Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:02

[1] Ткъа кӀирандийнахь, хьалххе, са а тасале, Магдал-юьртара Марем къубба йолчу еара. Цигахь къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀакарчийна гира Маремана.

[2] ТӀаккха Марем, едда, Кипина а, Ӏийсана къаьсттина везаш хилла волчу кхечу мурдана а тӀееара. Цо элира цаьрга: «Веза Эла къуббанна чуьра дӀаваьхьна, ткъа Иза мича охьавиллина ца хаьа».

[3] ТӀаккха Кипа а, и важа мурд а, ара а ваьлла, къубба йолчу вахара.

[4] И шиъ цхьаьна ведира, амма важа мурд, сихо ведда, Кипел хьалха а ваьлла, къубба йолчу хьалха кхечира.

[5] ТӀаккха охьатаьӀначу мурдана Ӏохкуш кӀадинан кескаш гира, амма иза цу чу ца велира.

[6] Цул тӀаьхьа ШамӀа-Кипа а схьакхечира цу мурдана тӀаьххье. Къуббанна чуваьллачу Кипина а гира Ӏохкуш йолу еккъа кӀадинан кескаш.

[7] Ӏийсан коьртах хьарчийна хилла долу йовлакх, цу кескашца а доцуш, хьарчийна ма-хиллара, къаьсттина, кхечу меттехь Ӏуьллуш дара.

[8] Цу хенахь хьалхаваьлла схьакхаьчна волу важа мурд а къуббанна чувелира. Иза, и дерриг ган а гина, тийшира.

[9] ХӀунда аьлча уьш хӀинца а Делан Йозанаш тӀехь яздина долчу Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвала везарх ца кхетара.

[10] Иштта мурдаш юхабирзира.

[11] Ткъа Марем къуббанна уллохь йоьлхуш лаьттара. Йоьлхуш йолу иза къуббанна тӀе охьатаьӀира.

[12] Цу хенахь Маремана, тӀехь кӀайн хӀуманаш а йолуш, хиъна Ӏаш ши малик гира: царах цхьаъ коьртехь, важа когашкахь дара Ӏийса охьавиллина хиллачу меттехь.

[13] ТӀаккха цара Мареме элира: «Зуда! Хьо хӀунда йоьлху?» Марема жоп делира: «Сан Веза Эла дӀа а ваьхьна, Иза мичахь охьавиллина сайна ца хаьа дела, йоьлху со».

[14] И аьлла, Марем юхахьаьжча, лаьтташ волу Ӏийса гира цунна. Маремана ца хаьара Иза Ӏийса вуйла.

[15] Ӏийсас элира цуьнга: «Зуда, хьо хӀунда йоьлху? Ахьа мила лоьху?» Ткъа Марема, Иза бешахо ву моттаделла, элира Цуьнга: «Сан ваша, Иза ахьа дӀаваьхьнехь, алахь соьга, ахьа Иза мича охьавиллина, аса Иза схьаоьцур вара».

[16] Ӏийсас элира цуьнга: «Марем!» Ткъа Марема, юха а йирзина, арамхойн маттахь элира Цуьнга: «Раббуни!» (иза «Устаз» бохург ду).

[17] ТӀаккха Ӏийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хӀунда аьлча Со хӀинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тӀе а гӀой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тӀе а, Сайн Далла а, шун Далла а тӀе хьалаволу Со“».

[18] ТӀаккха Магдалера Марема, яхана, мурдашка дӀахаийтира шена Веза Эла гар а, Цо шега аьлларг а.

[19] Оцу кӀирандийнахь, суьйранна, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна, неӀ дӀакъевлина уьш Ӏаш болуш, чу а ваьлла, юкъаметте дӀа а хӀоьттина, Ӏийсас мурдашка элира: «Машар хуьлда шуьца!»

[20] И аьлла, Шен куьйгаш а, агӀо а гайтира Цо. Веза Эла гича, чӀогӀа хазахеттера мурдашна.

[21] ТӀаккха юха а элира Ӏийсас цаьрга: «Маршо хуьлийла шуьца! Со Дас ваийтаре терра, Аса шу а дохуьйту!»

[22] И аьлла, Ӏаь а тоьхна, Ӏийсас элира: «ДӀаэца Делан Са.

[23] Нагахь аш адамийн къиношна гечдахь, уьш царна тӀера дӀадевр ду, ткъа нагахь аша и къиношна геч ца дахь, уьш царна тӀехь дуьсур ду».

[24] Ткъа оцу шийттаннах цхьаъ, шех Шалавинарг олуш волу ТӀама, Ӏийса веанчу хенахь мурдашца вацара.

[25] ТӀаьхьа оцу мурдаша ТӀамига элира: «Тхуна Веза Эла гира». Ткъа ТӀамас элира цаьрга: «Нагахь сайна Цуьнан куьйгаш тӀехь хьостамех йисина чевнаш а ца гахь, сайн куьг Цуьнан агӀонах йолчу чевнна чу а ца дахийтахь, хӀуъа хилча а, тешар вац со».

[26] Цул тӀаьхьа кӀира даьлча, мурдаш юха а, гулбелла, Ӏаш бара цӀа чохь. ТӀама а вара цаьрца. НеӀ дӀакъевлина а йолуш, Ӏийсас, цӀа чу а веана, юккъе дӀа а хӀоьттина, элира цаьрга: «Машар хуьлда шуьца!»

[27] ТӀаккха ТӀамига Ӏийсас элира: «Хьайн пӀелг схьа а кховдабай, хьажа Сан куьйгашка, ткъа хьайн куьг Сан агӀонах йолчу чевнах чекхдаккха. Ма хила ца тешаш, амма тешаш хила».

[28] ТӀамас, жоп луш, элира Ӏийсага: «Сан Веза Эла, сан Дела!»

[29] Ӏийсас элира цуьнга: «Хьо тийши, хьайна Со гина дела. Декъала бу-кх, Со гина воццушехь, Сох тешнарш».

[30] Кхин дуккха а тамашийна гӀуллакхаш дира Ӏийсас Шен мурдашна хьалха, кху тептар тӀехь яздина а доцу.

[31] Ткъа хӀорш яздина Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг, Делан КӀант хиларх шу тешийтархьама а, тӀаккха, Цунах теша а тешна, Цуьнан цӀарах шун бакъдолу дахар хилийтархьама а.

Ӏийсас беана, Яхьъяс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters