[1] ТӀаккха кхоалгӀачу дийнахь Галилай-махкара Кхана-юьртахь зуда ялош хӀоттийна той дара. Ӏийсан нана а яра цигахь.
[2] Цига кхайкхина бара Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а.
[3] ТӀаккха, той дӀа а дохале, чагӀар чекхдолу а гина, Ӏийсан нанас элира Цуьнга: «ЧагӀар чекхдели-кх кхеран».
[4] Ткъа Ӏийсас элира: «Нана, Суна тӀе хӀунда дуьллу ахьа и гӀуллакх? Сан хан хӀинца а тӀееана яц».
[5] ТӀаккха ялхошка нанас элира: «Цо шайга де аьлларг дерриг а де».
[6] Цигахь лаьтташ тӀулгах йина ялх кхаба яра. Цу кхабанаш чу иттех-пхийттех саьхьан барам хиллал хи тарлора. Жуьгташа куьйгийн цӀанонна а, юург лелочу пхьегӀашна а лелош дара и хи.
[7] Ӏийсас ялхошка элира: «И кхабанаш хих юза». Цара уьш тӀеххалц хих юьзира.
[8] ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас цаьрга: «Кхаби чуьра чагӀар а доттий, иза той дӀакхоьхьуш волчуьнга кховдаде». Ялхоша чагӀар тӀедаьхьира.
[9] Той дӀахьочо чагӀарх чам баьккхира. Ткъа и чагӀар хих даьккхина дуй ялхошна бен ца хаьара. ТӀаккха той дӀахьочо зудаялийнарг шена тӀекхайкхира.
[10] Зудаялийначуьнга цо элира: «Массара а хьалха дика чагӀар ло мала, ткъа нах бехначул тӀаьхьа вониг ло. Ахь дика чагӀар хӀинццалц ма-латтийна?»
[11] Иштта Галилай-махкара Кхана олучу юьртахь дӀадолийра Ӏийсас тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гайтар. Шен Делера болу олаллин ницкъ гайтира Цо, тӀаккха тийшира Ӏийсах Цуьнан мурдаш.
[12] Цул тӀаьхьа Ӏийса Къапарнаме веара. Цуьнан нана а, Цуьнан вежарий а, Цуьнан мурдаш а баьхкира Цуьнца цига. Масех де даьккхира цара цигахь.
[13] «Пасахь» олу жуьгтийн деза де тӀедогӀуш дара. ТӀаккха Ӏийса Ярушалайме веара.
[14] Делан цӀийнан керта веача, цигахь Ӏийсана гира стерчий а, уьстагӀий а, кхокхарчий а духкуш берш. Ахчанаш хуьйцуш берш а бара цу кертахь хиъна Ӏаш.
[15] ТӀаккха тӀийрагех муш а бина, уьш массо а аралаьхкира Ӏийсас шайн уьстагӀашца а, стерчашца а. ГӀопастанаш дӀа а карчийна, ахча хуьйцучеран ахчанаш а охьаэгийра Цо.
[16] Кхокхарчий духкучаьрга а элира Ӏийсас: «ДӀадаха хӀорш кхузара! Ма диэ Сан Ден цӀийнах йохкаэцаран цӀа!»
[17] ТӀаккха Ӏийсан мурдашна Делан Йозанаш тӀехь яздинарг дагадеара: «Хьан цӀийне болчу хьагамо Сан кийра багабо».
[18] Цунна дуьхьал динан куьйгалхоша элира Ӏийсага: «Иштта хӀума дан хьайн олалла дуй хоуьйтуш хӀун тамашийна билгалонаш гойтур яра Ахь тхуна?»
[19] Ӏийсас жоп делира царна: «Аш хӀара Делан цӀа дохаде, ткъа Ас кхаа дийнахь дина дӀахӀоттор ду иза», – аьлла.
[20] ТӀаккха динан куьйгалхоша элира Цуьнга: «ХӀара Делан цӀа шовзткъе ялх шарахь дина дӀахӀоттийна, ткъа Ахь кхаа дийнахь дӀахӀоттор ду иза?»
[21] Амма Ӏийсас Делан цӀийнах лаьцна бохург Шен дегӀах лаьцна бохург дара.
[22] Ӏийса веллачуьра денвича, Цуьнан мурдашна Цо аьлла и дешнаш дагадеара. ТӀаккха тийшира уьш Делан Йозанех а, Ӏийсан дашах а.
[23] Пасахьан дезачу дийнахь, Ӏийса Ярушалаймехь волуш, Цо деш долчу тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш а гина, дукхахберш тийшира Цунах.
[24] Амма Ӏийсас Ша цхьанна а кӀорггера ца вовзуьйтура, хӀунда аьлча Цунна уьш берриш бевзаш а бара, церан дегнаш гуш а дара.
[25] Цундела Ӏийсага цхьана а адамах лаьцна тоьшаллаш дан оьшуш дацара. Цунна Шена хаьара адамна чохь дерг.