Skip to content
Opens in a new window

[1] Ӏуьйранна сатоссуш Яруб-БаӀала (ГадӀана) шеца болчу нахаца цхьаьна Хьарод цӀе йолчу хьостана уллохь шайн меттамотт дӀахӀоттийра. Ткъа маданхойн меттамотт царна къилбаседехьа йолчу тогӀи чохь лаьтташ бара, МорахӀ олучу лома уллохь.

[2] Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьоьца цхьаьна тӀех дукха халкъ хилар бахьана долуш, маданхой шун кара дӀабала ца лаьа Суна. Суна ца лаьа исраилхоша, дозалла а деш: „Тхо тхаьш кӀелхьардевлла“ – бохийла а.

[3] Хьайца схьабаьхкинчаьрга дӀаала: „Кхеравелла вегош мел верг ГалӀадарчу лам тӀера шайн цӀа юхаверза мегар ду“». Ткъе ши эзар стаг ГадӀан волчуьра цӀа вахара, итт эзар стаг бухависира.

[4] Цул тӀаьхьа Везачу Эло ГадӀане элира: «ХӀинца а тӀех дукха адам ду кхузахь. Уьш хи долчу дӀабига. Цигахь Аса уьш зуьйр бу хьуна. Нагахь санна Аса: „Хьоьца ваха мегар ду“ – алахь, иза гӀур ву. Ткъа Аса: „Иза хьоьца гӀур вац“ – алахь, цуьнан хьоьца ваха йиш яц».

[5] ГадӀана шеца болу нах хи йисте охьабигира. Везачу Эло ГадӀане элира: «ЖӀаьло санна, маттаца хи молуш берш цхьана агӀор дӀахӀиттабе, ткъа хи молучу хенахь, голаш тӀе охьа а таьӀна, хи молуш верг вукху агӀор хӀоттаве».

[6] Куьйгашца хи шайн юьхь тӀе а кхоьхьуш, мотт ара а баьккхина, хи молуш верг кхо бӀе стаг вара. Ткъа вукхара хи, голаш тӀе охьа а таьӀна, молура.

[7] Везачу Эло ГадӀане элира: «Мотт ара а баьккхина, хи мелла волчу кхаа бӀе стагехула шу кӀелхьара а даьхна, маданхой шун кара дӀалур бу Ас. Вуьш шайн-шайн цӀа бахийта».

[8] ГадӀана уьш цӀа а бахийтина, цаьргахь йолу яа хӀума а, коьман маӀаш а схьаийцира. Бухависнарг верриг а кхо бӀе стаг вара. Ткъа маданхойн меттамотт лахахь тогӀи чохь лаьтташ бара.

[9] Цу буьйсанна Везачу Эло ГадӀане элира: «Хьала а гӀаттий, маданхойн меттаматтана дуьхьал гӀо. Аса уьш хьан кара дӀало.

[10] Нагахь санна царна дуьхьалвала хьо кхерахь, хьайн ялхо волчу Пураца царна тӀе гӀо.

[11] Маданхойн меттаматтана юххе а гӀой, цара хӀун боху ладогӀа. ТӀаккха хьо кхоьрур вац царна тӀелата». ГадӀан а, цуьнан ялхо волу Пура а аренга охьавоьссира, маданхойн меттаматтан йистте.

[12] Маданхой а, Ӏамалекхахой а, кхиболу малхбалерчу мехкашкара бахархой а аренгахь Ӏаш бара. Уьш, цӀоз санна, дукха бара. Церан эмкалш а, хӀордан йистехь йолу гӀум санна, ягарлур йоцуш дукха яра.

[13] МостагӀийн меттаматтана улло веанчу ГадӀанна хезира, цхьана тӀемалочо вукху тӀемалочуьнга шена гина долу гӀан дуьйцуш. Цо дуьйцура: «Суна гӀенахь гира маданхойн меттаматтехула, хахкаделла, дӀадоьдуш долу горга бепиг. И бепиг, хахкаделла, четарна чӀогӀа тӀекхийтира. ТӀаккха и четар, каг а делла, охьадуьйжира».

[14] Вукхо элира: «Хьан гӀан иштта бен кхечу тайпана тида йиш йолуш дац. Иза исраилхо волчу Юашан кӀентан ГадӀанан тур ду. Дала маданхой а, церан берриг а меттамотт а цуьнан кара дӀабелла».

[15] И гӀан а, цуьнан тидар а хезна волу ГадӀан Везачу Элана хьалха суждане вахара. Исраилхойн меттаматте юха а веана, цо элира: «ХьалагӀовтта! Везачу Эло маданхойн меттамотт вайн кара схьало».

[16] Цо кхо бӀе стаг кхаа декъе вийкъира. ХӀора тӀемалочунна кара коьман маӀий, яьсса кхабий елира цо. ХӀора кхаби чохь богуш къуьда бара.

[17] ГадӀана цаьрга элира: «Соьга а хьожуш, аса деш дерг де. Вай мостагӀийн меттаматте кхаьчча, аса деш дерг де.

[18] Меттаматтана го а бай, сой, соьца бершший коьман маӀа лакха буьйлабелча, аша а маӀаш лекха йолае, мохь а бетташ: „Везачу Элан а, ГадӀанан а дуьхьа!“ – бохуш».

[19] ГадӀан а, цуьнца волу бӀе стаг а, мостагӀийн меттамотт болчу охьа а воьссина, цунна улло вахара, буьйса юккъеяхча ха деш болу тӀемалой хийцабеллачул тӀаьхьа. Цара, коьман маӀаш а лекхна, шайн кхабанаш кегйира.

[20] Кхаа тобанехь болчара, коьман маӀаш а лоькхуш, шайн кхабанаш кегйира. Церан аьрру куьйга лаьцна къуьданаш дара, ткъа аьтту куьйгахь маӀаш яра. МаӀаш а лоькхуш, цара мохь беттара: «Везачу Элан а, ГадӀанан а дуьхьа тур тоха!» – бохуш.

[21] ГадӀанан тӀемалой шаьш болччохь лаьтташ бара, ткъа меттаматтара дерриг а эскар, маьхьарий а хьоькхуш, дӀауьдуш дара.

[22] ГадӀанаца хиллачу кхаа бӀе стага коьман маӀаш лекхча, Везачу Эло меттаматтара нах вовшашна дуьхьалбехира. Уьш, вовшашна тарраш а диттина, бевдда Царира-гӀалина уллохь йолчу Байт-ШатӀа дӀабахара. Уьш иштта ТӀабата уллохь йолчу Абал-Махьулан йисте кхечира.

[23] Напталан а, Ашаран а, Маннашан а тайпанах болу тӀемалой маданхошна тӀаьхьабовла бахийтинера.

[24] ГадӀана Эпрайман лаьмнашна уллохь йолчу меттигашка шен геланчаш бахийтинера дӀаала: «Маданхошна дуьхьал ара а довлий, царах лата, Байт-Барина тӀекхаччалц Йордан-хил дехьаволийла а ларъе», – аьлла. Массо а эпраймхоша Байт-Барига тӀекхаччалц Йордан-хил дехьаволийлаш схьалецира.

[25] Маданхойн Ӏораббий, Зиаббий цӀе йолу ши баьчча а схьалецира цара. Ӏораб Ӏорабан тарх йолчохь вийра, ткъа Зиаб Зиабан кемсийн мутт доккхучу меттехь вийра. Церан кортош, схьа а даьхна, ГадӀан волчу Йордан-хил дехьа схьадеара.

Мехкан куьйгалхой — Chapters