[1] «Сингаттаме ма хуьлийла шун дегнаш. Делах а тешалаш, Сох а теша.
[2] Сан Ден цӀахь дуккха ю чоьнаш. Со шуна меттиг кечъян воьду. Иза иштта дацахьара, Ас и эр дацара шуьга.
[3] Аса, ваха а вахана, шуна меттиг кечйина яьлча, тӀаккха юха а веана, Со волчу дӀадуьгур ду шу, шу а Со волччохь хилийтархьама.
[4] Со воьдучу метте болу некъ а бевза шуна».
[5] ТӀаккха ТӀамас элира Цуьнга: «Веза Эла, тхуна-м ца хаьа, Хьо стенга воьду, тхуна муха бевзар бу и некъ?»
[6] Цунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тӀе, Соьгахула бен.
[7] Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара шуна. Ткъа хӀинца дуьйна дӀа Иза вовза а вевзина, ган а гина шуна».
[8] Пилапа элира Ӏийсага: «Веза Эла, гайтахьа тхуна Да, иза тоьар дара-кх тхуна тӀаккха».
[9] Ӏийсас элира цуьнга дуьхьал: «Оццул дукха хенахь дуьйна ву Со шуьца, ткъа хӀинца а ца вевза хьуна Со, Пилап? Со гиначунна Да а гина, ткъа ахьа и муха боху: „Гайтахьа тхуна Да“?
[10] Ткъа хьо ца теша, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а? Аса шуьга олу дешнаш Соьгара дац. Соьца хуьлуш волчу Сан Дас деш ду и Шен гӀуллакхаш.
[11] Тешалаш Сох, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а. Ткъа шу цунах ца тешахь, Ас дечу гӀуллакхашкахула мукъана а теша Сох.
[12] Бакъдерг боху Ас шуьга: и Ас дийриг Сох тешачуьнга а далур ду. Кхин а сов гӀуллакхаш далур ду цуьнга, хӀунда аьлча Со Сайн Да волчу воьду.
[13] ТӀаккха аша Сан цӀарах деххнарг Ас кхочушдийр ду, Ден сийлалла Цуьнан КӀантехула гучуяккхархьама.
[14] Ткъа аша хӀуъа а Сан цӀарах дехахь, Ас кхочушдийр ду иза».
[15] «Нагахь шуна Со везахь, Ас шайна тӀедиллина гӀуллакхаш а кхочушде аша.
[16] Ткъа Аса Дега доьхур ду, тӀаккха Цо кхин „гӀо Дийриг“ лур ву шуна, Иза абаде кхаччалц шуьца хилийта.
[17] Билггал бакъдерг гойту Са лур ду шуна, дуьнене тӀеэцалур доцу, шена Иза ган а ца го дела а, И довза а ца девза дела а. Ткъа шуна девза Иза, И шуьца долу дела а, шуна чохь И хир долу дела а.
[18] Байлахь дуьтур дац Ас шу. ВогӀур ву Со шу долчу.
[19] Кестта дуьненна гур вац Со, амма шуна гур ву Со. Соьца дахар хиларна, шу а дехар ду.
[20] Цу дийнахь хуур ду шуна Со Сайн Деца хилар а, шу Соьца хилар а, Со а шуьца хилар а.
[21] Ас тӀедиллина гӀуллакхаш тӀе а оьцуш, уьш кхочушдеш верг ву Со везарг. Ткъа Со везнарг Сан Дена а везар ву. Суна а везар ву иза, Аса Со гойтур ву цунна».
[22] Искархо а воцуш, кхечу ЯхӀуда элира Ӏийсага: «Веза Эла! И хӀун ду? Хьо тхуна хӀунда гайта воллу Хьо, дуьненна а ца гойтуш?»
[23] Ӏийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гӀур ду, ваьшна хӀусам а йийр ю цигахь.
[24] Со ца везачо Сан дешнаш а тӀе ца оьцу. Ткъа шуна хезаш долу дош Сан дац. Иза Со ваийтинчу Ден ду.
[25] ХӀара Ас дийцира шуьга, Со шуьца а волуш.
[26] Ткъа шуна гӀо Дийриг, Шен Са, доуьйтур ду Сан Дас. Сан дуьхьа доуьйтур долчу цу Делан Сино хьоьхур ду шуна массо хӀума а. Ас шуьга мел дийцинарг дага а доуьйтур ду Цо шуна.
[27] Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш.
[28] Шуна хезира-кх Ас шуьга аьлларг: „Со дӀавоьду, юха а вогӀур ву Со шу долчу“. Со шайна везахьара, хазахетар дара шуна Со Дена тӀевоьдуш хилар, Сан Да Сол лакхара волу дела.
[29] ХӀинца, хьалххе, и хилале, дӀахоуьйту Ас шуьга, тӀаьхьа и кхочушхилла даьлча, шу тешийтархьама.
[30] Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хӀунда аьлча кху дуьненан эла схьавогӀу, ткъа цуьнан Суна тӀехь олалла дац.
[31] Амма дуьненна а Суна Сайн Да везий хаийта, Сайна тӀедехкина гӀуллакхаш, Цо ма-бохху, кхочуш до Ас. ХьалагӀовтта. Кхузара дӀадоьлху вай».