Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:40

[1] Аса шуьга дӀахоуьйту, вайн динан йиша йолу Пойбат дика зуда хилар. Иза Кенахари олучу гӀаларчу динан тобанан гуламехь динан куьйгалхочун гӀоьнча ю.

[2] Везачу Элан долахь йолу иза, Делан наха ма-эццара, оьзда тӀеэцахьара аша. Шаьш долчохь цунна оьшучунна тӀехь гӀо а дейша, хӀунда аьлча дуккха а болчу нахана а, суна-сайна а гӀо дина цо.

[3] Маршалла ло соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана гӀуллакх деш хилла болчу ПхьаьрскӀилате а, Ӏакхиле а.

[4] Шайна кхераме доллушехь, цара со кӀелхьарваьккхира. Со цхьаъ хилла ца Ӏа царна баркаллаш бохуш верг, кхечу къаьмнех болчу нехан динан массо а тобанаша а боху и.

[5] Маршалла ло церан цӀахь гуллуш йолчу динан тобане а. Маршалла ло сан хьомечу Эпанте а. Иза Асиа-махкахь Дала леррина Къобалвинчунна тӀебирзинчарах хьалхарниг ву.

[6] Маршалла ло шун дуьхьа чӀогӀа къахьегна йолчу Мареме а.

[7] Маршалла ло Ӏандарнике а, Юнига а. Уьш сан къомах бу. Соьца цхьаьна тутмакхаш а хилла уьш, векалшна юкъахь лоруш а бу, Дала леррина Къобалвинчух сол а хьалха тешна а бу.

[8] Маршалла ло Везачу Элан долахь волчу сан хьомечу Ӏампале.

[9] Маршалла ло вайца цхьаьна Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дечу Урбане а, иштта сан хьомечу Стахига а.

[10] Маршалла ло Дала леррина Къобалвинчух тешарна тӀехь зийна волчу Апа-Лесе. Маршалла ло Арти-Сабулан цӀийнах болчаьрга.

[11] Маршалла ло сан къомах волчу ХӀарудига. Маршалла ло Нару-Касин цӀийнах болчу Везачу Элан долахь болчаьрга.

[12] Маршалла ло Везачу Элан дуьхьа къахьоьгуш йолчу Тарипате а, Тарипуте а. Маршалла ло сан хьомечу Парсатига а. Иза а Везачу Элан дуьхьа дукха къахьегна ю.

[13] Маршалла ло Везачу Элана къаьсттина гӀуллакх дечу Рупе а, цуьнан санна, сан а йолчу цуьнан нене а.

[14] Маршалла ло Асинкарите а, Пелигане а, ХӀермига а, Пата-Рубе а, ХӀармига а, иштта цаьрца болчу динан кхечу вежаршка а.

[15] Маршалла ло Пилалаге а, Юлига а, Нере а, цуьнан йише а, Олу-Мапига а, цаьрца болчу Делан нахе массаьрга а.

[16] Вовшашка маршаллаш ло Делан безачу безамца. Маршаллаш доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун динан массо а тобанаша.

[17] Динан вежарий, аса чӀогӀа доьху шуьга, ларлолаш шу декъадалийта а, галдовлийта а гӀертачарех. Букъ берзабелаш шуна бевзинчу хьехамашна дуьхьал харц хьехамаш бечарна.

[18] ХӀунда аьлча иштта адамаша вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх ца до. Цара шайн гайна гӀуллакх до. Шайн хьестадаларца, къамелаш дан говза хиларца догцӀена долу адамаш Ӏехадо цара.

[19] Хазачу кхоана шун муьтӀахь хилар массарна а гӀарадаьлла, цундела со воккхавеш ву шух. Амма суна шу хила лаьа диканна – хьекъалалла долуш, ткъа вочунна – догцӀена долуш.

[20] СинпаргӀато луш волчу Дала кестта иблис шун когашна кӀелахь хьоьшуьйтур ду. Вайн Веза Эла волчу Ӏийсагара долу дика шуьца хуьлийла! Амин.

[21] Маршаллаш доуьйту шуьга соьца цхьаьна гӀуллакх деш волчу Тимапис а, сан къомах болчу Лукус а, Ясона а, Соса-Патура а.

[22] Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун волчу сан хӀара кехат дӀаяздинчу Тертис.

[23] Маршалла доуьйту шуьга со а, ерриг а динан тоба а комаьрша тӀеоьцуш волчу Гаяса. Маршалла доуьйту шуьга гӀалин ахча лардеш волчу Арсатис а, динан вашас Кавартис а.

[25] Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна Ас кхайкхош болчу хазачу кхоэхула Дела ницкъ болуш ву шайн тешар тӀехь шу чӀагӀдан. БӀешерашкахь дуьйна дӀакъевлина долчу бакъдолчуьнца цхьаьнабогӀуш бу и хаза кхаъ.

[26] И бакъдерг хӀинца гучудаьккхина пайхамарийн тептаршкахула. Даима а волуш волчу Делан омрица и къайле дӀакхайкхийна массо а халкъашна, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах уьш тешийтархьама.

[27] Абаденналц хастам хуьлийла цхьаъ бен воцучу, хьекъалечу Далла Цо леррина къобалвинчу Ӏийсагахула! Амин.

Векало ПахӀала римхошка яздина кехат — Chapters