[1] Тешар тӀехь чӀагӀвелла воцу стаг, цунна хетарг дийцаре а ца доккхуш, ша ма-варра тӀеэца.
[2] ХӀунда аьлча цхьаволчун тешаро, къеста а ца еш, муьлхха а хӀума яа магадо цунна. Тешар тӀехь чӀагӀвелла воцучу вукхо хасстоьмаш бен ца боу.
[3] Муьлхха а йолу яа хӀума юуш верг ма хуьлийла ца вешаш иза юуш воцучух. Юуш воцучо а бехке ма войла муьлхха а кхача бууш верг, хӀунда аьлча иза а Дала тӀеэцна ву.
[4] Мила ву хьо, хьайн воцу лай бехке ван воллург? Ирахь лаьтташ велахь а, я охьавоьжнехь а, иза шен элана хьалха ву. Иза лоттуьйтур ву: Веза Эла ницкъ болуш ву иза латтийта.
[5] Цхьаммо цхьа де вукхул дезо лору, ткъа вукхунна массо а денош хета цхьатерра. ХӀора а шен хьекъалца теша ша бакъхиларх.
[6] Денош къесточо Везачу Элана къестадо уьш. Муьлхха а кхача бууш волчо Везачу Элан дуьхьа боу, хӀунда аьлча цо баркалла олу Далла. Бууш воцучо а Везачу Элан дуьхьа ца боу, цо а Далла баркалла олу.
[7] Вайх цхьа а шен дуьхьа бен ваьхна ца Ӏа, цхьа а шен дуьхьа бен велла ца Ӏа.
[8] Вай дахахь а, Везачу Элан дуьхьа деха, вай лахь а, Везачу Элан дуьхьа ле. Иштта, дехаш я леш делахь а, Везачу Элан долахь ду вай.
[9] ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг дийна болчарна а, беллачарна а тӀехь олалла дархьама вала а велла, ден а велла.
[10] Ткъа стенна бехке во ахьа хьайн динан ваша? Я стенна ца веша хьо хьайн веших? Вай массо а Далла хьалха дӀахӀитта ма деза, Цуьнга ваьшна кхел яйтархьама.
[11] Яздина ма ду: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, боху Везачу Эло, хӀора а адам, гора а хӀоьттина, Суна хьалха суждане гӀур ду, ткъа Со Дела хиларх лаьцна хӀора маттахь тоьшалла дийр ду».
[12] Иштта, Далла хьалха вайх хӀораммо а ша-шех жоп лур ду.
[13] ХӀинца чул тӀаьхьа вовшийн бехке ма де вай. Цул сов, вай ларло вешан динан вежаршна къинош лето а, уьш галбовлийта а меттиг ялийтарх а.
[14] Веза Эла волчу Ӏийсагахула суна хаа а хаьа, со тешна а ву цхьа а кхача ша-шеца хьарамниг долуш ца хиларх. Адамна, шена хьарам хеташ ерг бен, цунна хьарам яц.
[15] Хьайн вешина хьарам хетарг а юуш, цунна халахетар деш хьо велахь, иза даггара везаш лелаш вац хьо. ХӀаллак ма вехьа айхьа юучуьнца Дала леррина Къобалвинчо цуьнан дуьхьа Шен дахар дӀаделларг.
[16] Шайна дика хетачух бахьана ма хилийта кхечарна шух лаьцна вониг дийца.
[17] ХӀунда аьлча Делан Олалла даарца а, маларца а доьзна дац. Делан Сино луш долчу Делан лаамехь хиларца а, синпаргӀатонца а, хазахетарца а доьзна ду иза.
[18] Иштта а вехаш, Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх деш верг Далла тамехь а ву, наха лоруш а ву.
[19] Цундела барт хилар а, вовшийн тешар тӀехь иракарахӀиттор а леха вай.
[20] Юуш ерг бахьана долуш, Дала динарг ма дохаде вай. Массо а хӀума яа хьанал ю, амма хьайн ваша галволуьйту хӀума яар вон ду.
[21] Жижиг цадаар а, чагӀар цамалар а, динан ваша галволуьйтуш долу цхьа а хӀума цадар гӀолехь ду.
[22] Цу хӀуманех лаьцна долу хьан тешар хьайн даг чохь а, Далла хьалха а хилийта. Декъала ву шена дика хетачунна тӀехь ша бехке цавийриг.
[23] Ткъа шеконаш йолуш верг Дала бехке вийр ву, нагахь санна шена хьарам хетташехь, цхьа хӀума цо яахь, хӀунда аьлча ша дийриг цо тешарехула ца до, ткъа тешарехула деш доцу массо а хӀума къилахь ду.