[1] Жуьгти хилар гӀолехь хӀунда ду, я сунтварх хӀун пайда хуьлу?
[2] Иза массо а агӀор гӀолехь ду, ткъа уггар а дика дерг Делан дош царна Ӏалашдан делла хилар ду.
[3] Ткъа и хӀун ду? Нагахь санна цхьаберш тешаме ца хиллехь, церан тешам цахиларо дойур-м дац те Делан тешаме хилар?
[4] Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду: «Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву, кхел ярехь Хьо тоьлур а ву».
[5] Нагахь вайн харцлеро Делан бакъхилар дӀадоьллуш хилча, хӀун ала вай? Дела нийса вуй те, бохур ду вай, Цо Шен таӀзар вайна дича? (Аса-м адаман ойланца боху иштта.)
[6] Дера дац! Иза иштта хилча, дуьнен чуьра массо а адамашна Дала кхел ян муха тарло?
[7] Нагахь санна сан тешаме цахиларо Делан тешаме хилар лакхадоккхуш хилча, нагахь санна Делан сийлалла иштта алсамдолуш хилча, хӀета къинош летийначунна санна Дала суна кхел хӀинца а хӀунда ян еза?
[8] Иза иштта делахь: «Диканиг далийтархьама, зуламаш дей вай» хӀунда олийла дац ткъа? Вай иштта хьехамаш бо бохуш, цхьаболчара меттанаш детта вайна. Ишттачарна Дала нийса кхел йина.
[9] ТӀаккха? Дуй те вай царал тоьлуш? Данне а дац, хӀунда аьлча ас дӀагайтина жуьгтий а, кхечу къаьмнех берш а къинан долахь хилар.
[10] Яздина ма ду: «Далла хьалха цхьа а бакъ вац.
[11] Цхьа а кхетам болуш а вац, цхьа а Дела лоьхуш а вац.
[12] Массо а адамаш Делах дӀадирзина, берриш а галбевлла бу. Цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац.
[13] Церан къамкъаргаш дӀаделладелла кешнаш санна ю. Шайн меттанашца нах лебо цара. Лаьхьарчийн дӀовш ду церан багахь.
[14] Церан баганаш сардамех а, стимах а юьзна ю.
[15] ЦӀий Ӏано уьш сиха арабовлу.
[16] Цара шаьш баханчохь бохам а бо, хӀаллакдар а дахьа.
[17] Машаран некъ ца бевза царна.
[18] Церан бӀаьргаш чохь Делах кхерар дац».
[19] Ткъа хӀинца вайна хаьа, товрат-хьехамаша хьоьхург хьехамийн долахь болчарна а дуйла. Цундела цхьаннан а бехказаволийла дац: массо а адамаш – жуьгтий я кхечу къаьмнех уьш белахь, Далла хьалха бехке хуьлу.
[20] Товрат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета.
[21] Ткъа хӀинца гучудаьккхина Далла хьалха адамаш бакъдар муха магийна. Иза товрат-хьехамашца доьзна дац. Цунах лаьцна тоьшалла до товрат-хьехамаша а, пайхамарша а.
[22] Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула нах Шена хьалха бакъбо Дала. Ӏийсах тешачарна массарна а ло Дала и бакъдар. Царна юкъахь башхо яц,
[23] хӀунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дӀакъастийна а ву.
[24] Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсас нах къинойн олаллех паргӀатбахар бахьана долуш.
[25] Къинойн гӀуда такхаран сагӀина Ӏийса дӀавелира Дала. Ӏийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гӀуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таӀзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХӀинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Ӏийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца.
[27] Стенах дозалла дойла ду стеган? Цхьана а хӀуманах дац! Делахь хӀун бахьана долуш Далла хьалха бакъво стаг? Товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь бакъво те стаг Далла хьалха? Дера ца во! Ӏийсах тешарехула бен бакъ ца во!
[28] Иштта, оха жамӀ до: адам Далла хьалха бакъдар цуьнан тешарехула бен дац, ткъа товрат-хьехамаш кхочушбарехула иза ца хуьлу.
[29] Ткъа Дела кхечу къаьмнех болчу нехан а воцуш, беккъа жуьгтийн Дела ву те? Вац дера, Иза кхечу къаьмнех болчу нехан а Дела ву.
[30] Дела цхьаъ бен вац. Адамийн тешарехула Цо сунтбинарш Шена хьалха бакъбо, ткъа оццу тешарехула Цо сунтбаза берш а бакъбо Шена хьалха.
[31] ТӀаккха Ӏийсах тешарна товрат-хьехамаш дӀабохий те вай? Дера ца боху. Мелхо а, вай уьш тӀечӀагӀбо.