Skip to content
Opens in a new window

[1] Лаьтта догӀа ца догӀу кхоалгӀа шо долуш, Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: «Хьо, ваха а гӀой, Ахьаб-паччахьна гучувала, тӀаккха Аса догӀа доуьйтур ду лаьтта тӀе».

[2] Эли-ЯхӀу Ахьаб-паччахьна тӀевахара. Ткъа Шамран-гӀалахь чӀогӀа мацалла хӀоьттинера.

[3] Ахьаб-паччахьо шен паччахьан цӀенна тӀехь хьаькам волу Ӏабди-ЯхӀу шена тӀекхайкхинера. (И Ӏабди-ЯхӀу Везачу Эле чӀогӀа ларамах вуьзна волу стаг вара.

[4] Изабала Везачу Элан пайхамараш хӀаллакбечу хенахь, Ӏабди-ЯхӀус цхьа бӀе пайхамар схьагулвира. ТӀаккха, уьш, шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Цу чохь Ӏабди-ЯхӀус юург а, мала хи а латтадора царна.)

[5] Ахьаб-паччахьо Ӏабди-ЯхӀуга аьллера: «Вало, махкара массо шовда а, хи а долчу меттигашкахула чекхвала вайшиъ, жимма буц карор яцара те вайна, говраш а, вирбӀарзаш а дийна йисийтархьама, бежанех цхьа а ца дайархьама».

[6] Цу шиммо шаьш хи лохуш чекхдовла деза меттигаш билгалъехира. Цхьаъ цхьана агӀор вахара, ткъа важа вукху агӀор вахара.

[7] Ӏабди-ЯхӀу новкъахула дӀавоьдуш, цунна Эли-ЯхӀу дуьхьалкхийтира. Ӏабди-ЯхӀуна вевзира пайхамар. Иза лаьтта кхаччалц пайхамарна хьалха охьатаьӀира. Ӏабди-ЯхӀус пайхамаре элира: «Хьо вуй те иза, сан олахо волу Эли-ЯхӀу?»

[8] Эли-ЯхӀус жоп делира: «ХӀаъ, со ву иза. Ахьа, хьайн олахо волчу паччахьна тӀе а гӀой, цуьнга дӀаала: „Эли-ЯхӀу-пайхамар кхузахь ву“».

[9] Ӏабди-ЯхӀус цуьнга хаьттира: «Аса хӀун вон болх бина хиллера те хьуна? Нагахь аса хьо схьавеана ву алахь, цо со вуьйр ма ву. Паччахьо со вен хӀунда лаьа хьуна?

[10] Хьан Веза Дела дийна хилар санна бакъду-кх, цхьа а къам я цхьа а пачхьалкх ца йисина сан олахочо хьо лоьхуш нах бахийтаза. Шега хьо цигахь вац аьлча, цо чӀагӀо йойтура хьо ца караво бохучу оцу пачхьалкхе а, къоме а.

[11] Ткъа ахьа хӀинца соьга боху: „Вало, хьайн олахочуьнга дӀаала: ‘Эли-ЯхӀу кхузахь ву’“.

[12] Хьо волчуьра и ала со дӀаваханчу хенахь, Везачу Элан Сино суна хуур а доцучу цхьанхьа хьо дӀавига ма тарло. ТӀаккха аса Ахьаб-паччахье хьох лаьцна хаам а бича, ткъа хьо кара а ца вича, цо со вуьйр ма ву. Хьан лай волу со-х жимчохь дуьйна а Деле болчу ларамах вуьзна ма вара.

[13] Сан эла, хьоьга ца дийцина, Изабала Везачу Элан пайхамарш бойучу хенахь, аса динчух лаьцна? Аса Везачу Элан бӀе пайхамар дӀахьулвира. Аса уьш, цхьатерра шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Царна даа бепиг а, мала хи а латтадора аса.

[14] Ткъа ахьа боху: „Вало, хьайн олахочуьнга Эли-ЯхӀу кхузахь ву ала. ТӀаккха цо со вуьйр ма ву“».

[15] Эли-ЯхӀус жоп делира: «Шена гӀуллакх деш волчу массо а ницкъийн Везачу Делах чӀагӀо йо ас, со тахана, цунна тӀе а вахана, дӀахӀуттург хиларх».

[16] Ӏабди-ЯхӀус, Ахьабана тӀе а вахана, и дерриг а дӀадийцира. Ткъа Ахьаб-паччахь Эли-ЯхӀуна тӀевахара.

[17] Ахьаба, шена Эли-ЯхӀу гича, цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и – Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург?»

[18] Эли-ЯхӀус жоп делира: «Со вац Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург, ткъа хьо а, хьан ден цӀа а ду. Везачу Элан весеташ дӀа а теттина, БаӀал-харцделанашна тӀаьхьахӀиттина шу.

[19] ХӀинца ахьа, хьайн ялхой а бахийтий, дерриг а Исраилан халкъ а, Изабала дола деш волу БаӀал-делан виъ бӀе шовзткъе итт пайхамар а, Ашера-делан виъ бӀе пайхамар а схьагулвайта Кармал-лома тӀе суна хьалха».

[20] Ахьаб-паччахьо массо исраилхой а, и харцделанийн пайхамарш а схьагулбайтира Кармал-лам тӀе.

[21] Эли-ЯхӀу-пайхамаро, дерриг а халкъана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «Шу дукха лелар дуй те шинна а когана астагӀа лелхаш? Нагахь санна Веза Эла Дела велахь, Цунна тӀаьхьахӀитта. Ткъа Иза БаӀал велахь, цунна тӀаьхьахӀитта». Халкъо цхьа а дош ца элира цуьнга.

[22] Эли-ЯхӀу-пайхамаро халкъе элира: «Везачу Элан пайхамарех со цхьаъ висна, ткъа БаӀалан виъ бӀе шовзткъе итт пайхамар ву.

[23] Тхуна ши старгӀа схьаялае. Цу шиннах шайна луъург цхьаъ аша дӀаэца. Оцу старгӀина урс а хьакхий, дакъош а дей, дечигна тӀедахка, амма цунна буха цӀе ма латае. Ткъа аса, важа старгӀа кеч а йина, дечигна тӀеюьллур ю, цунна буха а цӀе латор яц.

[24] ТӀаккха шу шайн Деле кхайкха. Ткъа со Везачу Эле кхойкхур ву. ЦӀе латаярца доӀанна жоп Делларг билггал волу Дела хир ву». Дерриг а халкъо, жоп а луш, элира: «Ахь бохург дика ду!»

[25] БаӀалан пайхамаршка Эли-ЯхӀус элира: «Оцу шина старгӀанах цхьаъ аша хьалха схьакъастае, тӀаккха сагӀа даккха кечам бе, хӀунда аьлча шу алсам ду. Цул тӀаьхьа аша шайн Деле доӀа де, амма бежанна буха цӀе ма латае».

[26] Шаьш схьакъастийна старгӀа кеч а йина, уьш, Ӏуьйранна дуьйна делкъахан тӀекхаччалц, БаӀал-деле кхойкхура. Цара бохура: «Ва БаӀал, дӀахазахьа тхо!» Амма дуьхьал олуш цхьа а аз а дацара, жоп а дацара хезаш. Шаьш кечйинчу сагӀа доккхучу меттигна хьалха ирхкхийсалора уьш.

[27] Делкъахан тӀееача, Эли-ЯхӀу кхаьрдира царах. Цо элира: «ЧӀогӀа мохь тоха аша, хӀунда аьлча иза дела ма ву. Иза ойла еш хила а тарло я иза шен гӀуллакх дан вахана хила а мега, я новкъахь вогӀуш хила а там бу, я наб еш хила а мега, иза-м самаваккха везаш ву!»

[28] ТӀаккха цара чӀогӀа маьхьарий хьоькхура. Цара шайн догӀмашна тӀе арсаш а, гоьмукъаш а хьокхура, шайна тӀехула цӀийш охьадоладаллалц.

[29] Делкъахан дӀа а яьлла, суьйренан сагӀа доккху хан тӀекхаьчча а, уьш кхидӀа а шовкъ еана бара. Амма цхьа а аз я жоп, я цхьа а хӀума дацара хезаш.

[30] ТӀаккха Эли-ЯхӀус дерриг а халкъе элира: «Суна тӀехила». Дерриг халкъ цунна тӀехилира. Везачу Элана сагӀа доккхуш хилла йолу меттиг йохийначуьра меттахӀотто волавелира Эли-ЯхӀу.

[31] Цо шийтта тӀулг схьаийцира. Уьш дара Везачу Эло шега: «Исраил хир ю хьан цӀе» – аьлла волчу Якъубан шийтта кӀантах девллачу тайпанийн барамехь.

[32] Оцу тӀулгех Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг йира Эли-ЯхӀус. Ткъа оцу меттигна гонах саьнгар яьккхира, шена чу ши сахь хӀу тарлуш йолу.

[33] Эли-ЯхӀус сагӀа доккхучу меттиге дечиг диллира. Ткъа урс хьаькхначу старгӀанах дакъош а дина, уьш цу дечигна тӀедехкира.

[34] ТӀаккха цо элира: «Йиъ кхаба хих а юьзна, и хи сагӀина ягош йолчу старгӀина а, дечигна а тӀедотта». Цара Эли-ЯхӀус боххург дира. ТӀаккха юха а элира цо: «Цу тайппана кхин а цкъа де». Цара иза юха а кхочушдира. Эли-ЯхӀус кхин а элира: «Изза кхозлагӀа а де». КхозлагӀа а изза дира цара.

[35] СагӀа доккхучу меттигна гонах хи охьадоладелира, саьнгар хих юьзира.

[36] Суьйренан сагӀа доккхучу хенахь Эли-ЯхӀу-пайхамар сагӀа доккхучу меттигна улло веара. Цо доӀа дира: «ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волу Веза Эла! Таханлерчу дийнахь дӀахаийтахьа Исраилан халкъан Дела Хьо цхьаъ вуйла а, со Хьан лай вуйла а, аса и дерриг а Ахьа ма-аллара динийла а!

[37] Жоп лохьа суна, ва Веза Эла, дӀахазахьа со, Веза Эла волу Хьо Дела хилар а, Ахь церан дегнаш Хьайна тӀедерзош хилар а хӀокху нахана хаийтархьама».

[38] ТӀаккха Везачу Эло цӀе охьахьажийра. Оцу цӀеро сагӀина еана хӀума а, дечиг а, тӀулгаш а, кхерчана гонахара латта а дагийра. Саьнгар чохь долу хи а дакъийра цо.

[39] И хилларг шена гича, дерриг а халкъо, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, бохура: «Веза Эла – Дела ву! Веза Эла – Дела ву!»

[40] ТӀаккха Эли-ЯхӀус цаьрга элира: «Схьалаца БаӀалан пайхамарш! Царах цхьа а дӀа ма вахийта!» Уьш схьалийцира. Эли-ЯхӀус уьш, Къишун-хи тӀе а бигна, цигахь байира.

[41] Эли-ЯхӀу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «ДӀа а гӀой, яа а яа, мала а мала. ДогӀун долчу чӀогӀачу догӀанан гӀовгӀа ю суна хезаш».

[42] Ахьаб-паччахь яий, малий дӀавахара. Ткъа Эли-ЯхӀу Кармал-ломан бохьа тӀе велира. Цигахь цо, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, шен корта голашна юккъе нисбира.

[43] ТӀаккха шен ялхочуьнга Эли-ЯхӀус элира: «Вало, гӀой, хӀордехьа дӀахьажа». Ялхочо, вахана, хьажа а хьаьжна, элира: «Суна-м хӀумма а ца го». Эли-ЯхӀус ворхӀазза а элира цуьнга: «Юха а гӀой, хьажа».

[44] Ша ворхӀазлагӀа вахана схьавеача, ялхочо элира: «Адаман кераюккъалц йолу цхьа жима марха ю хӀорда тӀера хьалайолуш». Эли-ЯхӀус элира: «Вало, Ахьаб-паччахь волчу а гӀой, цуьнга дӀаала: „Хьайн гӀудалкх а йожий, цӀа верза, догӀано хьо сацавале. Хьо хӀинцца дӀа ца водахь, догӀано сацор ву хьо“».

[45] Дукха хан ялале, мархаш а хӀиттира, стигал Ӏарж а елира, мох а белира. ЧӀогӀа догӀа деара. Оцу хенахь Ахьаб, шен гӀудалкха тӀе а хиъна, ИзраӀал-гӀала ваха новкъа ваьллера.

[46] Везачу Элан ницкъ боьссира Эли-ЯхӀуна тӀе. Шен гӀодаюкъ а йихкина, Ахьаб-паччахьна хьалха а ваьлла, ИзраӀал-гӀала дӀакхаччалц новкъахула ведда вахара Эли-ЯхӀу.

Сулим-паччахь а, кхиболу паччахьаш а — Chapters