Skip to content
Opens in a new window

[1] Шеба-махкахь йолчу зуда-паччахьна а хезира Везачу Элан сийлаллина хилла долу Сулим-паччахьан цӀе яхар. И зуда-паччахь Сулим-паччахьна тӀееара, иза чолхечу хаттаршца зерхьама.

[2] Шеба-мехкан зуда-паччахь Ярушалайм-гӀала еара, шеца йоккха ковра а ялош. Оцу эмкалшна тӀехь доьттина дахьаш дара хаза хьожа йогӀучу бецех дина хьакхарш а, дуккха деши а, деза тӀулгаш а. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо.

[3] Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, Сулим-паччахье жоп ца далалуш.

[4] Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулим-паччахьан хьекъал хилар а, цо дина паччахьан цӀа а.

[5] Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Ӏаш болу меттиг а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, цо дӀахӀотто чагӀар а, Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагӀанаш а. И дерриг а шена гича, чӀогӀа инзаръяьллера иза.

[6] Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гӀуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла.

[7] Амма со тешар яцара цунах, со ян а еана, сайн бӀаьргашна иза галлалц. ХӀинца суна го, сайна гинчух ах а дийцина ца хиллийла соьга. Хьан хьекъал а, хьан хьал а соьга дийцинчул дуккха а сов ду.

[8] Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш. Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хӀора денна хьуна гӀуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу!

[9] Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьо Исраилан халкъан паччахь ван лиъна волу. Исраилан халкъе Шен гуттаренна а болу безам хиларна Везачу Эло хьох паччахь вина, хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а».

[10] ТӀаккха цо Сулим-паччахьна цхьа бӀе ткъа гали деши а, дуккха хаза хьожа йогӀучу бецийн хьакхарш а, деза тӀулгаш а делира. Шеба-мехкан паччахьо елла хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, Исраил-махка хьалха мел еанчарел, дуккха а сов яра.

[11] (Хьирам-паччахьан хӀордкеманаша а Апар-махкара деши деара. Цу махкара Хьирам-паччахьо деара дуккха а цӀен дечиг а, деза тӀулгаш а.

[12] Везачу Элан цӀенна а, паччахьан цӀенна а тӀегӀанашна тӀехула хьалаволучу хенахь, куьйгаца схьалаьцна, хьалавала аьтто беш йолу гӀортораш яйтира Сулим-паччахьо. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ХӀетталц цкъа а я деана а, я гина а дацара оццул долу цӀен дечиг.)

[13] ТӀаккха Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкара еанчу паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а ша совгӀатна еллачул а сов. Цул тӀаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира.

[14] Сулим-паччахьна хӀора шарахь цхьа эзар кхо бӀе ткъе шийтта пунт деши дахьара.

[15] И деши доцург, йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а, берриг а Ӏаьрби-махкарчу паччахьаша а, шен мехкадайша а деши дахьара Сулим-паччахьна.

[16] ТӀаккха туьйсинчу деших дина ши бӀе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХӀора турсана ялх бӀе шекхал туьйсина деши дахнера.

[17] Иштта кхин а кхо бӀе кегий турсаш дайтира цо, хӀора турсана цхьа бӀе шовзткъе итт шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цӀенош чу дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.

[18] Пийлан кӀомсарех доккха паччахьан гӀант дайтира паччахьо, цунна тӀе а цӀена деши диллира.

[19] Оцу гӀантана тӀеваха йиллина ялх тӀегӀа яра. ГӀантан букъ туху агӀо тӀехулара горга яра. ГӀантан шина а агӀор куьйган голаш хӀотторгаш яра, царна хӀоранна уллохь дина лоьмийн суьрташ дара.

[20] Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тӀегӀанна шинна а агӀор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гӀант хӀетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара.

[21] Сулим-паччахьан хьеший тӀеоьцуш лелош йолу пхьегӀаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цӀе йолчу цӀенош чохь лаьтташ йолу кхин йолу хӀуманаш а ерриг а цӀеначу деших йина яра. Детих йина хӀумма а яцара, хӀунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чӀогӀа лахара бара.

[22] Кхечу мехкашца йохкаэцаран гӀуллакхна вовшахтоьхна хӀордана тӀехула лелаш хинкеманаш дара паччахьан. Уьш Хьирам-паччахьан хӀордкеманашца цхьаьна лелара. ХӀора кхаа шарахь цкъа хӀордкеманаш, деши, дети, пийлан кӀомсарш, маймалш, тӀаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура.

[23] Дуьненна чуьра массо а паччахьал а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь.

[24] Дуьненна чуьра массо а адамна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама.

[25] Шо шаре мел долу дукха адам догӀура Сулим-паччахь гархьама, шаьш богӀуш цара хӀораммо а совгӀаташ дахьара: детих а, деших а йина хӀуманаш, тӀеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, говраш, бӀарзанаш.

[26] Чкъургаш йолу дойн гӀудалкхаш а, говраш а гулйинера Сулим-паччахьо. Дойн гӀудалкхаш цхьа эзар йиъ бӀе яра, шийтта эзар говр яра. Оцу говрех цхьаерш царна къастийна тойинчу меттигашкахь, ткъа кхиерш Ярушалайм-гӀалахь дӀахӀиттайора Сулим-паччахьо.

[27] Детин барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.

[28] Ткъа говраш Мисар-махкара а, Килик цӀе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура.

[29] Мисар-махкара яхьачу чкъургашна тӀехь йинчу дойн гӀудалкхийн мах ялх бӀе дато шекхал ахча бара, ткъа цхьана динан мах цхьа бӀе шовзткъе итт дато шекхал ахча бара. Иштта уьш массо а хьетахойн а, арамхойн а паччахьашна схьаялайора совдегарша.

Сулим-паччахь а, кхиболу паччахьаш а — Chapters