Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:52

[1] «Со кемсийн бакъйолу таьлланг ю, ткъа Сан Да кемсийн беш Лелорхо ву.

[2] Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дӀахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цӀандо, алссам стоьмаш хилийта.

[3] Ас шуна хьехначу дашехула хӀинца шу цӀена ду.

[4] Шу Соьца хила, ткъа Со Шуьца хир ву. Гаьнно, ша таьлланг тӀехь ца хилча, ша-шегара стом ца кхиоре терра, иштта шу а хир ду, шу Соьца ца хилча.

[5] Со кемсийн таьлланг ю, ткъа шу гаьннаш ду. Муьлххачо а ша Соьца волчо а, Со шеца волчо а шортта стоьмаш кхиор бу. Со воцуш шуьга хӀумма а далур дац.

[6] Милла а Соьца воцург кхоьссина дӀа а вохуьйту, и га санна, иза вакъа а ло. ТӀаккха и гаьннаш, гулдина, цӀерга кхуьссу. Уьш цӀергахь догу.

[7] Нагахь шу Соьца а хилахь, Сан дешнаш шуьца а хилахь, шайна луъург дерриге а деха, иза хир ду шуна.

[8] Шортта стом а луш, шу Сан мурдаш хилча, Сан Ден сийлалла гучуйолу.

[9] Сан Дена Со везаре терра, Суна шу а дезна. Хуьлийла шу а Сан безамехь.

[10] Аса шайна тӀедехкинарш аша кхочушдеш хилча, Сан безамехь хир ду шу, Сан Ден безамехь Со хиларе терра, Аса а Сайн Дас тӀедехкинарш нийсса кхочушдина дела.

[11] ХӀара элира Ас шуьга, Сайн хазахетар шуна чохь хилийтархьама а, и шун хазахетар дуьззина хилийтархьама а.

[12] ХӀара ду Ас шуна тӀедуьллург: „Дезийла шуна вовшийн, Суна шу дезадаларе терра“.

[13] Шен доттагӀашна хьалхара шен са а дӀадаллал болчу безамал сов безам цхьанна а хир бац.

[14] Шу Сан доттагӀий ду, нагахь аша Ас тӀедиллина гӀуллакх кхочушдахь.

[15] ХӀинца ца олу Ас шух ялхой, хӀунда аьлча ялхочунна шен олахочо дийриг ца хаьа. Амма шух Ас доттагӀий аьлла, Сайн Дегара хезнарг дерриге а Ас шуьга дӀахаийтина дела.

[16] Аша Со ца хаьржина, амма Ас, харжа а хаьржина, дӀахӀиттийна шу. Ас шу къобалдина, шу дахханчохь, шуьга лаьттан стоьмаш кхиадайта. ТӀаккха аш Сан цӀарах хӀуъа а Сан Дега деххнарг Цо шуна лур ду.

[17] Ткъа хӀара тӀедуьллу Ас шуна: вовшийн дезалаш».

[18] «Дуьненна шаьш ца дезалахь, хаалаш, шул хьалха Со а дуьненна ца везна хилар.

[19] Шу кху дуьненара делахьара, цу дуьненна шу, шайнаш санна, дезар дара. Амма шу кху дуьненан долахь дац. Ас шу дуьненна юккъера схьахаьржина долу дела, ца деза шу дуьненна.

[20] Дагахь латтаделаш Аса шайга аьлла дош: „Ялхо шен олахочул лакхара вац“. Нагахь Соьга халонаш хьегийтинехь, шуьга а хьоьгуьйтур ю. Нагахь Сан дош нийсса кхочушдеш хиллехь, шун дош а кхочушдийр ду.

[21] И дерриг а дийр ду шуна Сан цӀе бахьана долуш, хӀунда аьлча Со Ваийтинарг царна ца вевза.

[22] Нагахь Аса, веана, цаьрга ца дийцинехьара, уьш шайн къиношна бехке хир бацара. ХӀинца шайн къиношна уьш бехказа бац.

[23] Со ца везачунна Сан Да а ца веза.

[24] Нагахь Ас кхин цхьаммо а дина доцу гӀуллакхаш царна юкъахь ца динехьара, тӀаккха царна тӀехь къа а хир дацара. Ткъа хӀинца, и гӀуллакхаш шайна гина доллушехь, ца вийзира царна Со а, Сан Да а.

[25] Амма иза хилира, церан товрат-хьехамаш тӀехь яздинарг кхочушхилийта: „Со ца веза бахьана дацара церан“.

[26] Ас воуьйтур ву шуна Сайн Дегара гӀо Дийриг – Дегара схьадолу бакъдерг гойту Са доуьйтур ду шуна. Цо, деача, тоьшалла дийр ду Сох.

[27] Ткъа шаьш юьххьехь дуьйна а Соьца хиларна, аша а тоьшалла дийр ду Сох».

Ӏийсас беана, Яхьъяс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters