[1] Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай волчу, Цуьнан векал хила Дала тӀекхайкхина волчу, адамашна хаза кхаъ дӀакхайкхабайтархьама Дала къастийна волчу аса, ПахӀала, яздо хӀара кехат.
[2] Дала и хаза кхаъ пайхамаршкахула Шен дезачу Йозанашкахь боуьйтур бу аьлла дара.
[3] И хаза кхаъ Делан КӀантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хӀух схьаваьлла ву.
[4] Цуьнан синан а, Делан а сибате хьаьжжина, сийлахьчу ницкъаца Иза, Делан КӀант ву аьлла, гучуваьккхина вара, Иза веллачуьра денвелла дела. И Делан КӀант – вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса ву.
[5] Цуьнгахула кхечира суна векал хила аьлла долу совгӀат, Цуьнан дуьхьа кхин мел долчу къаьмнех болу нах Делах тешийта а, Цунна муьтӀахь хилийта а.
[6] Шу а ду, римхой, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь хила тӀекхайкхинчарна юкъахь.
[7] Рим-гӀалахь бехаш болчу Далла безначаьрга, Цуьнан долахь хила къастийначаьрга массаьрга а яздо аса: Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.
[8] Уггар а хьалха шуна массарна а тӀера Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла хастамаш бо аса, хӀунда аьлча дуьнен тӀехь массанхьа а дуьйцуш ду шун тешарх лаьцна.
[9] Сайн доӀанашкахь шух лаьцна даим ас доьхуш хиларан сан теш Дела ву, ас Шена даггара, Цуьнан КӀантах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхош, гӀуллакх деш волу.
[10] Сайн доӀанашкахь даим доьху аса Деле Шен лаамца шу долчу кхача сан аьтто бар,
[11] хӀунда аьлча суна чӀогӀа шу ган лаьа, Делан Сино луш долу дика шуьца декъархьама а, цуьнгахула тешарехь шу чӀагӀдархьама а.
[12] И бохург хӀара ду: вай вешан тешарехула вовшийн иракарахӀиттор ду: сан тешаро шу иракарахӀиттор ду, ткъа шун тешаро – со.
[13] Динан вежарий! Шуьга дӀахаийта лаьа суна: дукхазза а шу долчу ван кечвеллера со, амма, хӀара хан тӀекхаччалц, и дан сан аьтто ца болура. Кхечу къаьмнех болчу вукху нахана юкъахь санна, шу долчохь а стом кхио лаьара суна.
[14] Массо а къаьмнашна: грекахошна а, грекахой боцучарна а – дешна болчарна а, боцучарна а – декхарийлахь ву со.
[15] Цундела ву со шуна а, Рим-гӀалахь дехарш, хаза кхаъ дӀакхайкхо кийча.
[16] Суна эхь ца хета хаза кхаъ дӀакхайкхо, хӀунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Ӏийсах мел тешарг кӀелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тӀаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а.
[17] Оцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Делах тешарца бакъвинарг Далла уллохь вехар ву».
[18] Харцонаш а лелош, билггал долу бакъдерг къайладоккхуш болчу нехан Ӏесаллина а, харцдолчунна а тӀе стигалшкара Делан оьгӀазло гучуйоккхуш ю.
[19] Иза иштта ду, хӀунда аьлча Делах лаьцна хаа тарлуш дерг массарна а хууш ма ду, Дала Ша иза царна хаийтина дела.
[20] ХӀунда аьлча, гуш а боцуш, ткъа даим болуш болу Делан ницкъ а, Цуьнан Дела хилар а гуш ду, Дала дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна. Массо а кхоьллинчу хӀуманах церан кхета таро ю, цундела оцу адамийн бехказадовлийла яц Дела царна ца вовзарна.
[21] ХӀунда аьлча шайна Дела вевззашехь, оцу адамаша хьакъ мадду сий а ца дора Делан, Цунна хастамаш а ца бора. И даран метта адамаш эрначу ойланашкахьа дирзинера, кхетам боцу церан дегнаш Ӏаржделлера.
[22] Шаьш хьекъал долуш ду а бохуш, уьш сонта бовлуш бара.
[23] Цкъа а лийр воцучу Делан сийлалла цара хийцира цӀушна Ӏамалъярх. И цӀуш лийр долчу адамийн а, хьозанийн а, дийнатийн а, текхаргийн а куьцехь бара.
[24] Цундела и адамаш шайн дегнийн хьарамчу лаамийн карахь дитира Дала, ткъа цара вовшашца сийсаза а лелаш, къиношца шайн догӀмаш бехдира.
[25] Делах лаьцна долу бакъдерг харцдолчух а хийцина, Дала кхоьллинчу хӀуманашна Ӏибадат дора цара, шаьш Кхоьллинчунна Ӏибадат даран метта. Ткъа Цунна даим бу хастам, амин!
[26] Цундела Дала эхье болчу, боьхачу лаамийн карахь битина уьш. Зударша шайн хила еза юкъаметтиг, вовшашца сийсаза а лелаш, хила ца еззачу тайпана йинера.
[27] Божарий а, зударшца хила езачу юкъаметтиган метта, вовшашка эхье болчу лаамех буьзнера. Эхь-бехк а дайна, уьш вовшашца лелара. Иштта леларца шайн догӀмаш къинойх дузура цара. Шайн тилабаларца хьакъ доллу Делан оьгӀазло шайн коьрта тӀе йоуьйтура цара.
[28] Дела вовзар царна мехала хӀума ца хетта дела, Цо уьш тиладеллачу хьекъалан долахь битина. Иштта лело цадезарг леладо цара.
[29] Массо а тайпана зуламех а, мекараллех а, бӀаьрмецигаллех а, вочух а буьзна бу уьш. Иштта хьогӀах а, адамаш дайа лаарх а, эмгараллах а, ямартлонах а, луьраллах а буьзна бу уьш. Цара эладитанаш леладо.
[30] Вовшашна мотт бетта цара. Дела ца веза царна. КӀоршаме а, кураллех буьзна а, дозаллаш деш а, зулам дар лоьхуш а, шайн дай-наношка ла ца дугӀу цара.
[31] Хьекъал долуш бац уьш. Тешаме а бац уьш, эсала а, къинхетаме а бац.
[32] Ишттаниг лелораш хӀаллакьхила хьакъ долуш буйла шайна хуъушехь, шаьш иштта лелла а ца Ӏаш, цара ишттаниг деш болу кхиберш а бакъбо.