Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:55

[1] Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лено, Якъубан вашас, ЯхӀуда Дала тӀекхайкхинчу а, Да волчу Далла безачу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас ларбечу а нахе:

[2] Делан къинхетам а, синпаргӀато а, безам а совболийла шуна юкъахь.

[3] Хьоменаш! Вайн массеран а кӀелхьардовларх яздан кӀорга лаам боллушехь, шуьга, цкъа массо а ханна Дала Шен нахана делла долу дин чӀагӀдарехьа къийсам латтабе аьлла, яздан дезаш хийтира суна,

[4] хӀунда аьлча шуна уллохь хӀилланца нисбелла цхьа Ӏеса нах. Дукха хенахь дуьйна Делан Йозанашкахь дӀаяздина ду, Дала царна кхел йийр ю аьлла. Вайн Делан маьхза долчу диканах лаьцна болу кхаъ харцахьа берзийна цара, шайн маьттаза лелар бакъдархьама. Ткъа цхьаъ бен воцу вайн Хьалдолу а, Веза а Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса, тӀе ца оьцу цара.

[5] Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тӀаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хӀаллакбар а.

[6] Иштта шуна дагадан деза, шайн даржана реза ца хилла а, шайн хӀусам дӀатесна а долу маликаш, гуттаренна а йолчу ханна буржалш а тоьхна, боданехь латтадо Цо доккхачу къематдийнахь кхел ярхьама.

[7] Дагахь латтаде иштта, и маликаш санна, телхина яра Седам а, Ӏамор а, царна гонахара гӀаланаш а. Маьттаза хӀуманаш лелийна йолу а, боьха гӀуллакхаш лело лууш йолу а уьш гуттаренна а йогуш йолчу цӀеран таӀзаран кхелана йитина ю кхечарна масална.

[8] Иштта сатийсаре бевллачу кху наха шайн догӀмаш а бехдо, хьаькамаш а ца лору, стигалан сийлаллин бахархой а емалбо.

[9] Мусан докъах лаьцна ша иблисаца къуьйсучу хенахь коьртачу Микаал-малико, Ӏоттар еш бехке хӀума ала а ца даьхьна, иштта аьлла: «Везачу Эло таӀзар дойла хьуна».

[10] Амма кху наха шайна цахуург емалдо. Шайн амалшка хьаьжжина, шаьш, луьра дийнаташ санна, кхета хӀуманаш бахьана долуш цара шаьш хӀаллакбо.

[11] Къа ду церан, хӀунда аьлча Кхаиман новкъахула боьлхура уьш, БалиӀам санна, кхаьънашка марзбелира уьш, Кхорахь санна, гӀевттира уьш, ткъа иза санна, хӀаллак а хир бу уьш.

[12] Шун бертан пхьорашкахь цу наха шу юьхьӀаьржачу хӀиттадо. Эхь ца хеташ, шуьца шуьнехь Ӏаш бу уьш, амма шайн бен бала хир бац церан. Мохо лело, догӀа доцу мархаш ю уьш, стом боцу гуьйренан дитташ ду, шаьш лаьттах орамашца схьадахарна шозза делла долу.

[13] Шайн эхьечу гӀуллакхийн чопа тӀеяьлла йолу хӀордан буьрса тулгӀенаш ю уьш, кхерста седарчий ду уьш, гуттар а лаьттачу Ӏаьржачу боданехь меттиг кечйина долу.

[14] Адаман ворхӀалгӀачу тӀаьхьенах волчу ХӀаноха а Делера болу хаам бина царах: «Веза Эла ву Шен дагар ца даллал дукха долчу дезачу маликашца вогӀуш

[15] массарна а кхел ян а, адамашна юкъара Ӏеса нах цара дина Ӏеса гӀуллакхаш бахьанехь а, Далла дуьхьал аьлла кӀоршаме дешнаш бахьанехь а уьш бехке бан а».

[16] Цхьана а хӀуманна реза а боцуш, шайн вочу лаамашка хьаьжжина а лелаш, хамталлаш еш болу нах бу уьш. Дегала дешнаш ду церан багахь. Шайн аьттонна нахана хьестало уьш.

[17] Амма аша, хьоменаш, дагахь латтаде вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векалша хир ду аьлларг.

[18] Цара бехира шуьга, тӀаьхьарчу хенахь богӀур бу шайн Ӏесачу лаамашка хьаьжжина лелаш, кхаьрдаш болу нах.

[19] Шу вовшах а къоьстуьйтуш, шайн синойн лаамашна тӀаьхьабевлла лела нах бу уьш. Цаьрца Делан Са дац.

[20] Ткъа аша, хьоменаш, шайн уггар дезачу динехь чӀагӀ а луш, Делан Синан гӀоьнца доӀанаш а деш,

[21] Делан безамехь шаьш Ӏалашде, вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас, Шен къинхетамца Дела волчохь хедар доцу дахар даларе а хьоьжуш.

[22] Шеко йолуш болчаьрца къинхетаме хила,

[23] вуьш, цӀергара схьа а бохуш, кӀелхьарбаха, ткъа кхечаьрца, лар а луш, къинхетаме хила, амма церан хьарамчу сино сийсазйина бедар ма еза.

[24] Шу охьаэгарх лардан а, цӀена а долуш, доккхачу хазахетарца Шен сийлаллина хьалха хӀотто а ницкъ бу Делан.

[25] Цхьаъ бен воцучу а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вай кӀелхьардохучу а Далла сий а, паччахьалла а, ницкъ а, олалла а хуьлийла, азалера дуьйна а, хӀинца а, абаденналц а. Амин.