Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:48

[1] ХӀора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтӀахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дӀахӀиттийна бу.

[2] Цундела Ӏедална дуьхьалваьлларг Дала динчунна дуьхьалваьлларг хуьлу. Ткъа иштта дерг долуьйтучара шайна тӀе кхел йоуьйту.

[3] ХӀунда аьлча дика гӀуллакхаш дечарна урхалчаш кхераме бац, зуламе гӀуллакхаш дечарна бу. Ӏедалах ца кхоьруш Ӏен лаьий хьуна? Дика де, тӀаккха Ӏедало хьо хастор ву.

[4] Урхалчаш Далла гӀуллакх деш ма бу. Уьш хьуна дика дан къахьоьгуш бу. Нагахь санна хьо зулам доккхуш велахь, кхералахь. ХӀунда аьлча цара эрна лелош дац тур: уьш Делан гӀоьнчий бу, зулам дечарна догӀу таӀзар цаьргахула деш ву Дела.

[5] Иштта, таӀзарх кхерарна хилла а ца Ӏаш, вайн дог цӀена хилийтархьама, вай урхалчашна муьтӀахь хила деза.

[6] Цундела урхалчашна йогӀу ял дӀало, уьш и гӀуллакх даим кхочушдан дӀахӀиттийна Делан белхалой болу дела.

[7] ХӀоранна а хьакъ дерриг дӀало: ял яла езачунна – ял, ясакх яла езачунна – ясакх, кхера везачух – кхера, лара везарг – лара.

[8] Цхьанна а цхьа а хӀума декхарийлахь ма хилалаш, вовшашна дӀабала беза безам боцург, хӀунда аьлча кхиверг везаш волчо товрат-хьехамаш кхочушбина.

[9] Товрат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хӀума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хӀокху цхьана дашна тӀедогӀу: «Хьайн уллораниг хьо санна веза».

[10] Безамо уллохь волчунна зулам ца дойту. Цундела безам хилар – товрат-хьехамаш кхочушбар ду.

[11] И дерриге а кхочуш а деш, даха, самадовла хан тӀекхаьчнийла а хууш, хӀунда аьлча вай дуьххьара тешаре даьхкинчу хенахь чул, хӀинца герга ду Дала вай кӀелхьардахарна.

[12] Буьйса дӀаяьлла, де тӀекхаьчна. Цундела боданан гӀуллакхех дӀа а дерзий, серлонан долчу герзаца кийча хила вай.

[13] Оьзда даха вай, дийнан серлонгахь даха ма-деззара: лар тӀера а ца довлуш, малар тӀех а ца доккхуш, боьха лаамаш а, къилахь долу хӀума дар а дитина, девнаш а ца дохуш, хьагӀ а йоцуш.

[14] Иштта долу гӀуллакхаш лелочул, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тарлуш даха вай, вайн синан лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш, ойланаш а ца еш.

Векало ПахӀала римхошка яздина кехат — Chapters