[1] Дала леррина Къобалвинчуьнца а волуш, билггал бакъдерг боху Аса. Со харц ца лоь. Делан Синан карахь долчу сан даго а тоьшалла до суна:
[2] Исраилан халкъах йоккха гӀайгӀа а, лазам а бу сан даг чохь.
[3] Дала леррина Къобалвинчух со дӀакъастийна хила луур дара суна сайн вежарийн дуьхьа, сан къомах болчу
[4] исраилхойн дуьхьа. Уьш хаьржина долу Делан бераш ду. Царна елла Делан бераш хиларан бакъо а, Делан сийлалла гойла а. Цаьрца Дала барташ бира. Царна белла товрат-хьехамаш а, Далла муха Ӏибадат дан дезаран хаар а. Царна дина Дала Шен ваӀданаш.
[5] Вайн сийлахьчу дайн тӀаьхье – уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хӀуманна тӀехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин!
[6] Ша йина чӀагӀо Дала кхочуш ца йина аьлла, жамӀ дойла дац, хӀунда аьлча Исраилан халкъах схьабевлларш Далла хьалха берриш а ма бац исраилхой.
[7] Дала ИбрахӀим а, цуьнан тӀаьхье а къастийна елахь а, ИбрахӀиман тӀаьхьенах берш а ма бац берриш а Делан долахь болчарах. Дала аьлла ду: «Хьан тӀаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю».
[8] И бохург хӀара ду: ИбрахӀиман дегӀах а, хотӀах а схьадевлларш дерриш а дац Делан бераш, Дала динчу ваӀданца схьабевлларш бен.
[9] ХӀунда аьлча Дала дина ваӀда иштта ма дара: «Билгалъяьккхинчу хенахь Со юхавогӀур ву, тӀаккха Саратан кӀант хир ву».
[10] И хилла а ца Ӏа: изза хилира Ребикхица, иза вайн да волчу Исхьакхах, кийрахь цхьаьний ши кӀант а волуш, берах йолчу хенахь.
[11] Ребикхе Дала иштта аьллера: «Воккхаха верг жимаха волчунна гӀуллакх деш хир ву». И ши кӀант дуьнен чу а валале, цара цхьа а дика а, вон а дале, Дала иштта аьлла, Шен Ӏалашо стенца йоьзна ю гайтархьама. Цо харжарца бен йоьзна яц Делан Ӏалашо. Динчу гӀуллакхех доьзна а доцуш, ткъа хоржуш Волчун лаамца хуьлу иза.
[13] Делан Йозанаш тӀехь яздинчуьнца догӀуш ма ду иза: «Якъуб Суна везавелира, ткъа Ӏесав ца вийзира».
[14] ХӀун эр вай? Делаца харцдерг ду те? Дера дац!
[15] ХӀунда аьлча Муса-пайхамаре Дала иштта боху: «Сайна къинхетам бан луучух Ас къинхетам а бийр бу, Сайна къахета луучух Суна къа а хетар ду».
[16] И бохург хӀара ду: стеган лааме я цо гӀуллакх даре а ца хьоьжуш, Дала Шен къинхетамца хоржу стаг.
[17] Делан Йозанашкахь Дала иштта боху пирӀуне: «Аса хьо, паччахь а вина, дӀахӀоттийна, хьоьгахула Сайн ницкъ гайтархьама а, дуьнен тӀехь массо а адамашна Сайн цӀе йовзийтархьама а».
[18] Иштта Шена луъучух къинхетам а бо Цо, ткъа Шена луъург дуьхьал а волуьйту Цо.
[19] Аша хатта там бу соьга: «Кхин стенна бехке во те Иза? Мила вер ву Цуьнан Ӏалашонна дуьхьал?»
[20] Ткъа мила ву хьо, стаг, Делаца къийсавала? Йинчу хӀумано эр дуй ша йиначуьнга: «Со иштта хӀунда йина ахьа?»
[21] Бакъо яц ткъа куьпчичун хьийначу цхьана поппарх цхьа пхьегӀа лараме долчу гӀуллакхна, ткъа важа пхьегӀа ларамаза долчунна ян?
[22] Дела иштта бакъо йолуш вара. Шен оьгӀазло ян а, Шен ницкъ гайта а лиира Далла, амма Шен оьгӀазлонах хӀаллакьхила кийча долчу адамашна Шен доккха собар хилар гайтира Цо.
[23] И собар дора Цо, Шен сийлаллин хьал адамашна гайтархьама. И адамаш Дала къинхетам бечу тӀаьхьенах хила дезаш дара. Уьш Дала Шен сийлалла тӀеэца кечдинера.
[24] Ткъа и адамаш Дала хаьржина долу вай ду – жуьгташна юкъара хаьржинарш хилла а ца Ӏаш, амма кхечу къаьмнашна юкъара хаьржинарш а.
[25] ХӀушаӀ-пайхамаран тептар тӀехь Дала иштта боху: «Сайн доцучу халкъах – „Сан халкъ“ эр ду Аса, Сайна езаш йоцучух а – „Сайна езаш ерг“ эр ду Аса.
[26] „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кӀентий ду“, – бохур ду цаьрга».
[27] Ткъа ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро исраилхойх лаьцна иштта боху: «ХӀордан гӀум санна, дукха исраилхой хиллехь а, царах жима дакъа бен кӀелхьардер дац.
[28] ХӀунда аьлча лаьтта тӀехь дехаш долчу адамашна ян йогӀу кхел Дала хадам боллуш а, леррина а кхочушйийр ю».
[29] ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро хир ду ма-аллара: «Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло вайн тӀаьхьенах цхьаберш дийна битина бацахьара, вай Седам-гӀалин бахархой санна а хир дара, Ӏамор-гӀалин бахархойх дӀа а тарлур дара».
[30] ХӀун эр вай хӀинца? Вайна хӀара хиъна: кхечу къаьмнех берш, цара Далла хьалха шаьш бакъдар ца лехнехь а, церан тешарехула бакъбина хилар.
[31] Ткъа Исраилан халкъо товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь Далла хьалха ша бакъдар лоьххушехь, и хьехамаш цуьнга кхочуш ца бало.
[32] Ткъа хӀунда ца дало цаьрга иза? Далла хьалха шаьш бакъдар тешарехула а ца лоьхуш, ткъа шаьш деш долчу гӀуллакхашкахула лоьхура цара. «Адамаш тасалур болчу тӀулгах» тасабелира уьш,
[33] Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Ас Цийон-лам тӀехь охьабуьллу адамаш тасалур болу тӀулг а, нах галбовлуьйтур йолу тарх а. Ткъа муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьӀаьржачу хӀуттур вац».