Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:29

[1] Шен доӀа дина а ваьлла, Ӏийса Шен мурдашца Кхидрун-хин тогӀина дуьхьал агӀор йолчу беша дӀаволавелира. Цу беша бевлира Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а.

[2] Ткъа Ӏийсана ямартло еш волчу ЯхӀудана а евзара и меттиг, хӀунда аьлча Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а кест-кестта гуллора цигахь.

[3] Иштта ЯхӀуд а веара цига, шеца римхойн тӀемалойн тоба а, динан коьртачу дайша а, парушхоша а хьовсийна гӀаролхой а балош. Церан карахь стогарш а, цӀераш латийна хаьштигаш а, герз а дара.

[4] Ткъа хьалххе дуьйна а Шех хин дерг хууш волчу Ӏийсас, хьалха а ваьлла, элира цаьрга: «Аша мила лоьху?»

[5] Цунна жоп делира: «Назартера Ӏийса лоьху», – аьлла. ТӀаккха Ӏийсас элира: «Со ву-кх Иза». Ткъа баьхкинчаьрца лаьтташ Ӏийсана ямартло еш волу ЯхӀуд вара.

[6] Ӏийсас «Со ву Иза» аьлча, уьш берриш, юха а бевлла, лаьтта охьаийгира.

[7] ТӀаккха Ӏийсас юха а хаьттира цаьрга: «Аша мила лоьху?» Цара жоп делира: «Назартера Ӏийса», – аьлла.

[8] Ткъа Ӏийсас элира: «Ас элира шуьга, Со ву И, аьлла. Нагахь аша Со лехахь, хӀорш, Ӏадбитий, дӀабахийта».

[9] Иштта кхочушхилира Ӏийсас аьлла дешнаш: «Ахь Суна беллачех Ас цхьа а ца вайина».

[10] ТӀаккха шегахь тур долчу ШамӀа-Кипас, иза баттара а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочунна тур а тоьхна, цуьнан аьтту лерг тӀерадаьккхира. Оцу ялхочун цӀе Малх яра.

[11] Ӏийсас Кипе элира: «Батта чу дилла хьайн тур. Сайн Дас мала аьлла белла баланийн кад ца молуш Ӏийр вара ткъа Со?»

[12] Цул тӀаьхьа тӀемалоша а, церан коьртачу хьаькамо а, динан куьйгалхоша схьабахкийтинчу гӀаролхоша а Ӏийса, схьа а лаьцна, дӀавихкира.

[13] ТӀаккха Ӏаннина тӀевигира цара Ӏийса, Ӏанна цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбан стунда хиларна.

[14] Ткъа Кайба вара динан куьйгалхошка, халкъан дуьхьа цхьа стаг валар гӀоле ю аьлла, хьехам бинарг.

[15] Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттина воьдуш вара ШамӀа-Кипа а, кхин цхьа мурд а. И мурд динан коьртачу дена вевзаш вара, цундела иза Ӏийсаца цхьаьна динан коьртачу ден керта чу велира.

[16] Ткъа Кипа кертан кевнал арахьа лаьтташ вара. ТӀаккха оцу динан коьртачу дена вевзаш волчу вукху мурдо, ара а ваьлла, кертан кевнехь гӀарол дечу зудчуьнга а аьлла, Кипа чоьхьа ваьккхира.

[17] ТӀаккха оцу кевнехь лаьттачу зуда-ялхочо Кипе элира: «Хьо а вац хӀокху Стеган мурдех?» Кипас элира: «Вац».

[18] Цигахь шийла хиларна, кӀора багош, бохлуш лаьтташ леш а, гӀаролхой а бара. Цаьрца вохлуш лаьтташ Кипа а вара.

[19] Динан коьртачу дас мурдех а, Цо бечу хьехамех а лаьцна хаьттира Ӏийсага.

[20] Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Аса, хьул ца деш, дерриг дӀадийцира дуьнене. Гуттара а гуламан цӀеношкахь я Делан цӀа чохь, вайн массо нах гуллучохь, хьехамаш бора Аса. Аса къайлаха хӀумма а ца дуьйцура.

[21] Ахьа Соьга хӀунда хоьтту и? Хезначаьрга хатта, Аса шайга хӀун дуьйцура. Царна хаьа хьуна, Аса хӀун аьлла».

[22] Ӏийсас и аьлча, юххехьа лаьттачу гӀаролхочо, Ӏийсан юьхь тӀе тӀара а тоьхна, элира Цуьнга: «Иштта жоп лур дара Ахьа динан коьртачу дега?»

[23] Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Ас цхьа хӀума нийса ца аьллехь, схьаала, иза иштта дац аьлла. Аса нийса аьллехь, Суна хӀунда етта ахь?»

[24] ТӀаккха Ӏийса, вихкина а волуш, динан коьрта да волчу Кайбана тӀехьажийра Ӏаннас.

[25] Ткъа ШамӀа-Кипа хӀинца а вохлуш лаьтташ вара. ТӀаккха элира цуьнга: «Хьо-м вац те Цуьнан мурдех?» «Вац», – аьлла, дӀахадийра Кипас.

[26] Кипас лерг даьккхинчун гергара волчу, динан коьртачу ден ялхойх цхьаммо элира: «Хьо вацара Цуьнца цхьаьна бешахь суна гинарг?»

[27] Иштта Кипас юха а элира: «Вацара». Ткъа цу сохьта нӀаьна кхайкхира.

[28] Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гӀишлона чу вигира Ӏийса. Цу хенахь Ӏуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гӀишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама.

[29] ГӀишло чуьра араваьллачу Пулата динан куьйгалхошка хаьттира: «Кху стагана дуьхьал баккха хӀун бехк балабо аша?»

[30] Цара, жоп луш, элира: «Цо зулам ца динехьара, хьан кара дӀавелла хир вацара оха Иза».

[31] ТӀаккха Пулата элира цаьрга: «Аша, Иза дӀа а эций, шайн Ӏедало ма-бохху, кхел е Цунна». Динан куьйгалхоша элира: «Тхуна цхьанна а веран кхел яр кхочушдан ца магадо».

[32] Иза хилира Ӏийсас Шен валар муха хир ду дӀахоуьйтуш аьлла долу дешнаш кхочушхилийтархьама.

[33] ТӀаккха Пулата, юха а гӀишло чу а вахана, Ӏийса шена тӀе а кхайкхина, хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?»

[34] Ӏийсас жоп делира: «Хьайгара боху те ахьа иза, я кхечара аьлла те хьоьга Сох лаьцна?»

[35] Пулата, жоп луш, элира: «Жуьгти ву ткъа со? Хьан халкъо а, динан коьртачу дайша а схьавелла-кх Хьо сан кара. Ахь хӀун дина?»

[36] Ӏийсас жоп делира: «Сан Пачхьалкх кху дуьненара яц. Нагахь Сан Пачхьалкх кху дуьненара елахьара, Сан ялхой, Со динан куьйгалхойн кара ца вахийта, Сан дуьхьа летар бара. Ткъа хӀинца Сан пачхьалкх кхузара яц».

[37] ТӀаккха Пулата элира Ӏийсага: «Хетарехь, Хьо хӀетте а Паччахь ву-кх?» Ӏийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугӀу Сан озе».

[38] Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хӀун ду?» Иза а аьлла, Пулат юха динан куьйгалхошна тӀевахара. Цо элира: «Цуьнан бехк болуш цхьа а хӀума ца го суна.

[39] Пасахьан дийнахь гуттара а деш цхьа хӀума ма ду шун: тутмакхех цхьаъ паргӀатвоккхуьйтуш. Иштта, ас хӀара жуьгтийн къоман Паччахь дӀахеца лаьий шуна?»

[40] Цара маьхьарий хьаькхира: «ХӀара ма хеца, Барраб схьахеца», – аьлла. Ткъа Барраб талорхо вара.

Ӏийсас беана, Яхьъяс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters