[1] «ХӀара элира Ас шуьга, шу тешар тӀера юха ца довлийтархьама.
[2] Гуламан цӀенойх дӀакъастор ду шу. Цул сов, тӀекхочуш ю и зама, муьлххачунна а, шух цхьаъ ша вийча, ша Далла гӀуллакх до моьттуш.
[3] И гӀуллакхаш лелор ду цара, шайна я Да а, я Со а ца вевзина дела.
[4] ХӀара элира Ас шуьга, и зама тӀееача, шуна дагадаийтархьама оцу дерригенах лаьцна Ас шайга аьлларг». «ХӀинццалц ца аьллера Ас шуьга иза, Со шуьца цхьаьна хилла дела.
[5] Ткъа хӀинца Со Ваийтинчунна тӀевоьду Со. Шух цхьаммо а ца хотту Соьга: „Хьо стенга воьду?“
[6] Амма Аса шайга и дӀахаийтарна, шун дегнаш гӀайгӀанах дуьзна ду.
[7] Ткъа Аса бакъдерг боху шуьга: „Со дӀавахар гӀоле ю шуна“. Нагахь Со дӀа ца вахча, шуна гӀо Дийриг вогӀур вац, ткъа Со дӀавахча, воуьйтур ву Ас Иза шуна.
[8] Ша веача, Цо гучудоккхур ду дуьненна цуьнан къинойх а, бакъонцалеларх а, кхелах а лаьцна йолчу агӀор дуьне тиладалар.
[9] Цо гойтур ду дуьнено Сох цатешарна латийна къа.
[10] ТӀаккха Цо гойтур ду дуьне бакъонца цалелар, хӀунда аьлча Со Дена тӀе гӀур ву. Со кхин гур вац шуна.
[11] Ткъа цу Делан Сино гойтур ду Делан кхелах лаьцна дуьне тиладелла хилар, хӀунда аьлча кху дуьненан элана кхел йина.
[12] Кхин дуккха а дара Сан шуьга ала, амма цкъа хӀинца кхетар дац шу.
[13] Ткъа и бакъдерг гойтуш долу Са схьадеача, Цо билггал бакъболчу новкъа дохур ду шу, хӀунда аьлча Цо Шегара бохур дац, амма Шена хезнарг дуьйцур ду, тӀейогӀучу хенахь хиндерг хоуьйтур ду Цо шуна.
[14] Цо Сан сийлалла ойур ю, хӀунда аьлча Соьгарчух дӀа а эцна, Цо довзуьйтур ду шуна иза.
[15] Ден мел долу хӀума а Сан ду. Цундела элира Ас, Цо, Соьгарчух дӀа а эцна, шуна довзуьйтур ду иза аьлла».
[16] «Кестта Со гур вац шуна. ТӀаккха юха а кестта гур ву шуна Со».
[17] ТӀаккха цхьаболчу мурдаша вовшашка элира: «И хӀун ду те Цо вайга бохург: „Кестта Со гур вац шуна, юха а кестта Со гур ву шуна?“ Кхин а: „Со Сайн Да волчу воьду“?»
[18] Иштта цара бохура: «И хӀун ду те Кхо бохург: „Кестта“? Ца кхета-кх вай Кхо бохучух».
[19] Ткъа Ӏийса кхийтира, Шега уьш хӀун хатта лууш бу. ТӀаккха Цо мурдашка элира: «Ас шайга аьлларг хӀун ду те бохуш, вовшашка хоьттуш ду шу: „Кестта Со гур вац шуна, тӀаккха юха а кестта гур ву шуна“?
[20] Баккъалла боху Ас шуьга: Шу узарш деш а, доьлхуш а хир ду, ткъа дуьненна хазахетар ду. Шу халахетта хир ду, амма шун халахетар хазахетаре доьрзур ду.
[21] Бер деш йолу зуда хуьлу гӀайгӀане, шен бер до хан тӀекхаьчна дела, ткъа шен бер хилла даьлча, хазахетарна и гӀайгӀа йицло цунна, ша адам дуьнен чу даккхарна.
[22] Иштта шу а хӀинца гӀайгӀане ду, амма Суна юха гур ду шу, тӀаккха хазахетар хир ду шун дегнашна. И шун хазахетар цхьаммо а дӀадоккхур дац шуьгара.
[23] ТӀаккха цу дийнахь хӀумма а хоттур дац аша Соьга. Баккъалла боху Ас шуьга: нагахь Сан цӀарах цхьа хӀума аша Дега дехахь, лур ду Цо шуна.
[24] ХӀинццалц хӀумма а ца дехнера аша Сан цӀарах. Ткъа хӀинца деха, лур ду шуна, шун хазахетар дуьззина хилийтархьама».
[25] «ХӀара кицанашца элира Ас шуьга. Амма тӀейогӀуш ю и зама, Ас шуьга кхин кицанашца а ца дуьйцуш, ма-дарра Сайн Дех лаьцна шуна дӀакхайкхош.
[26] Цу дийнахь шаьш доьхур ду аша Сан цӀарах. Ас ца боху шуьга, шун метта Ас деха дезар ду Дега.
[27] ХӀунда аьлча Дена Шена а деза шу, шуна Со везна дела а, Со Дех схьаваьлла хиларх шу тешна дела а.
[28] Дех схьа а ваьлла, дуьнен чу веанера Со, ткъа хӀинца, юха а хӀара дуьне дитина, Дена тӀевоьду Со».
[29] ТӀаккха Ӏийсан мурдаша элира: «ХӀаъ, хӀинца-м тхо кхетадеш схьабоху Ахь тхоьга, кицанашца а ца дуьйцуш.
[30] ХӀинца кхета тхо Хьуна дерриг хаьий, цхьаммо хаттарш а дале, уьш Хьуна девзий. Цундела теша тхо Хьо Делера схьаваьлла хиларх».
[31] Ӏийсас жоп делира царна: «ХӀинца теша шу?
[32] Ткъа хӀинца тӀекхоччуш лаьтта, тӀекхаьчна а даьлла и сахьт, шу дерриш а дӀаса а даьржина, хӀора а шайн-шайн цӀа а вирзина, Со цхьа а вуьтуш. Амма Со цхьа вац, Соьца Сан Да волу дела.
[33] ХӀара элира Ас шуьга, Соьгахула шун машар хилийтархьама. Дуьненахь гӀайгӀа хир ю шун, амма доьналла долуш хилалаш! Со тоьлла дуьненал».