[1] Цу хенахь ЯрбаӀаман кӀант Аби-ЯхӀу цомгуш хиллера.
[2] ЯрбаӀама шен зудчуьнга элира: «Яло, хьо сан зуда юйла ца хаийта, хьайна тӀе хийцина хӀума а юхий, Шилун-гӀала гӀо. Цигахь вехаш АхьъяхӀу цӀе йолу цхьа пайхамар ву. Со хӀокху халкъан паччахь хилла дӀахӀоттор ву аьлла, хаам бинера цо.
[3] Хьайца итт бепиг, масех хьокхам, кхаби чохь моз а хьош, и пайхамар волчу гӀо. Цо эр ду хьоьга вайн кӀантах хиндерг».
[4] Зудчо ЯрбаӀама боххург дира. Иза, Шилун-гӀала а яхана, АхьъяхӀун цӀа еара. АхьъяхӀу са гуш вацара. ЧӀогӀа къена хиларна, цуьнан бӀаьрса дайнера.
[5] Везачу Эло АхьъяхӀуга элира: «ЯрбаӀаман зуда ю хьуна тӀе йогӀуш, шен кӀантах хиндерг хьоьга хаттархьама. И кӀант цомгуш ву. И зуда ша ца йовзийта тӀе хийцина хӀума юьйхина хир ю». ТӀаккха Везачу Эло цуьнга элира оцу зудчуьнга ала дезарг.
[6] ЧуйогӀучу оцу зудчун когийн тата шена хезча, АхьъяхӀус элира: «Чуйола, ЯрбаӀаман зуда. Ахьа хьайн йоцу бедар тӀе хӀунда юьйхира? Вон кхаъ бу сан хьоьга ала.
[7] Яло, дӀа а гӀой, ЯрбаӀаме ахьа ала: „Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: ‘Дерриге а халкъана юкъара хьо лакха а ваьккхина, Сайн Исраилан халкъан баьчча вина дӀахӀоттийра Аса.
[8] Даудан цӀийнан паччахьалла, схьа а даьккхина, Аса хьан кара делира. Амма хьо сан ялхо волу Дауд санна вац. Дауда сан весеташ а кхочушдора, шен доггах Суна тӀаьхьа а хӀоьттира иза, Суна нийса хеташ дерг бен ца деш.
[9] Ткъа хьо хьайл хьалха хиллачу массо а паччахьел а сов зуламаш деш хили. Со оьгӀаз а вохуьйтуш, лалийначу хӀуманах цӀуш а бина, хьайна кхин деланаш дӀахӀиттийна ахь, ткъа Со-м кхоччуш дӀатеттина ахь.
[10] Цундела Аса ЯрбаӀаман цӀенна тӀе бохам боуьйтур бу. ЯрбаӀаман цӀентӀера хӀора боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хӀаллаквийр ву Аса. Чим ца буьтуш, ягийна кхелли санна, дамардарц дина дӀадоккхур ду Аса ЯрбаӀаман цӀа.
[11] ЯрбаӀаман цӀийнах волу гӀали чохь велла муьлхха а стаг жӀаьлеша вуур ву. Аренгахь беллачарна стигалан олхазарша зӀок еттар ю. Иштта боху Везачу Эло!’“»
[12] ТӀаккха АхьъяхӀу-пайхамаро ЯрбаӀаман зудчуьнга элира: «Ткъа хӀинца хьайн цӀа гӀо. Ахьа гӀали чу ког боккхушехь, хьан кӀант лийр ву.
[13] Дерриг а Исраилан халкъо белхар хӀоттор ду, тӀаккха иза дӀавуллур ву. ЯрбаӀаман доьзалх иза цхьаъ бен дӀавоьллина хир вац, хӀунда аьлча ЯрбаӀаман цӀийнах болчарна юкъахь бен цхьа а диканиг ца карийна Исраилан халкъан Везачу Далла.
[14] Везачу Эло Исраилан халкъана тӀехь керла паччахь хӀоттор ву. Цо ЯрбаӀаман цӀа хӀаллакдийр ду. Иза кестта хир ду.
[15] Хино лестош болу эрз санна хилла, дӀахӀоттор ду Везачу Эло Исраилан халкъ Шен таӀзарца. Ша исраилхойн дайшна деллачу токхечу лаьтта тӀера орамашца бухдоккхур ду Везачу Эло и халкъ. Оцу халкъо, Веза Эла дарвеш, шайна Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахӀитторна, Эпрат-хил дехьа а даьккхина, дӀасадаржор ду иза.
[16] ЯрбаӀам-паччахьо ша летийна долу а, Исраилан халкъе летадайтина долу а къинош бахьанехь, Везачу Эло Исраилан халкъ дуьтур ду».
[17] ЯрбаӀаман зуда, хьала а гӀаьттина, Тирца-гӀала юхайирзира. Цо шен цӀа чу ког боккхушехь, цуьнан кӀант велира.
[18] Везачу Эло Шен ялхо волчу АхьъяхӀу-пайхамарехула ма-аллара, и кӀант дӀавоьллира, массо а исраилхоша цунна белхар хӀоттийра.
[19] ЯрбаӀам-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цо бинчу тӀамех а, цо динчу паччахьаллех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
[20] ЯрбаӀама ткъе шина шарахь паччахьалла дира. ТӀаккха, дӀа а кхелхина, иза шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Надаб.
[21] Сулим-паччахьан кӀант РахьбуӀам яхӀудхойн паччахь вара. РахьбуӀам паччахь хилла дӀахӀуттуш цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло, Шен цӀе язъяйтархьама, Исраил-мехкан гӀаланашна юкъара схьахаьржинчу Ярушалайм-гӀалахь вуьрхӀитта шарахь паччахьалла дира цо. РахьбуӀаман ненан цӀе НаӀмат яра. Иза Ӏамминхо яра.
[22] ЯхӀудан халкъо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дора. Шаьш летош долчу къиношца шайн дайша чул а сов дарвора яхӀудхоша Веза Эла.
[23] Цара шайна сагӀа доккху гунаш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а дӀахӀиттадора муьлххачу а лекхачу меттигехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу дитта кӀелахь а.
[24] Оцу махкахь а бара цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий. Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхара дӀалелхийначу наха мел лелийна дегаза гӀуллакхаш леладора яхӀудхоша а.
[25] РахьбуӀам паччахь волу пхоьалгӀа шо долуш, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тӀелетира.
[26] Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀа чуьра а ерриге а еза хӀуманаш дӀаяьхьира цо. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хӀума а дӀадаьхьнера.
[27] Церан метта РахьбуӀам-паччахьо цӀестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цӀийнан ков лардечу гӀаролхойн хьаькамийн караделира.
[28] Паччахь хӀоразза а Везачу Элан цӀа чу волуш, гӀаролхоша и турсаш схьаоьцура. Цул тӀаьхьа гӀаролхойн цӀа чу шен метте охьадохкура цара уьш.
[29] РахьбуӀаман кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.
[30] РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь ца соцуш тӀом лаьттира.
[31] ТӀаккха РахьбуӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан ненан цӀе НаӀмат яра. Иза Ӏамминхо яра. РахьбуӀаман метта цуьнан кӀант Аби-ЯхӀу дӀахӀоьттира паччахь хилла.