Skip to content
Opens in a new window

[1] Иштта Сулим-паччахь Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, шена ян мел лиъна хӀума а йина чекхвелира.

[2] ТӀаккха юха а, ГавӀон-гӀалахь хьалха дуьхьал ма-хӀоттара, шозлагӀа а дуьхьалхӀоьттира Веза Эла Сулим-паччахьна.

[3] Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доӀа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хӀоттийна долу Сан цӀа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цӀе язъяйтархьама. Ас иза Ӏалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду.

[4] Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цӀена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тӀедиллина гӀуллакхаш а кхочушде.

[5] ТӀаккха и дерриг ахь кхочушдахь, хьан цӀийнах цхьаъ даим а Исраил-махкана тӀехь паччахьалла деш хир ву. Иштта дош деллера Ас хьан дена Даудана: „Хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“.

[6] Амма шу я шун тӀаьхьенах болу паччахьаш Сох дӀаберзахь, Ас шайна делла долу Сан весеташ а, Сан хьехамаш а дӀа а теттина, кхечу деланашна тӀе а дирзина, царна аша Ӏибадат дахь,

[7] тӀаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цӀе язъяйта къобалдина долу цӀа а дӀадоккхур ду Ас. ТӀаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дӀахӀуттур ду Исраилан халкъ.

[8] Ткъа оцу дезачу цӀийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хӀунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цӀенна а?“

[9] ТӀаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тӀаьхьа а бевлла, царна Ӏамал а еш, Ӏибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тӀе и берриг бохам“».

[10] Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа деш а, шен паччахьан цӀа дӀахӀоттош а ткъа шо делира.

[11] И белхаш бечу хенахь, Цора-гӀалин паччахь волчу Хьирамна Галилай-махкара ткъа юрт совгӀатна елира Сулим-паччахьо. ХӀунда аьлча Хьирам-паччахьо баганан а, зоьзан а диттийн дечиг а латтийра, оьшшучул деши а делира Сулим-паччахьна.

[12] Амма Сулим-паччахьо шена еллачу ярташка хьажа вахча, Хьирам-паччахьна уьш хаза ца хийтира.

[13] «ХӀара хӀун ярташ ю ахь суна елларш, сан ваша?» – элира Хьирам-паччахьо. Цо, «Хабул» аьлла, цӀе тиллира оцу лаьттана (иза «мехала доцу латта» бохург ду). Иза тахханалц а и цӀе йолуш ду.

[14] Хьирам-паччахьо цхьа бӀе ткъа гали деши дахьийтинера Сулим-паччахьна.

[15] Сулим-паччахьо шен лешка Везачу Элан цӀа а, керт а дӀахӀоттаяйтира, шена паччахьан цӀа а дайтира. Милло цӀе йолу терхийн басенаш а яйтира, Ярушалаймана гонах пенаш а дӀахӀиттийра. Иштта Хьацор а, МагӀидда а, ГӀазар а цӀераш йолу гӀаланаш а дӀахӀиттийра цо.

[16] (ПирӀун волчу Мисар-мехкан паччахьо, ГӀазар-гӀалина тӀе а гӀоьртина, иза схьаяьккхинера. ТӀаккха, и гӀала цӀергахь яга а йина, оцу гӀалахь Ӏаш болу канаӀанхой, байа а байина, Сулим-паччахьехь марехь йолчу шен йоӀана томана еллера пирӀуно и ГӀазар-гӀала.

[17] ТӀаккха Сулим-паччахьо юха меттахӀоттийнера ГӀазар-гӀала.) Лахара Байт-Хьорон цӀе йолу гӀала а тойина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.

[18] Иштта ЯхӀуд-махкахь йолчу яьссачу аренгахь Сулим-паччахьо дӀахӀоттийра БаӀалт цӀе йолу а, Тамар цӀе йолу а гӀаланаш.

[19] Кхин а Сулим-паччахьан долахь йолу, тӀаьхьалонна кечдина долу сурсаташ чохь латто гӀаланаш а, говраш южу гӀудалкхаш латтош йолу гӀаланаш а, дошлойн говраш чохь латто гӀишлош а, ерриг Ярушалайм-гӀалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тӀехь шена ян лиъна йолу массо а хӀума йина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.

[20] Исраилан халкъ доцург кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара эмархойн а, хьетахойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а

[21] тӀаьхьенех дисна адамаш, исраилхоша хӀаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш хӀинца а тахханалц леш бу.

[22] Ткъа исраилхойх Сулим-паччахьо леш ца бора. Уьш я паччахьан тӀемалой, я тӀеман хьаькамаш, я тӀеман коьрта хьаькамаш, я гӀудалкхийн а, дошлойн а эскарш карахь долуш баьччанаш бара.

[23] Пхи бӀе шовзткъе итт хьаькам вара Сулим-паччахьан белхашна тӀехь урхалла дан дӀахӀоттийна. Уьш белхаш беш болчарна тӀехь хьаькамаш бара.

[24] ТӀаккха, Даудан гӀалара ара а яьлла, Сулим-паччахьо шена динчу цӀа чу елира пирӀунан йоӀ. Цул тӀаьхьа Милло цӀе йолу терхийн басенаш йина дӀахӀиттийра паччахьо.

[25] Ша Везачу Элана дӀахӀотийначу сагӀа доккхучу кхерчан тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бертан сагӀанаш а дохура Сулим-паччахьо шарахь кхузза. Цу чохь хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а ягайора Сулим-паччахьо Везачу Элана хьалха. Иштта дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа.

[26] Сулим-паччахьо хӀордкеманаш а дайтира Эдом-махкарчу Эрзийн хӀордан йистехь Эйлат цӀе йолчу гӀалина уллора Ӏецйон-ГӀебар олучу меттехь.

[27] ХӀордах лаьцна дерг хууш болу кемалелорхой бара Хьирам-паччахьан. Уьш Сулим-паччахьан нахаца оцу хӀордкеманашна тӀехь гӀуллакх дан хьажийра Хьирам-паччахьо.

[28] Оцу наха, Апар цӀе йолчу махка а бахана, цигара бархӀ бӀе шовзткъа пунт деши а деана, иза Сулим-паччахье дӀаделира.

Сулим-паччахь а, кхиболу паччахьаш а — Chapters