Skip to content
Opens in a new window

[1] Эли-ЯхӀу-пайхамаро динчух лаьцна а, цо БаӀалан массо а пайхамарш тур хьаькхна байарх лаьцна а – дерриг а Изабале дӀадийцира Ахьаб-паччахьо.

[2] Изабала Эли-ЯхӀуна тӀе геланча вахийтира, цуьнга дӀаала: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь аса, кхана хӀара хан тӀекхачале, оцу пайхамарех хӀоранна а диннарг хьуна а ца дахь».

[3] Кхера а велла, Эли-ЯхӀу цигара дӀавахара, шен са кӀелхьардаккхархьама. ЯхӀуд-махкахь йолчу Беар-ШабаӀ-гӀала а вахана, Эли-ЯхӀус шен ялхо цигахь витира.

[4] Цхьана дийнахь некъ баллал юкъ йолчу яьссачу аренга веара Эли-ЯхӀу. Схьавеана, жолам-куллана кӀел охьа а хиъна, шена валар а доьхуш, цо элира: «ХӀинца тоьар дара-кх, Веза Эла. ДӀаэцахьа сан са, хӀунда аьлча со сайн дайл хӀумма а тоьлуш вац».

[5] ДӀа а вижина, оцу кулла кӀелахь наб кхийтира Эли-ЯхӀуна. ТӀаккха деанчу малико, цунах хьакха а делла, элира цуьнга: «Хьала а гӀаттий, хӀума яа».

[6] Эли-ЯхӀу дӀахьаьжча, цунна шен коьртехь Ӏуьллучу тӀулга тӀехь беттина хьокхам а, чохь хи долу кхаба а гира. Бепиг а диъна, хи а мелла, юха а наб кхийтира цунна.

[7] Везачу Элан Малик шолгӀа а тӀедеара Эли-ЯхӀуна. Цунах хьакха а делла, Малико элира: «Хьала а гӀаттий, хӀума яа, хӀунда аьлча бехха некъ бу хьуна хьалха».

[8] Эли-ЯхӀус, хьала а гӀаьттина, хӀума а йиира, хи а мелира. Шена тӀедеанчу гӀоранца Эли-ЯхӀус шовзткъа дийнахь а, буса а некъ бира, Хьариб цӀе йолчу Делан ломана тӀекхаччалц.

[9] Цигахь цхьана хьехана чу а ваьлла, цу чохь буьйса яьккхира Эли-ЯхӀус. Юха Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхӀуга: «Эли-ЯхӀу, хьо хӀун деш ву кхузахь?»

[10] Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гӀуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дӀатесна, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьхуш ву цара».

[11] Везачу Эло цуьнга элира: «Хьала а гӀаттий, лам тӀе а валий, Веза Эла волчу Суна хьалха дӀахӀотта. ТӀаккха хьуна уллохула тӀехвер ву Со». Оцу хенахь чӀогӀа мох белира Везачу Элана хьалха. Оцу мохо лаьмнаш а дохадора, тархаш а кегйора, амма цу махца Веза Эла вацара. Цул тӀаьхьа мохк бегийра, амма мохк бегорца а Веза Эла вацара.

[12] Мохк бегийначул тӀаьхьа, цӀе елира, амма цу цӀерца а Веза Эла вацара. ЦӀе чекхъяьллачул тӀаьхьа эсала а, тийна а долу аз деара.

[13] Иза хезча, Эли-ЯхӀус тӀехула юхучу шен бедарца юьхь дӀахьулйира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цу чу воллучохь хӀоьттина лаьтташ вара Эли-ЯхӀу. Цхьана озо цуьнга хаьттира: «Хьо хӀун деш ву кхузахь, Эли-ЯхӀу?» – аьлла.

[14] Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гӀуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дӀатесна, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьху цара».

[15] Везачу Эло цуьнга элира: «Вало, юха а верзий, хьайн новкъахула Дамасакхана уллорачу яьссачу аренга дӀагӀо. Хьо цига дӀакхаьчча, Хьазиал даьтта доттарца арамхойн паччахь хиларна къобалве.

[16] Ткъа Нимшайн кӀант ЯхӀу Исраилан халкъана тӀехь паччахь хиларна даьтта тӀе доттарца къобалве. Абел-Мехьал гӀалара волу Шаптин кӀант ЭлишаӀ хьайн метта пайхамар хиларна даьтта тӀе доттарца къобалве.

[17] Хьазиалан туьрах веддарг ЯхӀус воьйтур ву. Ткъа ЯхӀун туьрах кӀелхьарваьлларг ЭлишаӀ-пайхамаро хӀаллаквийр ву.

[18] Исраилхошна юкъара БаӀална горахӀоьттина воцу а, цуьнан суьртана обанаш яьхна воцу а ворхӀ эзар стаг вуьтур ву Аса».

[19] Цигара дӀавахача, Шаптин кӀант ЭлишаӀ латта охуш карийра Эли-ЯхӀуна. Шийтта шуьста а боьжна, латта а охуш, ша шуьйтталгӀачу шуьстана уллохь вогӀуш вара иза. Ша ЭлишаӀана юххехула чекхволуш, Эли-ЯхӀус шен тӀехулара бедар цунна тӀе кхоьссира.

[20] Шен стерчий а дитина, ЭлишаӀа, ведда Эли-ЯхӀуна тӀе а веана, элира: «Сайн дега а, нене а Ӏодика а йина, схьаваийтахьа со, тӀаккха со хьоьца дӀавогӀур вара». Эли-ЯхӀус элира: «Дика ду, вало, юхаверза. Аса хьо сеца ма ца во!»

[21] Эли-ЯхӀу волчуьра дӀа а вахана, шина старана урс а хьаькхна, стерчийн готанах цӀе латийра цо, цу тӀехь стерчийн жижиг даттархьама. ТӀаккха и жижиг нахана дӀасадийкъира ЭлишаӀа. Наха иза диира. Ткъа ЭлишаӀ, Эли-ЯхӀуна тӀаьхьа а хӀоьттина, цунна гӀуллакх а деш, цуьнца вахара.

Сулим-паччахь а, кхиболу паччахьаш а — Chapters