Skip to content
Opens in a new window

[1] РахьбуӀам Шехем-гӀала дӀавахара, хӀунда аьлча берриге а исраилхой цига дӀабаханера, иза паччахь дӀахӀотторхьама.

[2] Шена иза дӀахезча, НабатӀан кӀант ЯрбаӀам Мисар-махкахь висира. Цигахь иза Сулим-паччахьах ведда ваххарх Ӏаш вара.

[3] Амма цара, ЯрбаӀамна тӀе нах а бахийтина, цуьнга юхаверзар дийхира. ТӀаккха ЯрбаӀам а, массо исраилхой а РахьбуӀам волчу дӀабахча, халкъо цуьнга элира:

[4] «Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гӀуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хӀинца дайдехьа. ТӀаккха оха хьуна хьалхара гӀуллакх дийр дара».

[5] РахьбуӀама элира: «Кхо де даьлча юхадуьйла суна тӀе, аса жоп лур ду шуна». Халкъ дӀадахара.

[6] РахьбуӀам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимна хьехамчаша санна гӀуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуӀама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хӀун аьлча бакъахь хета шуна?» – аьлла.

[7] Къаноша цуьнга жоп делира: «Нагахь, таханлерчу дийнахь хьо оцу халкъана ялхо а хилла, ахьа царна гӀуллакх а дахь, цаьрца ахьа эсала къамел а дахь, уьш массо а хенахь хьуна ялхой хилла лелар бу».

[8] Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуӀама дӀатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гӀуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза.

[9] Цо кегийрхошка хаьттира: «Аса хӀун жоп дала деза аьлла хета шуна оцу нахе? Цара соьга боху: „Хьан дас тхан коча диллина деза дукъ дайдехьа“».

[10] РахьбуӀамца цхьаьна кхиъначу кегийрхоша элира: «Хьан дас шайн коча диллина деза дукъ дайдар доьхучу оцу халкъе ахьа иштта ала: „Сан цӀазапӀелг сан ден гӀодаюкъал а стомма бу.

[11] Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна“».

[12] Паччахьо шайга аьлла ма-хиллара, ЯрбаӀам а, дерриг халкъ а кхозлагӀчу дийнахь РахьбуӀамна тӀедеара.

[13] Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дӀа а теттина,

[14] кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуӀама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна».

[15] Иштта паччахьо ла ца дуьйгӀира халкъо шега бохучуьнга, хӀунда аьлча иза Везачу Эло нисдинера, Ша НабатӀан кӀанте ЯрбаӀаме шилунхо волчу АхьъяхӀугахула аьлларг кхочушхилийтархьама.

[16] Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца дугӀийла гича, паччахье элира: «Вай Даудан цӀийнах схьадевлла ма дац! Юшайн кӀентан цӀийнаца доьзна ма дац вай! Цундела шайн-шайн цӀа дерза шу, исраилхой. Даудан кӀанта ша дойла шен цӀентӀехь олалла!» Иштта исраилхой шайн-шайн цӀа дӀасабахара.

[17] Ткъа РахьбуӀама ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь Ӏаш болчу исраилхошна тӀехь паччахьалла дира.

[18] Цо белхалошна тӀехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тӀе, амма исраилхоша иза, тӀе тӀулгаш кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуӀам сихха гӀудалкха чу хиира, Ярушалайме дӀавадархьама.

[19] Иштта тахханалц а Даудан цӀенна дуьхьалбевлла Ӏаш бу исраилхой.

[20] ЯрбаӀам цӀа вирзина аьлла шайна хезча, исраилхоша, цунна тӀаьхьа нах а бахийтина, иза, гуламе схьа а кхайкхина, дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийра. ЯхӀудан тайпанах берш бен ца хӀиттира Даудан цӀийнах болчарна тӀаьхьа.

[21] РахьбуӀама, Ярушалайме схьа а веана, дерриге а ЯхӀудан цӀийнах а, Бен-Яманан тӀаьхьенах а волу цхьа бӀе везткъа эзар тоьлла тӀемало схьагулвира. Исраилан цӀийнах болчаьрца тӀом а бина, Сулим-паччахьан кӀентан РахьбуӀаман кара паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза.

[22] ШамӀа-ЯхӀу цӀе йолчу Делан стаге Дала элира:

[23] «Сулиман кӀант волчу яхӀудхойн паччахье РахьбуӀаме а, ЯхӀудан, Бен-Яманан тӀаьхьенах болчу массаьрга а, кхидолчу халкъе а дӀаала:

[24] „Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тӀом бан ма гӀолаш. ХӀорра а шен-шен цӀа юхаверза, хӀунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“». Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, уьш Цо ма-бохху юхабирзира.

[25] ЯрбаӀама Эпрайм-лам тӀехь йолу Шехем-гӀала чӀагӀйира. Иза цу чохь ваха охьахиира. Эццара дӀа Пенуал-гӀала а вахана, иза чӀагӀйира цо.

[26] Шен дагахь ЯрбаӀама бохура: «Паччахьалла дар юха а Даудан тӀаьхьенан карадерза там бу.

[27] Нагахь халкъо, Ярушалайме а оьхуш, Везачу Элан цӀийнан кертахь сагӀа даккха доладахь, адамийн дегнаш юха а яхӀудхойн паччахь волчу РахьбуӀамна тӀедоьрзур ду. ТӀаккха цара со вуьйр ву».

[28] ЯрбаӀама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТӀех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хӀорш бу».

[29] Цхьа дашо эса Бетал-гӀалахь, важа – Дан-гӀалахь дӀахӀоттийра цо.

[30] Цу гӀуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гӀала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Ӏибадат дан.

[31] Иштта гунаш тӀехь Везачу Элан а, харцделанийн а цӀенош догӀийтира ЯрбаӀама. Массо а халкъана юкъарчу нахах динан дай бина дӀахӀиттийра цо, уьш Левин тӀаьхьенах боццушехь.

[32] Шеран борхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь ЯхӀуд-махкахь даздеш хиллачу кепара деза де билгалдаьккхира цо. Оцу дезачу дийнахь сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀанаш дохура цо. Изза дира цо Бетал-гӀалахь а, деших ша динчу эсашна сагӀанаш а дохуш. Бетал-гӀалахь ша динчу сагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх деш динан дай дӀахӀиттийра цо.

[33] Шеран борхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, ша билгалбаьккхинчу баттахь, исраилхошна ша хӀоттийначу дезачу дийнахь, ша дӀахӀоттийначу сагӀа доккхучу кхерчана тӀе вахара иза, цигахь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама.

Сулим-паччахь а, кхиболу паччахьаш а — Chapters