[1] Амма кхечунна бехк буьллуш волчу хьан бехказаволийла дац, хӀунда аьлча кхечунна еш йолу кхел ахь хьайна йо, кхиверг бехке веш волчу ахьа а изза леладо дела.
[2] Ткъа вайна хаьа, иштта гӀуллакхаш дечарна Дала еш йолу кхел нийса юйла.
[3] Иштта гӀуллакхаш дечарна кхел а еш, ткъа айхьа изза а лелош, Делан кхелах хьо кӀелхьарвер ву-м ца моьтту хьуна, ва стаг?
[4] Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тӀеверзо гӀерташ хиларх?
[5] Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таӀзарш гулдо Делан оьгӀазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна.
[6] Дала хӀоранна а, цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина, йийр ю кхел.
[7] Дика гӀуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо.
[8] Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дӀа а тоттуш, харцдолчунна тӀаьхьахӀуьттучарна Делан луьралла а, оьгӀазло а хир ю.
[9] Зулам деш волчу хӀоранна а гӀайгӀанаш а, баланаш а хир бу, цкъа хьалха жуьгташна, тӀаккха кхечу къаьмнех болчарна!
[10] Мелхо а, сийлалла а, ларам а, синпаргӀато а хир ду дика деш волчу хӀоранна а, цкъа хьалха жуьгташна, тӀаккха кхечу къаьмнех болчарна!
[11] ХӀунда аьлча Дала озабезам ца бо цхьаьнгге а.
[12] Товрат-хьехамийн долахь а боцуш, къинош латийнарш, оцу хьехамашка а ца хьоьжуш, хӀаллакбийр бу. Ткъа хьехамийн долахь шаьш боллушехь, къинош летийначарна оцу хьехамашца йоггӀу кхел йийр ю.
[13] ХӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладегӀарх нах Далла хьалха бакъ ца бо, ткъа и хьехамаш кхочушбийраш Цунна хьалха бакъбийр бу.
[14] Ткъа товрат-хьехамаш боцуш болчу кхечу къаьмнех болчара шайн лаамашца товрат-хьехамо тӀедиллинарг кхочушдича, цара шаьш гойту, магийнарг а, цамагийнарг а хӀун ду шайна хаар, товрат-хьехамаш шайн боццушехь а.
[15] Оцу хьехамашка хьаьжжина лелар шайн дегнаш чохь дӀаяздина хилар гойту цара. Цунах лаьцна тоьшалла до церан дегнаша. Церан ойланаша уьш цкъа бехке бо, юха бехказабоху.
[16] Иза иштта хир ду, аса кхайкхош болчу хазачу кхоо ма-бохху, адамийн къайлахчу ойланашна Дала Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула кхел ечу дийнахь.
[17] Ткъа хӀинца ша жуьгти ву бохучу хьох лаьцна хӀун ала дезаш ду? Хьан дегайовхо ю товрат-хьехамех, Делах дозалла а до ахьа.
[18] Делан лаам а бевза хьуна, ткъа товрат-хьехамашна тӀера Ӏамийна дела, дика долчух а кхета хьо.
[19] БӀаьрса доцучарна некъ гойтург хьо хиларх а теша хьо, боданехь болчарна хьайх серло яларх а теша хьо.
[20] Кхетам боцучарна хьехамаш бо ахь, берийн хьехархо а хьо ву, хӀунда аьлча товрат-хьехамашкахь билггал бакъдерг хааран кеп хьуна дӀахӀоьттира.
[21] Кхечарна хьехамаш беш волчу ахьа хьо Ӏамавой те? ХӀума ма лачкъае а бохуш, ткъа айхьа лечкъайой те ахьа?
[22] Сийсаза ма лела а бохуш, хьо-хьо иштта лелий те? ЦӀуйх ца вешаш волчу ахьа харцделанийн цӀенош чохь айхьа къола дой те?
[23] Товрат-хьехамех дозалла а деш, ткъа хьехамашца цадогӀург кхочуш а деш, Делан сий дойий те ахьа?
[24] Яздина ма ду: «Шу бахьана долуш, емалвеш ву Дела кхечу къаьмнех болчу наха».
[25] Сунтвина хилар пайденна ду, нагахь санна товрат-хьехамаш кхочушбеш белахь. Амма бакъонаш лар а ца еш, хьо зуламхо велахь, хьо сунт ца винарг санна лорур ву.
[26] Цундела, нагахь санна сунтвина воцучо товрат-хьехамаша тӀедиллинарг кхочушдеш хилча, иза сунтвича санна лорийла дац ткъа?
[27] Ша вичхьана а сунтвина воццушехь, товрат-хьехамаш кхочушбеш волчо бехке вийр вац ткъа хьо, сунтвина воллушехь, язйина йолу бакъонаш талхош верг?
[28] ТӀехьаьжча, тера леларх жуьгти хир ма вац, ткъа сунтвар дилхан тӀера чкъор даккхар бен ма ца хуьлу.
[29] Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар – йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу.