Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:30

[1] Нукха-Деми цӀе йолу парушхойх цхьа стаг вара. Жуьгтийн коьртачу кхеташонан декъашхо вара иза.

[2] Нукха-Демис, буьйсанна Ӏийса волчу а веана, элира Цуьнга: «Рабби! Хьо Дала ваийтина устаз вуй хаьа тхуна. ХӀунда аьлча шеца Дела ца хилча, цхьаьнгге а гайталур яц и Ахь гойтуш йолу тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш».

[3] Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, адам юха шолгӀа ца кхолладелча, хаалур дац цунна Делан Олалла».

[4] Нукха-Демис элира Ӏийсага: «Цкъа къанделла адам шолгӀа муха кхоллалур ду? Юха шен ненан кийра а ваьлла, кхоллавала-м ца веза иза?»

[5] Ӏийсас жоп делира: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, нагахь санна адам хих а, Делан Синах а кхолла ца делча, тӀелоцийла дац цуьнан Делан Олалла.

[6] Адамийн бераш адамех хуьлу, ткъа Делан бераш Делан Синах бен ца хуьлу.

[7] Хьо цец ма вала Ас хьайга аьллачух: „Шун шолгӀа кхолладала деза“, – аьлла.

[8] Делан Са мох санна ду. Иза шена луъучухула лела. Механ гӀовгӀа хеза, ткъа иза мичара богӀу а, мича боьду а ца хаьа. Иштта хуьлу хӀора а Делан Синах кхоллавелларг а».

[9] «Ткъа иза муха хилало?» – хаьттира Нукха-Демис Ӏийсага.

[10] Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Хьуо исраилхойн Ӏелам стаг воллушехь, иза а ца хаьа-кх хьуна?

[11] Баккъалла а боху хьоьга, оха тхайна хуург а дуьйцу, тхайна гиначух тоьшалла а до, ткъа аша тхан и тоьшаллаш тӀе ца лоцу.

[12] Ас шайга лаьттахь долчух аьлча а, шу ца тешча, стигалшкахь долчух лаьцна дийцича, муха тешар ду шу?

[13] Адамех цхьа а стигалшка хьала а ца ваьлла, Адамийн КӀант бен стигалшкара охьа а ца воьссина.

[14] Яьссачу аренгахь волуш Муса-пайхамаро хьаладаьккхинчу лаьхьанан суьрте терра Адамийн КӀант а ву хьалаваьккхина хила везаш,

[15] Цунах тешнарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачийтархьама».

[16] ХӀунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КӀант дӀаваллал дезна Далла хӀара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хӀаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама.

[17] Дуьненна кхел ян ца ваийтинера Дала Шен КӀант, ткъа Цуьнгахула дуьне кӀелхьардалийтархьама ваийтинера.

[18] Цунах тешначунна кхел яц. Ткъа Цунах ца тешначунна кхел йина ю, иза Делан цхьаъ бен воцучу КӀантах цатешарна.

[19] Кху дуьнен чу Делах йолу серло яьржина, амма адамашна серлонал бода беза, шаьш до гӀуллакхаш Далла хьалха вон долу дела.

[20] ХӀунда аьлча хӀора вон дечунна серло ца еза, иза серлонга а ца воьду, шен вон гӀуллакхаш гучу ца далийтархьама.

[21] Ткъа Делах долчу бакъдолчуьнца вехаш верг серлонга волу, ша деш долу гӀуллакхаш Делан гӀоьнца деш хилар гайтархьама.

[22] Цул тӀаьхьа Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а ЯхӀуд-махка баьхкира. Уьш цигахь, адамаш хих чекхдохуш, севцира.

[23] Цу хенахь Яхьъя а вара нах хих чекхбохуш. Шалейм олучу меттигна гена йоцучу Ӏейнан-юьртахь дара иза. Цигахь алссам хи дара, цундела наха шаьш Яхьъяга хих чекхбохуьйтура,

[24] хӀунда аьлча цу хенахь Яхьъя хӀинца а набахти чу воллаза вара.

[25] Яхьъян мурдашна а, жуьгтийн динан куьйгалхочунна а юкъахь къовсам хилира. И къовсам баьллера хица цӀано яран хьокъехь дино тӀедиллина долчух.

[26] ТӀаккха, Яхьъяна тӀе а баьхкина, цара элира: «Устаз, хьо Йорданан вукху агӀор волуш, хьоьца хилла волу, ахь Шех тоьшалла динарг а ву-кх нах хих чекхбохуш. Ткъа массо адам Цунна тӀеоьхуш ду».

[27] Яхьъяс жоп делира: «Адамо хӀумма а шена тӀелаца йиш яц, нагахь санна иза цунна стигалшкара Дала делла дацахь.

[28] Шу шаьш а теш дар-кх ас шуьга аьллачунна: „Со Дала леррина Къобалвинарг вац. Со Цунна хьалхара некъ кечбан ваийтина Дала“.

[29] Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагӀа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Ӏаш, цунна хьалхара гӀуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагӀа чувогӀуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хӀинца кхочушхилла.

[30] Иза вазвала веза, ткъа со лахвала веза».

[31] Лакхара ОхьавогӀург массарал а лакхара ву. Кху Лаьттара ваьлларг Лаьттара ву, цо Лаьттахь долчух лаьцна дуьйцу. Ткъа стигалара Веанарг массарал а лакхара ву.

[32] Шена гиначух а, хезначух а тоьшалла до Цо, ткъа Цуьнан тоьшаллаш цхьаммо а тӀе ца лоцу.

[33] Цуьнан тоьшаллаш тӀелаьцначо шен мухӀар тохарца чӀагӀдо Дела бакъхилар.

[34] ХӀунда аьлча Ша Дала Ваийтинчо Делан дешнашца дуьйцу, Дала иза барам боццуш Шен Сих вуьзна дела.

[35] Дена Шен КӀант веза. Цо массо а хӀума Шен КӀентан кара дӀаделла.

[36] КӀантах тешачунна Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Ткъа КӀантана муьтӀахь ца хуьлучунна цкъа а гур дац и дахар, амма Делан оьгӀазло а йолуш ю цунна тӀехь.

Ӏийсас беана, Яхьъяс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters