Skip to content
Opens in a new window

[1] Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунца гергарло тесира Сулим-паччахьо, цуьнан йоӀ шена а ялийна. Шен паччахьан цӀа а, Везачу Элан цӀа а, керт а, Ярушалайм-гӀалина гонах йолу тӀулган керт а дӀахӀоттаяллалц, Даудан гӀала ялийра Сулим-паччахьо пирӀунан йоӀ.

[2] Везачу Элан цӀе язъян лерина долу цӀа цкъа хӀинца а дина дӀахӀоттоза дара, цундела халкъо цкъачунна гунаш тӀехь доккхура сагӀа.

[3] Шен дас Дауда шена ма-хьеххара, дерриг а кхочушдеш, Везачу Эле шен болу безам гойтура Сулим-паччахьо. Амма Сулим-паччахьо ша а цкъа хӀинца Везачу Элана сагӀа дар а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягийтар а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь дора.

[4] Иштта, шен ГавӀон цӀе йолчу гӀала вахара Сулим-паччахь, цигахь сагӀа даккхархьама, сагӀа даккхаран коьрта барз оцу гӀалахь лаьтташ болу дела. Цигахь долчу сагӀа доккхучу кхерчан тӀехь эзар дийнат дагоран сагӀа доккхура Сулим-паччахьо.

[5] ГавӀон-гӀалахь, Сулим-паччахь вижна волуш, гӀенах Дела дуьхьалхӀоьттира цунна. «Деха хьайна луъург», – элира Дала.

[6] Ткъа Сулим-паччахьо жоп делира: «Хьайн лай волу сан да Дауд Хьуна хьалха тешаме а, бакъахьара а, дог цӀена а леларна, Ахь цунна доккха дика дина. Цунна кӀант а велла, иза, хӀинца долуш ма-дарра, цуьнан паччахьан гӀантана тӀе а хаийна, Ахь цунна дина и доккха дика цунна тӀехь битира Ахьа.

[7] Ткъа хӀинца, сан Веза Дела, Хьайн лай волу со дӀахӀоттийна Ахьа, паччахь а вина, сан ден Даудан метта. Амма со хӀинца а бер санна ву. Сан хӀинца а хьекъал ца кхочу, айса дан дезарг кхочушдан.

[8] Ахьа хаьржина долчу, дагардина ца валлал дукха долчу Хьан халкъана юкъара Хьан лай ву со.

[9] Доьху Хьоьга, лохьа Хьайн лай волчу суна хьекъалалла, Хьан халкъана юкъахь нийсаниг лело а, кхелахо хила а. Ӏамавехьа со дика а, вон а къасто. И хьекъал ца хилча, хӀокху Хьан оццул дукха долчу халкъана тӀехь урхалла хьаьнга далур ду?»

[10] Сулим-паччахьо дехначунна резахилира Веза Эла.

[11] Дала элира цуьнга: «Ахьа хьайн дуьненахь йоккху хан яхъяр а ца доьхуш, хьайна хьал хилийтар а ца доьхуш, хьайн мостагӀийн синош хӀаллакдар а ца доьхуш, хьайна хьекъал-кхетам балар дехарна, кхел ечу хенахь нийса сацам бархьама,

[12] лур ду Ас хьуна ахьа доьххург. Ас лур ду хьуна хьекъаллий, кхетаммий, кхин хьо саннарг хьол хьалха цкъа а ца хиллачу тайпана а, кхин хӀинца чул тӀаьхьа хьо саннарг хир а воцучу тайпана а.

[13] Ахьа ца дехнарг а лур ду Ас хьуна. Алссам хьал а, сийлалла а лур ду Ас хьуна, хьо велла дӀаваллалц, хьо санна паччахь кху дуьненахь кхин хир воцучу тайпана.

[14] Нагахь хьо Сан некъашца а лелахь, Ас тӀедехкинарш а, Сан весеташ а кхочушдеш хьо лелахь, хьан да Дауд ма-леллара, Ас яхйийр ю хьан вахаран хан а».

[15] Ша самаваьлча, Сулим кхийтира, иза гӀан хиллий. ТӀаккха Ярушалайм-гӀала юха а вирзина, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха а хӀоьттина, шен а, халкъан а сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀа даьккхира Сулим-паччахьо. Уьш дара дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш. ТӀаккха доккха той хӀоттийра паччахьо шен массо а ялхошна.

[16] Цкъа, Сулим-паччахьна тӀе а еана, цунна хьалха дӀахӀоьттира нахаца лела ши зуда.

[17] Цу шиннах цхьаммо элира: «Сан олахо, со а, хӀара зуда а цхьана цӀа чохь Ӏаш ю. ХӀара зуда а йолуш, аса оцу цӀенна тӀехь бер динера.

[18] Ас бер дина кхоалгӀачу дийнахь хӀокху зудчун а бер хилира. Оцу цӀахь тхойшиъ йоцург кхин цхьа а адам дацара.

[19] Буса хӀокху зудчун кӀант, хӀара цунна тӀетовжар бахьана долуш, велира.

[20] Ткъа буьйсанна, хьан лай йолчу суна наб кхеттачул тӀаьхьа, сан кӀант дӀа а эцна, иза шен некхана тӀе а виллина, шен велла волу кӀант сан некхана тӀе виллина цо.

[21] Ӏуьйранна, сайн кӀант вакхо со хьалагӀаьттича, иза велла карийра суна. Амма дикка цуьнга хьаьжча, иза аса вина сайн кӀант воцийла а хиира суна».

[22] ТӀаккха вукху зудчо элира: «ХӀан-хӀа, сан кӀант дийнаниг ву, ткъа хьайниг велларг ву». Ткъа дуьххьарлерчу зудчо бохура: «ХӀан-хӀа, хьайниг ву велларг, дийнаниг сан кӀант ву». Иштта паччахьна хьалха къуьйсуш яра и ши зуда.

[23] ТӀаккха паччахьо элира: «Шу шиннах хӀораммо а боху дийна долу бер шен ду, тӀаккха шух хӀораммо а боху делларг шен бер дац.

[24] Схьадал суна тур», – элира паччахьо. Тур схьадеара паччахьна.

[25] «Вай хӀинца хӀара дийр ду, – элира паччахьо, – и дийна долу бер хада а дай, ах а даккхий, цунах ши дакъа де. ТӀаккха хӀора зудчунна цхьацца дакъа дӀало».

[26] ТӀаккха далаза бер долчу зудчун, шен кӀанте болчу безамна а, цунах чӀогӀа къахетарна а, кийра багийра. Оцу зудчо жоп делира: «Сан олахо! Ма дейша и бер, иза дийна а долуш дӀалойша оцу зудчунна». Ткъа шолгӀачу зудчо элира: «Я суна а, я цунна а ма кхочийла и кӀант. Вей, дӀаваккха аша иза!»

[27] ТӀаккха, жоп луш, паччахьо элира: «И бер, ден а ца дуьйш, хӀокху зудчунна дӀало аш. ХӀара ю кху кӀентан нана!»

[28] Паччахьо йинчу кхелах лаьцна Исраил-мехкан дерриг а халкъана дӀахезира. Цу хенахь дуьйна наха Сулим-паччахь чӀогӀа лара а лорура, уьш цунах оза а лора. ХӀунда аьлча нахана гира, бакъдолчуьнца паччахьалла лелорхьама, Дала Сулим-паччахьна хьекъал деллийла.

Сулим-паччахь а, кхиболу паччахьаш а — Chapters