[1] НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошна тӀехь паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, Аби-ЯхӀу яхӀудхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира.
[2] Ярушалаймехь кхаа шарахь паччахьалла дира цо. Цуьнан ненан цӀе МаӀха яра. Иза Абушаламан йоӀ яра.
[3] Аби-ЯхӀу-паччахьо а летадора хьалха шен дас летийна доллу къинош. Цуьнан ден да волу Дауд шен Везачу Далла даггара тӀевирзина вара, ткъа Аби-ЯхӀу Везачу Далла даггара тӀевирзина вацара.
[4] Иза иштта делахь а, Даудан дуьхьа цуьнан Везачу Дала цунна Ярушалаймехь йолу тӀаьхье елира. Цул тӀаьхьа паччахь хилийтархьама, Дала цунна кӀант велира, ткъа Ярушалайм-гӀала Дала чӀагӀйира.
[5] Везачу Дала иштта дира, хӀунда аьлча Дауда гуттара а Далла нийса хетарг лела а дора, ша мел веха а Дауд цкъа а Везачу Элан весеташ тӀера дӀа ца велира, хьетахо волчу УръяхӀуна ша динчу цхьана хӀуманна тӀехь доцург.
[6] Аби-ЯхӀу ваьхначу ерриге а заманахь РахьбуӀамна а, ЯрбаӀамна а юкъахь тӀом лаьттира.
[7] Аби-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. Аби-ЯхӀуна а, ЯрбаӀамна а юкъахь а тӀом лаьттира.
[8] Аби-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Аби-ЯхӀун метта паччахь хилира цуьнан кӀант Аса.
[9] ЯрбаӀама Исраил-махкахь паччахьалла ден ткъолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилира Аса.
[10] Цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе МаӀха яра. Иза Абушаламан йоӀ яра.
[11] Аса-паччахьо, ша схьаваьллачу Дауда санна, Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора.
[12] Оцу махкара цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий дӀа а лелхийна, шен дайша вина массо а цӀу дӀаваьккхира цо.
[13] Ур-атталла шен ден нана МаӀха а паччахьан цӀе лелорах яьккхира Асас, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бӀогӀам дӀахӀотторна. И цӀу, цеста а цистина, Кхидрун-тогӀи чохь вагийна дӀаваьккхира Аса-паччахьо.
[14] СагӀа доккху гунаш дӀа ца дехира цо. Амма ша дийна волчу хенахь Везачу Элана тешаме вара иза.
[15] Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегӀаш а, дато а, дашо а хӀуманаш а Везачу Элан цӀа чу ехкира Аса-паччахьо.
[16] Аса-паччахьна а, исраилхойн паччахьна БаӀшина а юкъахь тӀом лаьттира цу шиммо паччахьалла динчу массо а хенахь.
[17] Исраилхойн паччахь БаӀша ЯхӀуд-махкана тӀелетира. Цо Рама-гӀала чӀагӀйира, цхьа а Аса-паччахьан лаьтта тӀе я ара, я чу ца валийтархьама.
[18] Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан цӀера а хазнаш чохь дисина долу дерриг дети а, деши а, схьа а эцна, иза шен ялхойн кара дӀаделира Аса-паччахьо. ТӀаккха цаьрга и дерриг дети а, деши а дӀадахьийтира цо Хьезиюнан кӀентан ТӀабримунан кӀант волчу Бен-Хьадиде. Бен-Хьадид Дамасакх-гӀалахь Ӏаш волу Арам-мехкан паччахь вара. Аса-паччахьо цаьргахула хаам бира:
[19] «Барт бойла суна а, хьуна а юкъахь, сан дена а, хьан дена а юкъахь ма-хиллара. Аса совгӀатна дети а, деши а доуьйту хьуна. Ахьа хьайна а, исраилхойн паччахь волчу БаӀшина а юкъахь болу барт бохабе, иза суна тӀегӀоьртина волчуьра дӀавалийтархьама».
[20] Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгӀира Бен-Хьадида. Цо шен тӀеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гӀаланашна тӀелата. Бен-Хьадид-паччахьо толам баьккхира Ӏаюн а, Дан а, Абал-Байт-МаӀак а гӀаланашна а, берриг Наптал-махкана а тӀехь, шена чу Канарот-мохк а богӀуш.
[21] И дерриг а шена хезча, БаӀша-паччахь, Рама-гӀаланах чӀагӀонан гӀап яр саца а дина, Тирца-гӀалахь ваха охьахиира.
[22] Ткъа Аса-паччахьо берриг а ЯхӀуд-махкахула халкъе омра дора, цхьа а стаг юкъахь ца вуьтуш, массо а яхӀудхоша Рама-гӀалара тӀулгаш, дечиг арадаккха аьлла. Уьш БаӀша-паччахьо и гӀала чӀагӀъян гулдина дара. Ткъа Аса-паччахьо цаьрца Бен-Яманан ГибаӀ-гӀала а, МицӀпа-гӀала а чӀагӀйира.
[23] Аса-паччахьо динчу кхидолчу массо а хӀуманех лаьцна – цуьнан майрачу гӀуллакхех, цо мел кхочушдинчух, цо чӀагӀъяйтинчу гӀаланех лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. Ткъа Аса-паччахь къанвелча, цуьнан когех цамгар кхийтира.
[24] ТӀаккха Аса-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан метта паччахь хӀоьттира ЯхӀушапти.
[25] Аса-паччахьо ЯхӀуд-махкахь олалла дечу шолгӀачу шарахь ЯрбаӀаман кӀант волу Надаб исраилхойн паччахь хилира. Надаба шина шарахь паччахьалла дира исраилхошна тӀехь.
[26] Цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дора. Шен дас лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора.
[27] Иссарханан тайпанах волчу АхьъяхӀун кӀанта БаӀшас, Надаб-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт а бина, иза пӀелаштамхойн Габитун-гӀалахь вийра. Иза дара Надаба а, массо а исраилхоша а Габитун-гӀалина го бинчу хенахь.
[28] ЯхӀудхойн паччахьо Асас паччахьалла ден кхоалгӀа шо долуш вийра БаӀшас Надаб-паччахь. ТӀаккха цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира БаӀша.
[29] БаӀшас, ша паччахь дӀа-ма-хӀоьттина, ЯрбаӀаман берриг а доьзал хӀаллакбира. ЯрбаӀаман цӀийнах цхьа а дийна ца вуьтуш, Везачу Эло Шен ялхо волчу а, шилунхо волчу а АхьъяхӀугахула аьлла ма-хиллара, уьш берриш а хӀаллакбира цо.
[30] И дерриге а хилира, ша летийнчу къиношца а, ша Исраилан халкъе летадайтинчу къиношца а ЯрбаӀама Исраилан халкъан Веза Дела оьгӀазвахийтина дела.
[31] Надаб-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
[32] Аса-паччахьна а, исраилхойн паччахь волчу БаӀшина а юкъахь тӀом лаьттира цара паччахьалла динчу массо а хенахь.
[33] Аса-паччахьо ЯхӀуд-махкахь олалла дечу кхоалгӀачу шарахь массо а исраилхошна тӀехь паччахь хилла дӀахӀоьттира АхьъяхӀун кӀант БаӀша. Тирца-гӀалахь а Ӏаш, цо исраилхошна тӀехь ткъе деа шарахь паччахьалла дира.
[34] БаӀша-паччахьо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дора. Шен дас ЯрбаӀама лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора.