ӏийса ЯхӀуд-махкара Галилай-махка веана аьлла, хезира цу стагана. ТӀаккха, Ӏийсана тӀе а веана, цу стага дийхира Цуьнга, шеца дӀа а веана, и кӀант туовар. ХӀунда аьлча и кӀант вала герга вара.

[48] ТӀаккха Ӏийсас цу стаге элира: «Я тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш, я Ӏаламаташ ца гича, тешар дац-кх шу Сох».

[49] Ткъа цу стага дийхира Ӏийсага: «Эла, сан кӀант велла дӀавалале, тӀеволахьа!» – аьлла.

[50] Ӏийсас элира цуьнга: «ДӀагӀо, хьан кӀантана гӀоле ю». Ӏийсас аьллачух теша а тешна, и стаг дӀавахара.

[51] Иза цӀа воьдуш, дуьхьалбогӀучу леша: «Хьан кӀантана гӀоле ю», – элира.

[52] Стага хаьттира цаьрга: «Маца хена дуьйна гӀоле хила йолаелира кӀантана?» Леша жоп делира: «Селхана, делкъахенахь, цхьа сахьт даьлча, дагар дӀаделира цуьнан», – аьлла.

[53] ТӀаккха хиира кӀентан дена, иза шега Ӏийсас: «Хьан кӀантана гӀоле ю», – аьллачу хенахь хиллий. ТӀаккха и стаг а, цуьнан цӀахь мел берш а тийшира Ӏийсах.

[54] Иштта, Ша ЯхӀуд-махкара Галилай-махка веача, шолгӀа а тамашийначу гӀуллакхийн билгало гайтира Ӏийсас.

Ӏийсас беана, Яхьъяс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters