[1] Цул тӀаьхьа Ярушалаймехь жуьгтийн цхьа деза де даздеш дара. Ӏийса а веара цига.
[2] Ярушалаймехь УьстагӀийн ков олучу меттехь баьккхина луьйчу цхьа Ӏам бу. Цунах Ӏебархойн маттахь Бет-Хьасда олу. Цу Ӏомана гонах лаьтташ бӀогӀамийн пхи могӀа бара, тӀехула тиллина тхов а болуш.
[3] Оцу Ӏомана тӀедоьлхучу некъаш тӀехь Ӏохкуш Ӏаламат дукха цомгуш болу нах хуьлура. Царна юкъахь бара бӀаьрзенаш, астагӀнаш, заьӀапнаш.
[5] Иштта, ткъе берхӀитта шарахь шен цамгаро хьийзош волу цхьа хьенех а вара цигахь.
[6] И стаг цигахь Ӏуьллуш а гина, иза дукха хенахь дуьйна цомгуш вуйла а хиъна, Ӏийсас хаьттира цуьнга: «Могуш хила лаьий хьуна?»
[7] Ткъа цомгушчо элира Ӏийсага: «Эла, Ӏома чуьра хи, меттах а даьлла, дӀасадаьржачу хенахь со цу чуваккха цхьа а вац-кх сан. Ткъа со хи чувала воллучу хенахь, кхин цхьаъ сол хьалха волу-кх».
[8] Ӏийсас элира цомгушчуьнга: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало».
[9] И стаг, цу сохьта туо а велла, шен мотт-гӀайба схьа а эцна, дӀаволавелира. Иза Далла леринчу шоьтан дийнахь дара.
[10] Цундела динан куьйгалхоша цамгарх товеллачуьнга элира: «Тахана Далла лерина шоьтан де ду, хьайн мотт-гӀайба дӀабаккха а бакъо ма яц хьан».
[11] Ткъа цо жоп делира яхӀудхошка: «И со Товинчо элира-кх соьга: „Хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало“».
[12] ТӀаккха цара хаьттира товеллачуьнга: «Мила ву хьоьга, мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало аьлла и Стаг?»
[13] Ткъа товеллачунна Иза мила ву ца хаьара. ХӀунда аьлча, кхузахь адам алссам хиларна, аьтту а баьлла, Ӏийса къайлавелира.
[14] Цул тӀаьхьа и стаг Делан цӀийнан кертахь а карийна, Ӏийсас элира цуьнга: «ХӀинца хьо цамгарх товелла, ткъа кхин къинош ма летаделахь, хьайна кхин цул а вониг ца хилийтархьама».
[15] ТӀаккха цу стага, вахана, динан куьйгалхошка ша Товинарг Ӏийса вуй дӀахаийтира.
[16] Цундела, Ӏийсас и стаг туовар Далла лерина шоьтан дийнахь дина аьлла, динан куьйгалхой Ӏийсана дуьхьалбевлира.
[17] Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Сан Дас тахханалц а болх беш бу, Аса а бо и болх».
[18] Ӏийсас иза аларна, Иза вен кхин а чӀогӀа тӀаьхьабевлира динан куьйгалхой. ХӀунда аьлча Далла лерина шоьтан де ца лерина а ца Ӏаш, Делах Шен Да ву а аьлла, Ша Делаца вуьстинера Ӏийсас.
[19] Ткъа Ӏийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга, Шен Дас дийриг гуш ца хилча, Шеггара хӀумма а дойла дац КӀентан. ХӀунда аьлча Шен Дас дийрриг до КӀанта а.
[20] Дена Шен КӀант веза, цундела Ша мел дийриг дерриг а гойту Дас КӀантана. Шу цец а дохуш, кхин а сов гӀуллакхаш гойтур ду Дас Цунна.
[21] ХӀунда аьлча Шен Дас белларш денбаре терра, иштта КӀанта а Шена луъург денво.
[22] Адамашна тӀехь кхел яр, Ша а ца деш, Шен КӀентан кара дӀаделла Дас,
[23] массаьрга а, Да лоручу тайпана, КӀант а ларийтархьама. ХӀунда аьлча КӀант ца лоручо Иза ваийтина волу Да а ца лору.
[24] Бакъдерг боху Ас шуьга: Сан даше ладугӀуш а, Со Ваийтинчух тешаш а волчун Дела волчохь хедар доцу дахар ду. Къематан дийнахь царна тӀехь кхел яц, ткъа, беллачуьра ден а белла, Делаца долчу бакъдолчу дахаре кхаьчна уьш.
[25] Бакъдерг боху Ас шуьга: тӀейогӀуш ю и зама, тӀекхаьчна а яьлла, беллачарна Делан КӀентан аз а хезар долуш, и хезнарш ден а лур болуш.
[26] ХӀунда аьлча Ден а Ша-Шена чохь дахар хиларе терра, иштта Шен КӀантана а делла Цо Ша-Шена чохь дахар хилар.
[27] Иза Адамийн КӀант волу дела, кхел ян а бакъо елла Дала Цуьнан кара.
[28] Цец ма довлалаш цунах, хӀунда аьлча тӀейогӀуш ю и зама, кешнаш чохь болчу массарна а Делан КӀентан аз хезар долуш.
[29] ТӀаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гӀуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гӀур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гӀуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу.
[30] Айса-Сайгара хӀумма а дан йиш яц Сан. Аса, Сайна ма-хаззара, кхел йо, и Сан кхел бакъ а ю. ХӀунда аьлча Аса Сайн лаам ца лоьху, амма Со Ваийтинчу Ден лаам кхочушбо».
[31] «Нагахь санна Аса-Айса Сайх тоьшалла дахь, и Сан тоьшалла кхоччуш дац.
[32] Сох тоьшалла дийриг Кхин ву. Цо Сох деш долу и тоьшалла бакъ дуйла хаьа Суна.
[33] Аша Яхьъяна тӀе нах бахийтира, ткъа цо билггал долчу бакъдолчух тоьшалла дира.
[34] Адамо дина тоьшалла оьшуш вац Со-м, амма шу кӀелхьардовлийта боху Аса шуьга хӀара.
[35] Яхьъя богуш а, къегаш а болу стогар санна вара шуна. Ткъа шуна кӀеззиг йолчу ханна цуьнан серлонгахь хазахетар хила лиира.
[36] Амма Сан тоьшалла Яхьъян тоьшаллел а сов ду. ХӀунда аьлча Аса дан дезаш а долчу, Аса деш а долчу, Суна Сан Дас деллачу цу гӀуллакхаша до Сох тоьшалла Сан Дас Со ваийтина хиларх.
[37] Со ваийтина волчу Сан Дас до Сох тоьшалла. Шуна-м я Цуьнан аз а ца хезна, я Цуьнан сибат а ца гина.
[38] Я Цуьнан кхаъ а шун даг чохь ца лаьтта, Цо Ваийтинчух шу ца теша дела.
[39] Делан Йозанаш толлу аш, уьш шаьш теллича, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхочур ду моьттуш. Ткъа Делан Йозанаша Сох тоьшалла ма-до.
[40] Амма шуна ца лаьа Суна тӀаьхьахӀитта, шайна Дела волчохь хедар доцу дахар хилийта.
[41] Адамашкара сий дар ца оьшу Суна.
[42] Амма Суна девза шу, шун дегнаш чохь Деле хила ма-безза безам боцийла а хаьа.
[43] Со Сайн Ден цӀарах веана воллушехь, тӀе ца оьцу аша. Ткъа цхьа кхиверг шен цӀарах веача, иза тӀеоьцур ву аша.
[44] Муха тешар ду шу, цхьаммо шайн сий дича, аша иза хазахетарца тӀеоьцуш хилча? Ткъа цхьаъ бен воцучу Делера сий аша ца лоьху.
[45] Ма мотталаш Ас шу Далла хьалха бехке дийр ду. Шу бехке дан Муса-пайхамар хир ву, цунах дегайовхо йолуш Ӏаш долчу шуна.
[46] Шаьш Муса-пайхамарах тешаш хилча, Сох а тешар дара шу, хӀунда аьлча Сох лаьцна яздинера цо.
[47] Амма нагахь санна цуьнан йозанех а шу ца тешча, Сан дешнех муха тешар ду шу?»