Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:55

[1] Динан вежарий! Доггах лаьа суна исраилхой а кӀелхьарбаьхна хила. Цунах лаьцна доьху аса Деле.

[2] Царах тоьшалла до аса: хьекъалца нийса некъ шайна ца бовзахь а, Далла леррина гӀуллакх деш бу уьш.

[3] Дала стаг Шена хьалха муха бакъво шаьш ца кхета дела, иза шайгара хилийта гӀиртина дела, Дала нах бакъбеш болчу некъана муьтӀахь ца хилира уьш.

[4] Товрат-хьехамаш буьззина кхочуш а бина, Дала леррина Къобалвинарг цу хьехамийн чаккхе хилира, Цунах тешарехула Далла хьалха бакъвар хӀоранна а хилийтархьама.

[5] Товрат-хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха адам бакъдарх лаьцна Муса-пайхамаро иштта боху: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву».

[6] Ткъа тешарца Далла хьалха адамаш бакъдарх лаьцна цо иштта боху: «Шайн дегнашкахь ма хетта: „Мила вер ву стигалшка хьала?“ – бохуш», (иза ду Дала леррина Къобалвинарг кхуза охьавалорхьама).

[7] «Иштта ма хетта шайн дегнашкахь: „Мила вуссур ву эхарте?“ – бохуш», (иза ду, Дала леррина Къобалвинарг беллачарна юкъара кхуза хьалаваккхархьама).

[8] ХӀан-хӀа! ХӀун аьлла ду Делан Йозанашкахь? «Делан дош хьуна юххехь а ду, хьан матта тӀехь а ду, хьан дог чохь а ду». И дош вай адамашна хьоьхуш долчу тешарх лаьцна ду.

[9] «Ӏийса Веза Эла ву!» – бохург хьайн баганца ахь къобалдахь, Дала Иза веллачуьра денвина хиларх хьо даггара тешахь, хьо кӀелхьарваьккхина хир ву.

[10] ХӀунда аьлча даггарчу тешаро стаг Далла хьалха бакъвина хиларна тӀевалаво, ткъа баганца къобалдаро стаг кӀелхьарваьккхина хиларна тӀевалаво.

[11] Делан Йозано боху: «Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьӀаьржачу хӀуттур вац».

[12] Иштта, цхьа а тайпа башхо яц жуьгтичунна а, кхечу къомах волчунна а юкъахь, хӀунда аьлча Веза Эла массарна а цхьаъ ву, ткъа Шега кхойкхуш мел верг хӀорра а алссам декъалво Цо.

[13] Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «ХӀорра а, Везачу Элан цӀе а йоккхуш, Цуьнга кхойкхуш верг, кӀелхьарвоккхур ву».

[14] Ткъа Цуьнга муха кхойкхур бу уьш, Цунах шаьш тешаш ца хилча? Муха тешар бу уьш, Цунах лаьцна шайна хезна а ца хилча? Муха хезар ду царна, Цунах лаьцна цхьаммо а дӀакхайкхош ца хилча?

[15] Ткъа наха муха дӀакхайкхор ду, дӀакхайкхо шаьш бохуьйтуш ца хилча? Яздина ма-хиллара: «Хаза кхаъ бахьаш болчу геланчийн когаш мел хаза бу!»

[16] Амма исраилхоша массара а ца ийцира и хаза кхаъ тӀе. ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьллера: «Веза Эла! Мила тийшира оха хьехначух?»

[17] Делахь, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна долу дош цхьаммо кхайкхийча, адамашна хаза кхаъ хеза, ткъа и кхаъ хезча, адамаш Цунах теша.

[18] Ткъа аса хоьтту: царна ца хезнера хаза кхаъ? Дера хезнера. Делан Йозано боху: «Дерриг а лаьтта тӀехула чекхъяьлла церан лар. Дуьне мел ду дӀакхаьчна церан тоьшалла».

[19] Аса юха а хоьтту: Исраилан халкъ кхетта дацара ткъа? Муса-пайхамаро дуьххьара иштта боху: «Халкъ доцучу халкъе Ас хьагӀ хуьлуьйтур ю шун, ткъа кхетам боцучу халкъан гӀоьнца Аса оьгӀазло хуьлуьйтур ю шуьгахь».

[20] Ткъа ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро майрра боху: «Ца лехначарна Со карийна, Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса».

[21] Ткъа Исраилан халкъах лаьцна Дала ЕшаӀ-ЯхӀугахула иштта боху: «Дийнахь сарралц Ӏийра Со Сайн куьйгаш дӀакховдийна муьтӀахь доцучу а, карзахдуьйлучу а халкъе».

Векало ПахӀала римхошка яздина кехат — Chapters