[1] Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагӀанаш санна, шайн догӀмаш Далла дӀало. Далла деш долу и тайпа гӀуллакхаш товш ду шуьгахь.
[2] ХӀокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТӀаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хӀун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а.
[3] Аса шух хӀорранга а боху, сайна Дала деллачу дикане хьаьжжина: шайх лаьцна хила езачул лекха ойланаш ма хилийталаш, амма, шайна хӀоранна а Дала деллачу тешаре хьаьжжина, оьзда ойла елаш.
[4] Вайн дегӀ цхьаъ делахь а, цуьнан дуккха а меженаш ю. И меженаш цхьатерра гӀуллакхаш кхочушдеш яц.
[5] Иштта вай а, ваьш дукха делахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, цхьа дегӀ ду, ткъа вайх хӀора а цу дегӀан вовшахтоьхна меже ю.
[6] Вайна хӀоранна а, Дала шена деллачу дикане хьаьжжина, похӀма делла. Делера болу хаамаш баран похӀма хьайна деллехь, иза дӀакхехьа, хьайн долчу тешаре хьаьжжина.
[7] Дала хьуна кхечарна гӀуллакх даран похӀма деллехь, и гӀуллакх дӀакхехьа. Цо хьуна динан хьехамча хилар деллехь, хьеха.
[8] Уллорачун догъэца похӀма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хӀуманийн кхечаьрца дакъа дан похӀма хьан делахь, уьш комаьрша дӀасаекъа. Куьйгалла дан похӀма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похӀма хьан делахь, иза а хазахетарца де.
[9] Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш.
[10] Вежаршка санна хуьлучу безамца вовшийн дезалаш, вовшийн алсам ларалаш.
[11] Мало а ца еш, дукха болх белаш. Даим доьналла а долуш, Далла гӀуллакх делаш.
[12] Хазахетарца сатийсалаш. Халонаш собарца ловш хилалаш. Даим а доӀанаш делаш.
[13] Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тӀеэцалаш.
[14] Шайга баланаш хьоьгуьйтурш декъалбелаш. Декъалбелаш, сардамаш ма дехалаш.
[15] Самукъане болчаьрца самукъане хилалаш, боьлхуш болчаьрца делхалаш.
[16] Вовшашца бертахь Ӏелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тӀекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш.
[17] Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гӀерталаш.
[18] Шайн ма-хуьллу, массо а адамца бертахь даха гӀерталаш.
[19] Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гӀерталаш, ткъа иза Делан кара дӀалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду“, – боху Везачу Эло».
[20] Мелхо а Делан Йозанашкахь иштта яздина ду: «Хьан мостагӀа меца велахь, иза вузаве. Хьогах иза велахь – хи ло цунна. Иштта дерг дарца цуьнан коьрта тӀе догуш долу кӀегий гулдо ахьа».
[21] Воне хьо эша ма вайта, ткъа диканиг дарца вонна тӀехь толам баккха.