Skip to content
Opens in a new window

[1] Сисра вийначу дийнахь Дебирассий, Аби-НуӀаман кӀанта Баракхий хӀара назма элира:

[2] «Исраилхойн баьччанаш хьалхабевлла арабовларна а, халкъ лараме хьалагӀаттарна а, хаставе Веза Эла!

[3] ЛадогӀалаш, паччахьаш! Тергаме хилалаш, хьалдолу нах! Хьуна дӀаолу аса хӀара назма, ва Веза Эла. Исраилан халкъан Везачу Далла хастам а бо ас.

[4] Веза Эла, Хьо, СеӀирера ара а ваьлла, Эдоман аренгахула схьавогӀучу хенахь, латта дегош дара, стигалш тӀадамаш ледош яра, мархаш догӀа Ӏенош яра.

[5] Лаьмнаш дегош дара Везачу Элана хьалхахь, ур-атталла хӀара Синай-лам а бегабора Исраилан халкъан Везачу Далла хьалха.

[6] Ӏанатин кӀант Шамгар паччахьалла деш волчу хенахь а, ЯӀалан заманашкахь а некъахой шайн эмкалийн ковранашца юьстахчу некъашкахула лелара, ткъа некъаш даьсса дара.

[7] Исраилан махкахь йолчу ярташкахь кхин ца Ӏийра, со, Дебира, гӀатталц, ца Ӏийра цигахь нах, Исраилан халкъан нана со хилла дӀахӀотталц.

[8] Уьш керлачу деланашна тӀаьхьахӀиттича, гӀалин кевнна улло тӀом беана схьакхечира. Шовзткъа эзар стаг шена юкъахь а волуш долчу Исраилан эскарехь я турс а, я гоьмукъ а ца карийра.

[9] Исраилан мехкан куьйгалхой, сан дог шуьца ду. Шен даго ма-хьоьхху, халкъана юкъара хьалагӀевттинчаьрца ду. Хастам хуьлийла Везачу Элана!

[10] КӀайн варраш тӀехь дӀадоьлхурш а, нуьйра тӀехь хиъна Ӏийраш а, гӀаш дӀадоьлхурш а, ойла елаш Везачу Эло диначун!

[11] Руьйтанахь бежанаш схьагуллучохь хезаш ду адамийн аьзнаш. Цигахь Везачу Элан нийсачу толамашна хастам беш бу, Исраилан махкара Цуьнан халкъо баьккхинчу толамашна: Хьала а гӀаьттина, Везачу Элан халкъ гӀалин кевнашна тӀедахара.

[12] ХьалагӀатта, Дебира, хьалагӀатта! Хьайн назма дӀаала! ХьалагӀатта, Аби-НуӀаман кӀант Баракх, шайна йийсар динарш схьалеца!

[13] ТӀаккха халкъ Сарид-юьрта охьадоьссира, куьйгалхошна дуьхьал. Везачу Элан халкъ соьца цхьаьна майрачарна дуьхьалделира.

[14] Ӏамалекхахь орамаш хилларш Эпрайм-махкара схьабогӀура, ва Бен-Яманан тайпа, хьоьца болу нах хьуна тӀаьхьа хӀиттина. Макир волчуьра схьабогӀура куьйгалхой, Забулан тӀаьхьенан хьаькамаш а схьабаьхкина.

[15] Иссарханан элий а Дебирица бара, Иссарханан тайпа иштта Баракхца дара. Цунна тӀаьхьа тогӀи чу араделира иза. Раабанан тайпанна юкъахь доккха дар-дацар дара лаьтташ.

[16] ХӀунда Ӏа хьо гӀотанашна юкъахь хиъна, бажа Ӏоьхуш ла а доьгӀуш? Раабанан тӀаьхьенна юккъе даккхий дар-дацарш ма деана.

[17] ГалӀадара халкъ Йордан-хил дехьа дисира. Ткъа Данан тайпа хӀунда дисира хинкеманашца? Ашаран тайпа хӀордан йистехь дисира, йисте догӀийла йолчохь.

[18] Амма Забулан а, Напталан а халкъаша, шайн дахар ца кхоош, лаьмнашкахь тӀом бира.

[19] Паччахьаш вовшахлата схьабаьхкира, канаӀанхойн паччахьаша тӀом бира. ТаӀнакахь, МагӀиддан хиш долчохь, и хилла, амма дато хӀонс ца кхечира царна цигара.

[20] Стигалара седарчий а дара вовшахлеташ. Уьш шайн некъашкахь Сисрица тӀом беш дара.

[21] Къишун-хино дӀабаьхьира уьш. Чехка доьдуш долу хи ма ду иза. Сан са, нуьцкъала хьалхадалий, дӀагӀо!

[22] ТӀаккха Сисрин говрийн бергаш схьайогӀуш яра, цара ден татанаш схьахезаш дара.

[23] „НеӀалт хуьлда Мераз-гӀалина, – элира Везачу Элан Малико, – Билггал неӀалт хуьлда цуьнан бахархошна, цара Везачу Элана гӀо ца дарна, шайн майрачу тӀемалошца цхьаьна“.

[24] Декъала хуьлда кхенахо волчу Хьебаран зуда ЯӀал! Четарш чохь бехаш болчу зударшна юкъахь декъала хуьлда иза!

[25] Сисрас мала хи дехча, цо цунна шура елира. Элашна хьалхахь лелош болчу кеда чуьра схьа а йоьттина, мустъелла шура елира.

[26] Шен четар чуьра ара а яьлла, хьокха схьа а эцна, аьтту куьйга варзап схьаийцира цо. И хьокха Сисрин лергъагӀонах чекхбаьккхира цо.

[27] Цуьнан когаш тӀе а тевжина, иза циггахь воьжна Ӏуьллуш вара. Цуьнан когаш тӀе таьӀӀинчохь валар а хилира цуьнан.

[28] Корах арахьоьжуш яра Сисрин нана. Цо елхарца хаьттира: „Сан кӀентан гӀудалкх хье хӀунда елла? ХӀунда ца хеза цуьнан говрийн бергийн тата?“

[29] Хьекъал долуш болчу цуьнан ялхоша жоп лора цунна, цо ша-шена ма-даллара:

[30] „Схьахетарехь, уьш, хӀонс а карийна, шайна юкъахь иза йоькъуш хир бу. ТӀемалоша хӀораммо а шайна цхьаъ я ши йоӀ схьаоьцуш хир ю. ХӀонс юкъара бес-бесара бедарш Сисрас шена схьахоржу. ХӀонс юкъара бес-бесара юьйцина цхьа бедар а, бес-бесара тир яьккхина ши бедар а хӀонс яьккхинчун коча уллу“.

[31] Иштта хӀаллакьхуьлийла Хьан берриг а мостагӀий, Веза Эла! Ткъа Хьо везаш берш, шен нуьцкъаллица схьакхетта богӀуш болу малх санна, ницкъ болуш хуьлийла!» Шовзткъа шарахь лаьтта тӀехь машар лаьттира.

Мехкан куьйгалхой — Chapters