[1] Ваьш тешарехула бакъдина дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас динарг бахьана долуш, Делаца синпаргӀато а йолуш деха вай.
[2] Вай Цунах тешар бахьана долуш, Ӏийсас Делан доккхачу диканна тӀекхочийла хилийтина вайна. ХӀинца вай дехаш ду оцу диканехь. Даккхий а деш, Делан сийлаллин декъехь хиларе сатуьйсуш ду вай.
[3] Цунах даккхийдийна а ца Ӏаш, ваьш баланаш хьегарх а даккхийдеш ду вай. Вайна хаьа, баланаш хьегаро доьналла долуш хуьлуьйтийла.
[4] Доьналла долуш хиларо къобалдар дахьа, ткъа къобалдаро сатийсар ло.
[5] Оцу сатийсаро дог доьхна ца хуьлуьйту вай, хӀунда аьлча Ша вайна деллачу Шен Синца вайн дегнаш чу Дала Шен безам Ӏанийна.
[6] Ваьшна гӀо дан вай де доцуш дисича, Дала билгалъяьккхинчу хенахь, Ӏесачеран метта Дала леррина Къобалвинарг жӀара тӀехь велла.
[7] Наггахь бен, бакъахьара волчун метта цхьана а стагана вала ца лаьа. Делахь а дикачун метта вала цхьаъ реза хила а там бу.
[8] Амма, вай хьарамлонаш лелош долчу хенахь, вайн дуьхьа велла Дала леррина Къобалвинарг. Цу тайпана Шен вайга болу безам мел боккха бу гойту Дала.
[9] Ӏийсан цӀийца вай бакъдина хилча, Цуьнгахула муххале а кӀелхьардевр ду вай Делан оьгӀазлонах.
[10] Вай Шен мостагӀий долчу хенахь Дела вайца тайра Шен КӀентан валарца. Дала Шеца тайтина долу вай, хӀинца муххале а Цуьнан КӀантехула кӀелхьардевр ду, КӀант дийна волу дела.
[11] Цунах тоам бина а ца Ӏаш, вай Делаца тайтина волчу а, вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайца Дела хиларна, даккхийдеш ду вай.
[12] Цхьана адамехула – Адамехула – дуьнен чу къа деара, ткъа къинехула Ӏожалла а еана. Иштта Ӏожалла а хӀора адамна тӀееана, массара а къа латийна дела.
[13] Товрат-хьехамаш юкъабале а, къа дуьнен чохь долуш дара. Амма хьехамашна юкъайогӀу бакъонаш ца лелачохь къалатор бехке ца лору.
[14] Делахь а Адаман хенахь дуьйна Мусан хене кхаччалц дехаш долчу массо а адамашна тӀехь Ӏожалло шен олалла дора, Адама латийнарг санна долу къа цара ца латийнехь а. Цхьана агӀор хьаьжча, шел тӀаьхьа вогӀу Волчух тера вара Адам.
[15] Делан дика зуламах тера дац. Нагахь санна, цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, дуккха а адамаш хӀаллакьхуьлуш хилча, тӀаккха муххале а Делан шорта долу дика, Цо цхьана адамехула – Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула – маьхза луш долу совгӀат дуккха а адамна кхочур ду!
[16] Дала делла хӀара совгӀат цхьана адамо латийначу къинах тера дац. ХӀунда аьлча цхьана адамо динчу зуламна йинчу кхело таӀзар хилийтина, ткъа дуккха а къинош латорна Дала динчу дикано адамаш Цунна хьалха бакъдар хилийтина.
[17] Цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, оцу цхьана адамехула Ӏожалло олалла дар дӀадоладелла. Амма цхьана адамехула, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула, хилийтинарг кхин а дукха ду. Делан шорта долу дика а, Далла хьалха бакъдина хиларан совгӀат а тӀе мел эцнарш Ӏийсагахула олалла деш хир бу дахарехь.
[18] Иштта дан а ду иза. Цхьаммо динчу зуламехула массо а адам бехкехилар тӀедаийтина. Иштта цхьана адамо динчу бакъдолчу гӀуллакхо массо а адамашна кхочу бакъдар а, дахар а ло.
[19] Цхьа адам Далла муьтӀахь ца хилла дела, массо а адамех къинош летийнарш хилира. Иштта цхьана адаман Далла муьтӀахь хиларо дуккха а адамаш бакъдина хир ду.
[20] Товрат-хьехамаш тӀаьхьо юкъабевллера, зуламаш алсамдовлийтархьама. Ткъа къинош алсамдевлча, Делан дика кхин а совдала дуьйлира.
[21] Къиноша, адамаш Ӏожаллина тӀе а далош, олалла деш хиларе терра, иштта Делан дикано а олалла дийр ду Далла хьалха бакъвина хиларехула. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Делаца долчу хедар доцучу дахаре кхачор ду адамаш.