[1] Яруб-БаӀалан кӀанта Абу-Малика, Шехем-гӀала а вахана, шен ненан вежаршка а, массо а ненахошка а элира:
[2] «Шехем-гӀалин къаношка хатта: шуна хӀун лаьа: „Яруб-БаӀалан кхузткъе итт кӀанта олалла дойла лаьа шуна, я цхьаьнга олалла дайта лаьа? Абу-Малик шайн цӀийх схьаваьлла хилар диц а ма де“».
[3] Абу-Маликан ненан вежарша и хаттар Шехеман къаношка дира. Ткъа уьш Абу-Маликна тӀаьхьахӀитта резахилира. «Иза вайн ваша ву», – элира цара.
[4] Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Маликна БаӀал-Барт-делан цӀа чуьра кхузткъе итт шекхал дети делира. И дети а делла, Абу-Малика, деш-дуьтуш а доцуш, шайн лаамехь волу масех стаг лецира. Уьш цунна тӀаьхьахӀиттира.
[5] Абу-Малика, Ӏапру-юьртахь долчу шен ден цӀа а вахана, Яруб-БаӀалан (ГадӀанан) кхузткъе итт кӀант вийра. Уьш массо а цхьана тархана уллохь вийра цо. Яруб-БаӀалан уггар жимах волу кӀант Йовтам дийна висира, иза дӀалечкъина хилар бахьана долуш.
[6] Цул тӀаьхьа Шехеман а, Байт-Миллонан а бахархоша цу гӀалина генахь доццуш лаьтташ долчу ножан дитт долчохь Абу-Малик шайн паччахь вина дӀахӀоттийра.
[7] Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Малик шайн паччахь вина дӀахӀоттинийла хиъча, Йовтама, Герзим-лам тӀе а ваьлла, мохь а бетташ, халкъе элира: «ЛадогӀа соьга, Шехеман бахархой. Цул тӀаьхьа шуьга Дала ладугӀийла.
[8] Цхьана дийнахь дитташа шайна юкъахь паччахь харжа сацам бина хилла, цуьнга шайна тӀехь олалла дайта. Цара зайт-дитте аьлла: „Олалла де тхуна тӀехь“.
[9] Амма зайт-дитто цаьрга жоп делла: „Аса деланийн а, адамийн а сий до, айса луш долу даьтта бахьана долуш. Даьтта ца луш саца дезий со, кхечарна тӀехь олалла дар бахьана долуш?“
[10] ТӀаккха цара комаран дитте элира: „Дало, ахьа олалла де тхуна тӀехь“.
[11] Амма комаран дитто жоп делира: „Дика а, мерза а стом лучуьра саца деза со, кхечарна тӀехь олалла дархьама?“
[12] ТӀаккха кемсийн таьлланге цара элира: „Олалла де тхуна тӀехь“.
[13] Амма кемсийн таьлланго а жоп делира: „Сох схьадаьллачу чагӀаро делийн а, адамийн а самукъадоккху. И стом ца луш саца дезий со, кхечу дитташна тӀехь олалла дархьама?“
[14] ТӀаьххьара а массо а дитташа коканийн кулле элира: „Яло, ахьа паччахьалла де тхуна тӀехь“.
[15] Коканийн кулло цаьрга элира: „Шайна баккъал а со паччахь хилийта лаахь, даха а гӀой, сан ӀиндагӀехь дӀахьулло. Нагахь санна иза иштта ца хилахь, цу коьллех цӀе а яьлла, цу цӀаро Ливанун-махкара баганан дитташ а дагадойла“.
[16] Шайна хуур ду шуна, нийса а, доггах а хӀоттинийла шаьш Абу-Малик паччахьан метта. Иштта шайна хуур ду шуна, шаьш хила ма-деззара хиллий шу Яруб-БаӀалан доьзалца а, цо шайна динчу диканашца дуьстина диний аша шаьш динарг.
[17] Шу бахьана долуш ша-шен а ца кхоош, сан дас, тӀом а бина, шу маданхойн куьйга кӀелара схьадаьхна.
[18] Ткъа аша хӀинца, сан ден доьзална дуьхьал а девлла, цуьнан кхузткъе итт кӀант цхьана тарх тӀехь вийна, ткъа Абу-Малик шайн паччахь вина дӀахӀоттийна, иза шайн гергара стаг волу дела. Ткъа иза сан ден гӀарбаш-зуда хиллачун кӀант бен вац!
[19] Нагахь санна Яруб-БаӀалца а, цуьнан доьзалца а шу нийса а, доггах а леллехь, шайн паччахьца даккхий а деш Ӏе. Цо а даккхийдедойла шу.
[20] Нагахь санна аша динарг хьарам хӀума делахь, Абу-Маликах цӀе а яьлла, Шехемара а, Байт-Миллора а бахархой а богийла. Шехемах а, Байт-Миллох а цӀе а яьлла, Абу-Малик а вогийла!»
[21] Иза ша аьлла ваьллачул тӀаьхьа Йовтам, шен веших ведда дӀа а вахана, Беар-гӀалахь дӀалечкъира.
[22] Абу-Малика Исраилан халкъана тӀехь кхаа шарахь олалла дира.
[23] Цул тӀаьхьа Дала зуламе са дахийтира Абу-Маликаний, Шехем-гӀалин бахархошний юкъа хӀотта. Шехемхой Абу-Маликна дуьхьалбевлира.
[24] Иштта бекхам хилира цунна, Яруб-БаӀалан кхузткъе итт кӀант вер бахьана долуш. Церан цӀий бахьана долуш бекхам хилира церан ваша волчу Абу-Маликна а, Шехеман бахархошна а, уьш байар тӀетадина болчу.
[25] Цара гунашна боххье охьаховшийра шайна уллохула тӀех мел волуш волчунна талор деш болу нах. Иза Абу-Маликна тӀедаьхьира.
[26] Ӏабайдан кӀант ГаӀал шен вежаршца Шехеме веара. Цу гӀалин бахархоша, цунах теша а тешна, цунна тӀаьхьахӀитта сацам бира.
[27] Цхьана дийнахь Шехеман бахархой кемсаш схьагулъян арабевлира. Цара кемсех мутт а даьккхина, цунах чагӀар а дина, шайн делан цӀа чохь той дӀахӀоттийра. Дууш, молуш, Абу-Маликна неӀалт а кхайкхош, Ӏаш бара уьш.
[28] Ӏабайдан кӀанта ГаӀала элира: «Вай – Шехеман халкъ ду. Вай хӀунда хила деза Абу-Маликна муьтӀахь? Иза вайна мила ву? Яруб-БаӀалан кӀант вац иза? Ткъа Абу-Малика ца вина Забулах коьрта хьаькам? Вай Абу-Маликан куьйга кӀелахь хила гӀуллакх долуш дац! Шехеман да волчу Хьамуран тӀаьхьенна гӀуллакх деш лелар гӀоле ду вайна. Цунна гӀуллакх деш вай хӀунда лелаш ду?
[29] ХӀара халкъ сайн карахь делахьара, аса Абу-Малик кхузара дӀаэккхор вара. Аса цуьнга эр дара: „Хьайн эскар алсам а даккхий, тӀом бан аравала“».
[30] Цу гӀалин коьрта хьаькам волу Забул, шена Ӏабайдан кӀанта ГаӀала аьлларг хезча, чӀогӀа оьгӀазвахара.
[31] Цо къайлаха Абу-Малик волчу геланчаш бахийтира дӀаала: «Ӏабайдан кӀант ГаӀал а, цуьнан вежарий а, Шехеме а баьхкина, массо а стаг хьуна дуьхьалвоккхуш бу.
[32] Цундела хьо а, хьан халкъ а буьйсанна гӀалина улло а деана, аренгахь кӀело ян дӀалачкъа деза.
[33] Ткъа Ӏуьйранна малх схьакхетачу хенахь шу гӀалина тӀелата деза. ГаӀал шен тӀемалошца хьоьца лата гӀали чуьра араваьлча, хьайга далург де царна».
[34] Буьйсанна Абу-Малик а, цуьнца болу тӀемалой а гӀалина улло баьхкира. Деа декъе бекъа а белла, кӀело ян дӀалевчкъира уьш.
[35] Ӏабайдан кӀант ГаӀал, гӀалин кевнна улло а вахана, цигахь дӀахӀоьттича, Абу-Малик шеца хиллачаьрца цхьаьна ша дӀалечкъина волчуьра гучувелира.
[36] И нах гина волчу ГаӀала Забуле элира: «Хьажал, лаьмнаш тӀера охьабуьссуш нах бу». Забула цуьнга жоп делира: «Лаьмнийн ӀиндагӀех хьуна нах тарбелла».
[37] Амма ГаӀала юха а элира: «Хьажал лакхенгара охьабуьссуш болчаьрга. Суна бозбунчийн дитта уллохула схьабогӀуш болчеран кортош го».
[38] Забула цуьнга элира: «ХӀинца хӀунда ца йо ахьа кураллаш? Ахьа ца бохура Абу-Малик хӀумма а вац, вай цуьнан куьйга кӀелахь хила гӀуллакх долуш а дац? Уьш ахьа ца вешаш къамел динарш бу. ХӀинца, ваха а гӀой, цаьрца лата».
[39] ГаӀал, шеца Шехеман бахархой а болуш, Абу-Маликца лата аравелира.
[40] Абу-Малик гӀалин ков долчу юхауьдуш болчу ГаӀалаца цхьаьна хиллачарна тӀаьхьавелира. Цу кевнна тӀекхачале, царах дукхахберш байира цо.
[41] Цул тӀаьхьа Абу-Малик Арума-гӀала юхавирзира, ткъа Забула ГаӀал цуьнан вежаршца Шехемара араваьккхира.
[42] ШолгӀачу дийнахь Шехеман бахархой шайн кхашна тӀехь болх бан арабевлира. Абу-Маликна иза дӀахиира.
[43] Шен тӀемалой кхаа декъе бекъа а бекъна, уьш аренгахь, кӀело еш, дӀалачкъийтира Абу-Малика. ГӀалара арабевлла болу нах шайна гича, царна кӀело йинарш тӀелетира.
[44] Абу-Малик шен тобанашца, гӀалин ков долчу а вахана, цигахь дӀахӀоьттира. Ткъа важа йолу ши тоба арахь болчарна тӀелетира. Цара уьш байира.
[45] И де дӀадаллалц тӀом бира Абу-Малика Шехеман бахархошца. ГӀала схьа а яьккхина, цигахь мел долу адам дийра цара. ГӀала йоха а йина, цуьнан саьлнашна тӀе туьха тесира цара.
[46] Шайна гӀалахь хилларг дӀахиъча, Шехемарчу бӀаьвнна чохь Ӏийнарш БаӀал-Бартан делан цӀа чохь хиллачу кхераме доцучу цӀа чохь схьагулбелира.
[47] Шена Шехемерчу бӀаьвнна чохь Ӏийнарш цхьана Ӏаш буйла хиъча,
[48] Абу-Малика шен халкъаца, Цалмун-лам тӀе а ваьлла, дагарца кегийра гаьннаш а даьхна, уьш шен белшаш тӀе а дехкина, халкъе вистхилира: «Шуна го аса динарг. Сихха аса диннарг де аша а».
[49] Уьш хӀора а, Абу-Малика санна, гаьннаш а даьхна, цунна тӀаьхьахӀоьттира. Цара шаьш схьадеана долу гаьннаш БаӀал-Бартан цӀенна кхераме йоцучу чоьнна улло охьадехкира. Царах цӀе а латийна, цу чохь мел хилларг а вагийра цара. Иштта вагийна дӀаваьккхира Шехеман бӀаьвнна чохь хилла волу цхьа эзар хиллал стаг. Царна юкъахь зударий а, божарий а бара.
[50] Цул тӀаьхьа Абу-Малика шеца хиллачаьрца, Табац-гӀала а вахана, цунна го а бина, иза шен караерзийра.
[51] ГӀалина юккъехь лаьтташ цхьа чӀогӀа бӀов яра. Цу гӀалара массо а вахархо, и бӀов йолчу дӀа а вахана, цуьнан неӀарш дӀа а къевлина, цу бӀаьвнан тхов тӀе велира.
[52] Абу-Малик шеца хиллачаьрца бӀаьвнна тӀелетира. Иза, цуьнан неӀарш цӀарца яго дагахь, бӀаьвнна улло вахара.
[53] ТӀаккха тхов тӀехь лаьтташ йолчу цхьана зудчо, боккха тӀулг чу а кхоьссина, цуьнан туьта кагйира.
[54] Абу-Малика, шеца хилла волу къона герз лелориг тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: «Сихха хьайн тур схьа а даккхий, со вей дӀаваккха, нахе: „Абу-Малик зудчо вийна“ – ца бахийта». Цуьнан ялхочо Абу-Маликах шен тур чекхдаьккхира. Иза велира.
[55] Исраилхошна Абу-Малик веллийла хиъча, уьш шайн-шайн цӀа бахара.
[56] Дала иштта бекхам бира, Абу-Малика, шен кхузткъе итт ваша а вийна, шен дена бина болу тешнабехк бахьана долуш.
[57] Дала иштта бекхам бира Шехеман бахархошна а, цара дина долу зуламе гӀуллакхаш бахьана долуш. Яруб-БаӀалан кӀанта Йовтама кхайкхийна долу неӀалт дахара царах.