Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:53

[1] Тешар тӀехь чӀагӀделлачу вай чӀагӀбелла боцучарна гӀо дан деза, ваьшна тамехь дерг дина а ца Ӏаш.

[2] Вайх хӀораммо а уллорачунна тамехь дерг дан деза, иза цунна диканна а, иракарахӀотторна а хуьлуьйтуш.

[3] ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчо а ца дора Шена тамехь дерг. Амма яздина ма-хиллара: «Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш Суна тӀедоьжна».

[4] Ткъа хьалха яздина мел долу хӀума вайна хьехамна яздина ду, Делан Йозанаша вайна лучу доьналлица а, иракарахӀитторца а вешан сатийсар хилийтархьама.

[5] Доьналлин а, иракарахӀитторан а хьоста волчу Дала шуна лойла, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дахаран масале хьажарна, вовшашна юкъахь цхьа ойланаш хилар.

[6] Иштта хилча, цхьана синца а, цхьана дешнашца а хаставан тарло аша Дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Да.

[7] Цундела, Дала леррина Къобалвинчо шаьш тӀеэцаре терра, аша а тӀеэца вовшийн, Дела хаставархьама.

[8] Дагадаийталаш, Дала леррина Къобалвинарг жуьгташна ялхо хилира, Дела тешаме хилар гайтархьама. Иштта, Иза веара, церан дайшна дина долу ваӀда кхочушдархьама а,

[9] кхечу къаьмнех болчу нахе а Дала шайна динчу диканна хастамаш байтархьама а. Яздина ма-хиллара: «Аса Хьо кхечу къаьмнашна юкъахь хестор ву, иллешкахь ас Хьан цӀе язйийр ю».

[10] Кхин а аьлла ду: «Даккхийде, кхечу къаьмнех долу адамаш, Делан халкъаца цхьаьна».

[11] Кхин а боху: «Хаставе Веза Эла кхечу къаьмнех мел болчара, хастам бе Цунна массо а халкъаша!»

[12] ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро а иштта боху: «Юшайн тӀаьхьенах цхьаъ гучувер ву. Иза къаьмнашна тӀехь олалла дан гӀоттур ву, ткъа уьш цунах дегайовхо йолуш хир бу».

[13] Дегайовхо луш волчу Дала шун тешарехула хазахетарх а, синпаргӀатонах а дузийла шу, Делан Синан ницкъаца шун сатийсар даим алсамдалийтархьама.

[14] Сан динан вежарий, со тешна ву дикачу ойланех шу дуьзна хиларх а, шун кхетам кхоччуш хиларх а, вовшашна хьехамаш балур болуш шу хиларх а.

[15] Амма цхьадолчу гӀуллакхех лаьцна аса майрра яздора шуьга, динан вежарий, уьш шуна диц ца далийтархьама. Аса иза дора, Дала Шен диканца со къобалвина дела,

[16] кхечу къаьмнех болчу нахана юкъахь Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан гӀуллакх дан. Динан дас санна, Ас Делера болу хаза кхаъ кхайкхабо, кхечу къаьмнех болу нах, Делан Синехула Далла хьалха дӀа а къастийна, Далла тамехь долу сагӀа санна хилийтархьама.

[17] Иштта Дала леррина Къобалвинчуьнца со волуш, Делан дуьхьа динчу сайн гӀуллакхех сан дозалла дойла ду.

[18] Кхечу къаьмнех болу нах Далла тӀеберзорхьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас соьгахула дина доцу цхьа а хӀума дийца со ваьхьар вац. Цо иза соьгахула дина сан дешнашца а, сан гӀуллакхашца а

[19] тамашийначу билгалонийн а, инзаречу хӀуманийн а ницкъаца а, Делан Синан ницкъаца а. Иштта, Ярушалайм-гӀалара Иллирик-махкана тӀекхаччалц, аса, массо а меттигашкахула чекх а волуш, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ кхоччуш дӀасабаржийна.

[20] Айса хаза кхаъ дӀакхайкхош, суна лаьара Дала леррина Къобалвинчун цӀе евзаш йоцучу меттигашкахь а дӀакхайкхо, иза кхечо дӀахӀотийначу бух тӀехь ца дархьама.

[21] Амма яздина ма ду: «Цунах лаьцна хаам цахилларш а Цунах кхетар бу, цахезначарна а вевзар ву».

[22] Цу бахьаненна мосуьйттазза новкъарло йира суна шу долчу дӀаван.

[23] Ткъа хӀинца хаза кхаъ кхачаза меттиг кху мехкашкахь йоцу дела а, дукха хенахь дуьйна шу долчу дӀаван сан дагахь долу дела а,

[24] со шу долчу ван ойла йолуш ву, Испани-махка новкъа а волуш. Сан дегайовхо ю, цига а воьдуш, шу долчу хьошалгӀа кхача. Хазахетарца ас шуьца жимма хан яьккхинчул тӀаьхьа, суна новкъа вала гӀо дан тарло аша.

[25] Ткъа хӀинца со Ярушалайме воьду Делан нахана гӀуллакх дан.

[26] Македонера а, Ахаера а динан тобанаша сацам бина, Ярушалайм-гӀалахь болчу Делан нахана юкъарчу къечарна сагӀина ахча дахьийта.

[27] И сацам цара шаьш бинехь а, Ярушалаймерчу Ӏийсах тешачарна хьалха иза дан декхарийлахь а бу уьш. Кхечу къаьмнех болу нах жуьгташкахула, тешаре хьаьжжина, декъалбина хилча, шайн долахь долчу рицкъе хьаьжжина, жуьгтий декъалбан а декхарийлахь бу уьш.

[28] И гӀуллакх чекх а даьккхина, сагӀина гулдинарг царна билггал дӀакхаьчна даьлча, со Испани ваха новкъа вер ву. Цига воьддушехь, со шун гӀала чувоьрзур ву.

[29] Со тешна ву, шу долчу веача, Дала леррина Къобалвинчуьнгара шортта долчу декъалдаршца со вахарх.

[30] Динан вежарий, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа а, Делан Сино вайна вовшашка луш болчу безаман дуьхьа а аса доьху шуьга соьца цхьаьна суна тӀера Деле чӀогӀа доӀанаш дар.

[31] Аса Деле доьху, ЯхӀуд-махкахь Ӏийсах ца тешачарах со ларвар а, Ярушалаймехь болчу Делан нахана ас до гӀуллакх тамехь хилийтар а.

[32] Нагахь санна Делан лаам белахь, воккхаверца дӀа а веана, паргӀат шуьца хан йоккхур ю аса.

[33] Вайна синпаргӀато луш волу Дела хуьлийла шуьца массаьрца а. Амин.

Векало ПахӀала римхошка яздина кехат — Chapters