Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 7:58

[1] Бет-ХӀина олучу юьртахь Ӏаш вара, ЛаӀзар цӀе а йолуш, цхьа хьенех. Иза чӀогӀа цомгуш вара. И Бет-ХӀина олу юрт яра Марем а, цуьнан йиша Марта а ехаш йолу меттиг.

[2] Ткъа и Марем яра, Везачу Элана тӀе хаза хьожа йогӀу деза даьтта а доьттина, Цуьнан когаш шен коьртан месашца бакъон берг. Ткъа и цомгушниг Мареман ваша ЛаӀзар вара.

[3] Цу йижарша хабар дахьийтира Ӏийсана тӀе: «Эла, хӀара Хьуна везаш верг цомгуш ву», – аьлла.

[4] И хаам Шена хезча, Ӏийсас элира: «И цамгар Ӏожаллина яц, амма цуьнгахула Делан КӀентан сийлалла гайтархьама ю».

[5] Ӏийсана езара Марта а, цуьнан йиша а, ЛаӀзар а.

[6] Ткъа ЛаӀзар цомгуш ву аьлла Шена хезна доллушехь, кхин а ши де даьккхира Ӏийсас оцу Ша волчу меттехь.

[7] Цул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Юха а ЯхӀуд-махка гӀо вай».

[8] Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Рабби! Дукха хан ма яц яхӀудхоша Хьуна тӀулгаш детта дагахь Хьо лехна. Ткъа Хьо юха а ваха воллу?»

[9] Ӏийсас жоп делира: «Шийтта сахьт дац денна чохь? Дийнахь лелаш верг гал ца волу, хӀунда аьлча цунна кху дуьненан серло го.

[10] Амма буьйсанна лелаш верг галволу, хӀунда аьлча цуьнца серло ца хуьлу».

[11] Иза а аьлла, юха а тӀетуьйхира Ӏийсас: «Вайн доттагӀа ЛаӀзар наб еш ву, ткъа Со иза самаваккха воьду».

[12] Мурдаша элира Цуьнга: «Эла! Нагахь цунна наб кхеттехь, толур ма ву иза».

[13] Амма Ӏийсас ЛаӀзаран валарх дуьйцура, ткъа мурдашна моьттура Ӏийсас ЛаӀзарна наб кхетта боху.

[14] ТӀаккха Ӏийсас дуьххьал дӀаэлира цаьрга: «ЛаӀзар дӀакхелхина.

[15] Ткъа цигахь цахиларна воккхавеш ву Со шун дуьхьа, шу Сох тешийтархьама. Ткъа хӀинца гӀо вай и волчу».

[16] ТӀаккха ТӀамас, шех Шалавинарг олуш волчо, элира вукху мурдашка: «Вай а доьлху цига, Цуьнца цхьаьна далархьама».

[17] Схьакхаьчначу Ӏийсана диъ де хьалха дуьйна къуббанна чохь Ӏуьллуш карийра ЛаӀзар.

[18] Бет-ХӀина олучу гӀалина а, Ярушалаймана а юкъахь кхо чаккхарма хиллал некъ бара.

[19] Дукха яхӀудхой баьхкинера Мартина а, Маремна а тӀе церан ваша ЛаӀзар кхалхар бахьана долуш кадам бан.

[20] Ӏийса вогӀуш ву аьлла хезна, Марта Цунна дуьхьалъяхара. Ткъа Марем цӀахь йисира.

[21] ТӀекхаьчча, Мартас Ӏийсага элира: «Эла, нагахь Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша.

[22] Амма суна хӀинца а хаьа-кх Ахь Деле мел дехнарг Дала Хьуна лург хилар».

[23] Ткъа Ӏийсас элира цуьнга: «Денлур ву хьан ваша».

[24] Мартас элира Ӏийсага: «Нах денлур болчу тӀаьхьарчу дийнахь иза а денлур вуй хаьа суна».

[25] Ӏийсас элира цуьнга: «Со ву адамаш ден Дийриг а, адамашна дахар Лург а. Сох тешаш волчун, нагахь и велча а, цкъа а хедар доцу дахар хир ду.

[26] Муьлхха а, и хедар доцу дахар а долуш, Сох тешаш верг цкъа а лийр вац. Теший хьо оцунах?»

[27] Мартас жоп делира: «ХӀаъ, Веза Эла! Со теша Хьо Дала леррина Къобалвинарг а, дуьнен чу ван везаш волу Делан КӀант а вуйла».

[28] Иза а аьлла, яхана шен йиша Марем схьа а кхайкхина, цуьнга къайлаха элира Мартас: «Устаз кхузахь ву, Хьоьга кхойкху Цо».

[29] И хезча, Марем, сихха хьала а гӀаьттина, Ӏийсана тӀеяхара.

[30] Ӏийса хӀинца а юьрта чу кхачаза вара. Иза хӀинца а Марта Шена дуьхьалкхетта хиллачу меттехь лаьтташ вара.

[31] ТӀаккха Марем, сихха хьала а гӀаьттина, араяьлча, цунна синтем беш баьхкина болчу яхӀудхошна иза къуббанна тӀейоьдуш ю моьттира, цигахь елхархьама. Уьш Маремана тӀаьххье бахара.

[32] Ткъа Марема, Ӏийса волчу дӀакхаьчча, Иза а гина, Цуьнан когашка а йоьжна, элира: «Эла! Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша».

[33] Йоьлху Марем а, боьлху цуьнца баьхкина яхӀудхой а гина, са карзахдаьлла, дог доьхна вара Ӏийса.

[34] Ӏийсас элира: «Мичахь охьавиллина аша иза?» Цара жоп делира: «ГӀой, хьажахь, Эла!»

[35] Ӏийсан бӀаьргех хиш деара.

[36] ТӀаккха яхӀудхоша бохура: «Ма везаш хилла Цунна иза!»

[37] Амма яхӀудхойх цхьаболчара бохура: «Оцу бӀаьрзечу стеган бӀаьргаш схьабиллинчу Кхуьнан хӀара стаг ца валийта а ницкъ ца кхечира те?»

[38] Ӏийса, юха а Шен дог доьхна а волуш, къуббанна тӀевеара. Иза хьех яра, дуьхьал биллина тӀулг а болуш.

[39] ТӀаккха Ӏийсас элира: «ДӀакарчабе и дуьхьалара тӀулг». Веллачун йишас Мартас элира Ӏийсага: «Эла! Вон хьожа йогӀу цунах, хӀара доьалгӀа де ма ду иза дӀавоьллина».

[40] Ӏийсас элира цуьнга: «Хьоьга ца аьлла Аса, нагахь хьо тешахь, Делан сийлалла гур ю хьуна?»

[41] ТӀаккха тӀулг дӀакарчийра. Ткъа Ӏийсас, бӀаьргаш хьала а хьажийна, элира: «Дада! Баркалла боху Ас Хьуна, Со Хьуна дӀахазарна.

[42] Суна-м хаьара, Хьуна гуттара а Со дӀахезий. Амма кху гонах лаьттачу нехан дуьхьа элира Ас иза, Со Ахь ваийтина хиларх уьш тешийтархьама».

[43] Иза а аьлла, Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «ЛаӀзар! Аравала!» – аьлла.

[44] ТӀаккха и велла хилларг, куьйгех а, когех а йихкина кисин асанаш а йолуш, дӀахьарчийна корта а болуш, къуббанна чуьра аравелира. Ӏийсас элира цаьрга: «ДӀа а вастий, дӀавахийта иза».

[45] ТӀаккха Марем йолчу баьхкинчу яхӀудхойх дукхахберш, Ӏийсас динарг а гина, тийшира Цунах.

[46] Ткъа царах цхьаберш парушхошна тӀебахара. Ӏийсас динарг дийцира цара парушхошка.

[47] ТӀаккха динан коьртачу дайша а, парушхоша а, коьртачу кхеташо а гулйина, элира: «ХӀун дийр дара те вай? ХӀунда аьлча хӀокху Стага дукха тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш ма гойту?

[48] Нагахь вай Иза иштта витахь, массо а нах Цунах тешар бу. ТӀаккха, римхой а баьхкина, цара вайн Делан цӀа а, вайн халкъ а хӀаллакдийр ду».

[49] Царах цхьаммо, цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбас, элира: «Шуна хӀумма а ца хаьа,

[50] я шу кхета а ца кхета шайна гӀоле йолчух. И цхьа стаг массо а халкъан дуьхьа валар гӀоле ю, дерриг халкъ хӀаллакьхуьлучул».

[51] Иза Кайбас ша-шегара ца элира. Амма ша цу шарахь динан коьрта да хиларна, цо Делера болу хаам бовзуьйтуш, аьллера, Ӏийса вайн халкъан дуьхьа лийр ву аьлла.

[52] Амма халкъан дуьхьа хилла а ца Ӏаш, дӀасадаьржина долу массо а Делан бераш схьа а гулдина, уьш цхьаьнатохархьама а хила дезаш дара иза.

[53] Цу дийнахь дуьйна Ӏийса вен сацам бира цара.

[54] Цундела Ӏийсас Ша яхӀудхошна юкъахь лелаш ца гойтура. Цигара дӀа а ваьлла, яьссачу аренна гергахьа болчу махка вахара Ӏийса. Цигахь Эпрам олучу юьртахь сецира Иза Шен мурдашца.

[55] Ткъа тӀедан герга дара жуьгтийн Пасахь олу деза де. И деза де тӀекхачале, оцу махкара дукха адам деара Ярушалайме, дино ма-бохху цӀандалархьама.

[56] Цу адамаша Делан цӀийнан кертахь Ӏийса лоьхура. Цигахь шаьш лаьтташ, наха вовшашка хоьттура: «Шуна муха хета? ВогӀур-м вац те Иза кху дезачу дийнахь?»

[57] Ткъа динан коьртачу дайша а, парушхоша а нахе омра дира, нагахь цхьанна Ӏийса мичахь ву хаалахь, И волу меттиг схьайийца аьлла, Иза лацархьама.

Ӏийсас беана, Яхьъяс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters