Skip to content
Opens in a new window

[1] Хьананин кӀант волчу ЯхӀу-пайхамаре Везачу Эло, БаӀша-паччахьна лерина хаам а беш, элира:

[2] «Аса хӀумма а воцучу хьох Сайн Исраилан халкъан баьчча вира, ткъа хьо ЯрбаӀам-паччахьан новкъахула вахана, Сан Исраилан халкъ къинойх а дузуш. Цара шаьш летош долчу къиношца Со дарвина.

[3] ХӀинца Аса дӀавоккхур ву хьо а, цуьнан цӀийнах мел верг а. НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман цӀенна диннарг дийр ду Аса хьан цӀенна а.

[4] Хьан цӀийнах волу гӀалахь велларг жӀаьлеша вуур ву. Ткъа аренгахь веллачунна стигалан олхазарша зӀакарш еттар ю».

[5] БаӀша-паччахьан кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо мел кхочушдинчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[6] БаӀша, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Тирца-гӀалахь дӀавоьллира. БаӀшин метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Эли.

[7] Шен иштта дешнаш аьллера Везачу Эло Хьананин кӀант волчу ЯхӀу-пайхамарехула БаӀше а, цуьнан цӀийнах болчаьрга а, цо деш долу Шена зуламе хета массо а гӀуллакхаш бахьанехь. Ша дечу гӀуллакхаш тӀехь иза ЯрбаӀаме тарваларна а, иштта, ЯрбаӀаман цӀа хӀаллакдарна а, БаӀшас Веза Эла чӀогӀа дарвора.

[8] ЯхӀудхойн Аса-паччахьо олалла ден ткъе йолхалгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира БаӀшин кӀант Эли. Тирца-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира.

[9] Паччахьан гӀудалкхийн ахдекъан хьаькам волчу Эли-паччахьан ялхочо Зимарис цунна дуьхьал къайлаха барт бира. Цхьана дийнахь Тирца-гӀалахь паччахьан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Арцин цӀахь маларо вахийна Ӏаш вара Эли.

[10] Оццу хенахь, цу цӀа чу а ваьлла, Зимарис тоьхна вийра Эли-паччахь. Иза дара Аса-паччахьо олалла ден ткъе ворхӀалгӀа шо долуш. Зимари Эли-паччахьан метта паччахь хӀоьттира.

[11] Цо, ша паччахь а хилла, олалла дан вола-ма-велли, БаӀшин дерриг а цӀа хӀаллакдира. БаӀшин цӀийнах болчу цуьнан гергарчарна а, доттагӀашна а юкъара цхьа а боьрша стаг дийна ца витира Зимарис.

[12] Иштта, Везачу Эло БаӀшех лаьцна ЯхӀу-пайхамарехула аьлла ма-хиллара, Зимари-паччахьо БаӀшин цӀа хӀаллакдинера.

[13] И дерриг а хилира БаӀша-паччахьо а, цуьнан кӀанта Элис а къинош летадар бахьана долуш а, цара Исраилан халкъе а къинош летадайтар бахьанехь а. Шайн эрначу цӀушна Ӏибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора цара.

[14] Эли-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[15] ЯхӀудхойн паччахьо Асас паччахьалла до ткъе ворхӀалгӀа шо долуш, хилира Зимарих паччахь. Цо Тирца-гӀалахь ворхӀ дийнахь паччахьалла дира. Иза дара исраилхойн эскаро пӀелаштамхойн Габитун-гӀалина го бинчу хенахь.

[16] Зимарис паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бина хилар а, цо паччахь вер а исраилхойн эскарна хиъча, цара массара а шайн тӀеман хьаькам волу Ӏумари оццу дийнахь цу меттехь паччахь дӀахӀоттийра.

[17] Ӏумарис а, цуьнца цхьаьна исраилхойн дерриг эскаро а, Габитун-гӀалара дӀа а дахана, Тирца-гӀалина го бира.

[18] Шена гӀала дӀалаьцнийла хиъча, паччахьан цӀийнан чӀагӀйинчу чухуларчу чоьн чу велира Зимари. Иза, шена тӀаьхьа паччахьан цӀийнах цӀе а тесна, велира.

[19] Иза иштта хилира, Зимарис Везачу Элана зуламе хета гӀуллакхаш лелорна а, ЯрбаӀама летийна доллу къинош а летош, иза цуьнан некъашца леларна а. ЯрбаӀама санна, цо а къинош летадайтира Исраилан халкъе.

[20] Зимарин кхидолчу хӀуманех – цо йина ямартло шена чу а лоцуш – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[21] Исраилан халкъ шина декъе декъаделира. Халкъан цхьа дакъа Гинатин кӀантана Тибанина тӀаьхьахӀоьттира, иза паччахь хӀотто дагахь, ткъа вуьш Ӏумарина тӀаьхьахӀиттира.

[22] Ӏумарина тӀаьхьахӀоьттинчу халкъо толам баьккхира, Гинатин кӀантана Тибанина тӀаьхьахӀоьттина халкъ эша а деш. Тибани велира, ткъа Ӏумари паччахь дӀахӀоьттира.

[23] ЯхӀудхойн паччахьо Асас олалла ден ткъе цхьайтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилира Ӏумари. Цо шийтта шарахь паччахьалла дира. Царах ялх шарахь Тирца-гӀалахь олалла дира цо.

[24] Ӏумарис Шамран лам ийцира Шамрера, ши гали дато ахча а делла. Оцу гу тӀехь гӀала йира Ӏумарис. Цунах Шамран-гӀала элира цо, и лам долахь хиллачу Шамрин цӀарах.

[25] Ӏумари шел хьалха хиллачу паччахьел а тӀехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дарна тӀехь.

[26] Иза массо а хӀуманна тӀехь НабатӀан кӀант ЯрбаӀам лелла хиллачу новкъахула лелара, ЯрбаӀама Исраилан халкъе летадайтина къинош а летадеш. Шайн эрначу цӀушна Ӏибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора исраилхоша.

[27] Ӏумари-паччахьо динчу кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо кхочушдинчу гӀуллакхех а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[28] Ӏумари, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан кӀант волу Ахьаб цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира

[29] ЯхӀудхойн паччахьо Асас олалла до ткъе берхӀитталгӀа шо дара, Ӏумарин кӀант Ахьаб исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттича. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, Ӏумарин кӀанта Ахьаба ткъе шина шарахь исраилхошна тӀехь олалла дира.

[30] Ӏумарин кӀант Ахьаб шел хьалха хиллачу паччахьел а тӀехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дарна тӀехь.

[31] НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама летийна долу къинош ша летадар шена кӀезиг хеташ санна, цӀаданхойн паччахь волчу Эти-БаӀалан йоӀ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаӀал-цӀунна Ӏамал ян а, Ӏибадат дан а волавелира иза.

[32] Шамран-гӀалахь, БаӀал-харцделан цӀа чохь, оцу цӀунна лерина сагӀа доккху кхерч хӀоттийра Ахьаба.

[33] Иштта, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттийра Ахьаба. Шел хьалха хиллачу исраилхойн массо паччахьел а тӀехвелира иза Исраилан халкъан Веза Дела оьгӀазвохуьйту гӀуллакхаш дарна тӀехь.

[34] Ахьаб-паччахь волчу заманчохь Бетал-гӀаларчу Хьиала Ерихон-гӀала юхаметтахӀоттийра. Хьиала оцу гӀалин бух биллийтинчу хенахь, цуьнан воккхах волу кӀант Абирам велира. Ткъа Хьиала цу гӀалин ков дӀахӀоттийначу хенахь цуьнан жимах волу кӀант Чагуб а велира. Иза хилира Нунин кӀант волчу ЮшаӀехула Везачу Эло аьлла ма-хиллара.

Сулим-паччахь а, кхиболу паччахьаш а — Chapters