[1] Динан вежарий, шуна хууш дац ткъа (аса хӀара бакъонаш евзачаьрга ма боху), бакъонаша, адам дийна мел ду, цунна тӀехь олалла дойла?
[2] Товрат-хьехамийн бакъонаша тӀе-ма-диллара, марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, цунна тешаме хила еза. Шен майра велча, оцу бакъонех иза паргӀатйолу.
[3] Цундела, майра дийна а волуш, иза кхечуьнга яхча, иза нахаца леларг лору. Амма майра велла йолу зуда маре яхча, иза нахаца леларг ца лору.
[4] Иштта шу а, сан динан вежарий, Дала леррина Къобалвинарг валарца Цуьнца цхьаьна товрат-хьехамашна делла ду. Веллачуьра Денвинчун дола вай девлла, Далла стоьмаш бахьаш долу дахар вайн хилийтархьама.
[5] Вешан синан лаамийн долахь вай хилча, вайн дегӀан меженаша къилахь болу лаамаш кхочушбора, ткъа товрат-хьехамаш бахьана долуш и лаамаш алсамбовлура. Цара вайга Ӏожаллина гӀуллакхаш дойтура.
[6] Ткъа хӀинца вай дихкинчу хьехамашна делла долу вай оцу хьехамех паргӀатдаьхна. Иштта ширачу некъаца, товрат-хьехамаш кхочушбарца, Далла гӀуллакх ца до вай, амма керлачу некъаца, Делан Синца до.
[7] Делахь, товрат-хьехамаш къилахь бу аьлла, жамӀ дийр ду вай? Дера дац! Амма суна къалатор хӀун ду хуур дацара, сайна товрат-хьехамаш ца бевзинехьара. ХӀунда аьлча кхечу стеган хӀума дезар суна девзар дацара, нагахь санна товрат-хьехамаша иштта бохуш дацахьара: «Кхечу стеган цхьа а хӀума шуна ма дезийла».
[8] Амма товрат-хьехамаша бохург бахьана долуш, къино аьтто бина хӀума езийта суна чохь тайп-тайпана лаамаш хилийта. Хьехамаш боцучохь къа делла ма ду.
[9] Со мацах товрат-хьехамаш а боцуш ваьхнера, ткъа весет суна тӀедиллича, къа денделира,
[10] ткъа со велира. Суна ваха аьлла деллачу весето со валарна тӀевалийра.
[11] Къино, хӀара весет бахьана долуш аьтто а баьлла, со Ӏехавалийтира, тӀаккха оццу весетаца со вен а вийра.
[12] Иштта, товрат-хьехамаш беза бу, ткъа и весет деза а, нийса а, дика а ду.
[13] ТӀаккха и дика дерг кхочушдар хилла те суна Ӏожаллина? Дера ца хилла! Къино дира иза. Дика дерг бахьана долуш, со Ӏожаллина тӀе а валош, къинан къилахь йолу амал гучуяьккхира. Иштта и весет бахьана долуш, къа кхин а чӀогӀа къилахь хилар гучудоккху.
[14] Вайна хаьа товрат-хьехамаш Делан Синера буйла. Ткъа со сайн синан долахь ву. Вохка а воьхкина, къинан лай хилла сох.
[15] Со ца кхета айса лелочух: сайна дан луург аса ца до, ткъа сайна бӀаьрга дан а цадезарг ас кхочушдо.
[16] Нагахь санна аса сайна дан луург деш хилча, товрат-хьехамаш дика бу аьлла, тӀеоьцу аса.
[17] Делахь и кхочушдеш верг баккъалла а со вац, ткъа суна чохь дехаш долу къа ду.
[18] Суна хууш ма ду, суна чохь, баккъалла аьлча, сан адаман са чохь, цхьа а диканиг доллуш цахилар. ХӀунда аьлча дика хӀума дан лаам сан боллушехь, иза кхочуш ца бало соьга.
[19] Сайна дан лууш долу дика дерг аса ца до, ткъа дан лууш доцу вониг до аса.
[20] Нагахь санна дан ца лууш дерг аса деш хилча, тӀаккха со вац-кх и деш верг, суна чохь дехаш долу къа ду-кх.
[21] Иштта суна хаало хӀара массо а ханна лелаш дерг: хӀоразза а дика дерг дан суна дагадеача, вониг дан лаам суна чохь хилар.
[22] Ткъа суна чохь долчу адамна Делан хьехамийн Ӏедалца хазахетар карадо.
[23] Амма сан меженашна чохь кхин тайпа массо а ханна лелаш дерг го суна. Оцу Ӏедало сан хьекъал чохь болчу лаамца къуьйсу. Сан меженашкахь лелаш долчу къинан Ӏедалан йийсархо во цо сох.
[24] Ма миска адам ду со! Хьан кӀелхьарвоккхур ву со Ӏожаллина со тӀевалош долчу хӀокху дегӀах?
[25] Аса баркалла боху Далла, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Цо иза дарна! Делахь, сан хьал иштта ду: цхьана агӀор сайн хьекъалца со-со Делан хьехамийн Ӏедалан лай ву, ткъа вукху агӀор сайн адаман синца къинан Ӏедалан лай а ву.