[1] И дешнаш а аьлла, Шен бӀаьргаш стигала хьала а хьажийна, Ӏийсас элира: «Дада! ТӀедеана и сахьт. Гайтахьа Хьайн КӀентан сийлалла, Цуьнга а Хьайн сийлалла гайтийта.
[2] ХӀунда аьлча массо а адамна тӀехь олалла дан бакъо елла Ахь Цунна, Ахьа Шена беллачарна массарна а Хьо волчохь хедар доцу дахар Цуьнга далийтархьама.
[3] Ткъа Хьо волчохь хедар доцу дахар бохург ду: цхьаъ бен воцу бакъволу Дела волу Хьо а, Ахьа дуьнен чу вахийтина волу Айхьа леррина къобалвина волу Ӏийса а вовзар.
[4] Ахьа Сайна тӀедиллина гӀуллакх кхочуш а дина, кху лаьттахь Хьан сийлалла гайти Ас.
[5] Ткъа хӀинца, Дада, Ахьа сийлахьвехьа Со Хьайна хьалха, дуьне кхоллале дуьйна а, Хьо волчохь Сан хилла долчу сийлаллица.
[6] Ахьа кху дуьнен чохь Сайна делла долчу адамашна, гучуяьккхира Ас Хьан цӀе. Уьш Хьан дара, ткъа Ахьа Суна деллера уьш. Цара Хьан дош лардира.
[7] Ткъа хӀинца хаьа царна дерриг Ахь Суна делларг Хьоьгара хилар.
[8] И Ахь Суна делла дешнаш Ас цаьрга дӀаделла. Ткъа цара и дешнаш тӀеийцира. Уьш кхийтира, баккъал а Со Хьох схьаваьллий. Уьш тийшира Со Ахьа вахийтина хиларх.
[9] Ас доьху Хьоьга царна тӀера. Ас ца доьху дуьненарчу дерриге а адамашна тӀера, амма Ахь Суна деллачарна тӀера, уьш Хьан долу дела.
[10] Сан мел дерг Хьан ду, ткъа Хьайниг Сан ду. Цаьргахула Сан сийлалла гучуяьлла.
[11] Со хӀинца дуьйна кху дуьненахь хир вац, амма уьш дуьненахь бу. Ткъа Со Хьо волчу вогӀу. Веза Дада! И Айхьа Суна белларш Хьайн цӀеран олаллица Ӏалашбехьа, Ахьа Суна белла болу уьш а, Вайшиъ санна, цхьаалла йолуш хилийтархьама.
[12] Со цаьрца дуьнен чохь волчу хенахь, Ахьа Суна деллачу Хьан цӀеран олаллица Ас уьш Ӏалашбира. Царах цхьа а Ас ца вайира, хӀаллакьхила везаш волу стаг воцург, Делан Йозанаш тӀехь дерг кхочушхилийтархьама.
[13] Ткъа хӀинца Хьуна тӀевогӀу Со. Амма хӀара Ас хӀинца Со дуьненахь волуш боху, Сан хазахетар ма-дарра, церан дегнаш чохь иза дуьззина хилийтархьама.
[14] Ас Хьан дош царна деара, амма дуьненна и адамаш ца дийзира, уьш, Со санна, кху дуьненара доцу дела.
[15] Ас ца доьху Ахь и нах кху дуьненара дӀаэцар, амма доьху Ахь уьш вонах ларбар.
[16] Уьш а, Со санна, кху дуьненах бац.
[17] Хьайн билггал долчу бакъдолчуьнца уьш Хьайн дола бахахьа. Хьан дош ду бакъдерг.
[18] Ахьа Со дуьнен чу ваийтаре терра, Ас уьш а хьажабо дуьнен чу.
[19] Аса церан дуьхьа Со дӀало Хьан дола, уьш а бакъдолчуьнца Хьан дола бахийтархьама.
[20] Ас доьху Хьоьга, деккъа церан дуьхьа а доцуш, амма церан дешнашкахула Сох тешар долчеран дуьхьа а.
[21] Ас доьху уьш берриш цхьаъ хилийта. Хьо, Сан Дада, Соьца а, Со Хьоьца а санна, уьш а Вайца хилийтахь, Со Ахь ваийтина хиларх дуьне тешийтархьама.
[22] Ахь Суна делла долу сийлалла Ас царна а делла, уьш а, Вайшиъ санна, цхьаъ хилийтархьама.
[23] Со цаьрца а, Хьо Соьца а санна, хуьлийла уьш а кхоччуш цхьаалла йолуш, дуьне тешийтархьама Ахьа Со вахийтина хиларх а, Со санна, Хьуна уьш безна хиларх а.
[24] Дада! И Ахь Суна белларш Со волчохь Соьца хила лаьара Суна. Царна а ган лаьа Суна Ахь делла долу сийлалла, хӀунда аьлча Хьуна Со дуьне кхоллале дуьйна а везнера.
[25] Бакъволу Дада! Дуьненна ца вевзира Хьо, ткъа Суна вевза Хьо. Ахьа къастийначарна а хиира Ахь Со ваийтина хилар.
[26] Аса гучуяьккхира царна Хьан цӀе, хӀинца чул тӀаьхьа а гучуйоккхур ю, Хьан Соьга боллу безам церан хилийта а, Со цаьрца хилийта а».