[1] ГалӀад-махкарчу Тишаб-гӀалара волчу Эли-ЯхӀу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гӀуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чӀагӀо йо аса, хӀокху шерашкахь я тхи, я догӀа хир дац аьлла, аса омра даллалц».
[2] ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга:
[3] «ХӀокху меттера дӀа а валий, Йордан-хина малхбалехьа долчу Карит-Ӏин чохь дӀалачкъа.
[4] Оцу Ӏин чуьра хи мер ду ахьа. Ткъа хьуна юург латтор къигашна тӀедиллина Аса», – аьлла.
[5] Везачу Эло шега аьлларг Эли-ЯхӀус кхочушдира. Иза, вахана, Йордан-хина малхбалехьа долчу Карит-Ӏин чохь сецира.
[6] Къигаша бепиг а, жижиг а дохьура Эли-ЯхӀуна Ӏуьйранна а, суьйранна а. Ӏин чуьра хи а молура цо.
[7] Цхьа хан яьллачу хенахь, догӀанаш ца дарна, оцу Ӏин чуьра хи лекъира.
[8] Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга:
[9] «ЦӀадан-гӀалин уллохь йолчу Сарпат-гӀала дӀа а гӀой, цигахь саца. Йисина Ӏаш йолчу цхьана зудчуьнга хьо, тӀе а лаций, оцу меттехь кхаба аьлла Аса».
[10] Эли-ЯхӀу Сарпат-гӀала вахара. Иза гӀалин кевне кхаьчначу хенахь, цунна йисина Ӏаш йолу цхьа зуда гира. Иза чӀийш гулдеш яра. Эли-ЯхӀус цуьнга элира: «КӀудал чохь жимма мала хи лохьа суна».
[11] И зуда хи дан яхача, Эли-ЯхӀус, цунна тӀаьхьа мохь а тоьхна, элира: «Баьпкан юьхк а яхьа суна!»
[12] Оцу зудчо элира: «Дийна волчу хьан Везачу Делах чӀагӀо йо ас, сан кийча яа хӀума цахилар. Сан долуш дерг текха чохь цхьа кана дама а, кхаби чохь кӀеззиг даьтта а ду. Со хӀинца жимма чӀийш гулдеш йоллура, уьш цӀа а даьхьна, сайна а, сайн кӀантана а юург ярхьама. И йолуш ерг йиъна дӀаяьлча, тхойшиъ лийр ду-кх».
[13] Эли-ЯхӀус оцу зудчуьнга элира: «Ма кхера, зуда, дӀа а гӀой, айхьа бохург де. Амма цкъа хьалха хьайн долуш долчух жимо совсаза хьокхам а баттий, суна схьаба, цул тӀаьхьа хьайна а, хьайн кӀантана а яа хӀума кечъе.
[14] ХӀунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Хьан текхара дама а хедар дац, кхаби чуьра даьтта а жимлур дац, Везачу Эло лаьтта догӀа даийтталц“».
[15] Цо, дӀа а яхана, Эли-ЯхӀус боххург дира. Дуккха а деношна Эли-ЯхӀуна а, оцу зудчунна а, цуьнан кӀантана а яа хӀума тоьура.
[16] Текхара дама а чекх ца долура, кхаби чуьра даьтта а лах ца лора, Везачу Эло Эли-ЯхӀугахула аьлла ма-хиллара.
[17] Цул тӀаьхьа оцу йисина Ӏачу зудчун кӀант цомгуш хилира. И цамгар чӀогӀа хиларна, кӀентан садаӀар а сецнера.
[18] Оцу зудчо Эли-ЯхӀуга элира: «Ва Делан стаг, хьан хӀун бала бу соьца? Я хьо, Далла сан къинош дага а доуьйтуш, сан кӀант вен веана ву те?»
[19] Эли-ЯхӀус цуьнга элира: «Схьалол соьга хьайн кӀант». Цуьнан карара кӀант, схьа а эцна, оцу цӀийнан лакхарчу гӀат тӀехь долчу шен цӀа чу а вигна, ша дӀавуьжучу маьнги тӀе виллира Эли-ЯхӀус.
[20] Цо Везачу Эле доӀа дира: «Сан Веза Дела! Со шен хӀусамехь волчу йисина Ӏаш йолчу хӀокху зудчунна а дийр ду те Ахьа зулам, цуьнан кӀант а валийтина?»
[21] ТӀаккха Эли-ЯхӀус кхузза шен дегӀ цу кӀантана тӀедиллира. Цо доьхура: «Ва сан Веза Дела, юхадерзадехьа цу кӀентан дегӀа чу дахаран са!»
[22] Везачу Элана дӀахезира Эли-ЯхӀун доӀа. Оцу кӀентан дахаран са юхадеара, иза денвелира.
[23] Эли-ЯхӀус и кӀант, схьа а эцна, лакха тӀера охьавалийра. Цо, иза нене дӀа а велла, элира: «Хьажал, хьан кӀант дийна ву!»
[24] ТӀаккха оцу зудчо Эли-ЯхӀуга элира: «ХӀинца хаьа суна хьо Делан стаг хилар а, Везачу Эло хьоьгахула бакъдерг олуш хилар а».