[1] Цхьадолу къаьмнаш цу лаьтта тӀехь а дитина, цкъа а канаӀанхойн махкахь тӀом база болу исраилхой зен лууш хилла Веза Эла.
[2] Цо иштта динера, Исраилан халкъан тӀаьхьенах тӀом база болчарна тӀеман гӀуллакх карадерзийтархьама.
[3] Везачу Эло цу лаьтта тӀехь дитинчу къаьмнийн цӀераш хӀорш ю: пӀелаштамхойн пхеа гӀалин волу пхи куьйгалхо а, массо а канаӀанхой а, цӀаданхой а, Ливанун-лаьмнашкахь БаӀал-Хьермон-лам болчуьра дуьйна Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан меттигна тӀекхаччалц бехаш болу хьаьвихой а.
[4] И къаьмнаш дитина хилла цаьргахула исраилхой зерхьама, цара Везачу Эло Мусагахула шайна тӀедиллинарг кхочушдойла хьожуш.
[5] Иштта исраилхой бехаш Ӏаш хилла канаӀанхошний, хьетахошний, эмархошний, перезахошний, хьаьвихошний, явсайхошний юкъахь.
[6] Церан зудабераш шайна маре а далош, шайн зудабераш церан кӀенташка маре дӀа а дохуьйтуш, церан деланашна гӀуллакх а деш, Ӏаш хилла уьш.
[7] Везачу Элана зуламе хеташ долу хӀуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша. Шайн Веза Дела виц а вина, БаӀал а, Ӏаштарт а цӀераш йолчу харцделанашна Ӏибадат дора цара.
[8] Веза Эла оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цундела Цо иза Арам-махкарчу паччахьан Кушан-Рашхьатайман кара дӀаделира. БархӀ шарахь Ӏийра Исраилан халкъ Кушан-Рашхьатайман куьйга кӀелахь.
[9] ТӀаккха Исраилан халкъ Везачу Эле орца дохуш дӀахӀоьттира. Цундела Везачу Эло Килабан жимах волчу вешин Кхеназан кӀант Ӏотниал вахийтира цига. Цо исраилхой кӀелхьара а бехира.
[10] Везачу Элан Са охьадоьссинера Ӏотниалана тӀе, иза Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира. Иза тӀом бан аравелира. Ткъа Везачу Эло цуьнан кара Араман паччахь волу Кушан-Рашхьатайман дӀавелира, цундела Ӏотниала цунна тӀехь толам а баьккхира.
[11] Шовзткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тӀехь. Цул тӀаьхьа Кхеназан кӀант Ӏотниал кхелхира.
[12] Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Везачу Эло муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонна Исраилан халкъана дуьхьалхӀотта ницкъ белира.
[13] Цо, Ӏамалекхахой а, Ӏамминхой а ша волчу схьа а гулбина, цаьрца цхьаьна исраилхой эшийра, хурма-диттийн гӀала кара а ерзош.
[14] Муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонан куьйга кӀелахь хилира исраилхой берхӀитта шарахь.
[15] Халкъо юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца дехира. Ткъа Везачу Эло Бен-Яманан тайпанах волчу Герин кӀант АхӀуд вахийтира Исраилан халкъ кӀелхьардаккха. Иза ша гезолг вара. Исраилан халкъо АхӀуд вахийтира муабахойн паччахь волчу ӀегӀлонна совгӀаташ эцна.
[16] Цо шена, цхьа дол еха а йолуш, шинна а агӀор ира а йолуш, шаьлта кечйинера. И шаьлта цо шен бедаршна бухахь аьтту хаьн тӀехь дӀайихкинера.
[17] АхӀуд, совгӀаташ а эцна, муабахойн паччахь волчу вахара. ӀегӀлон ша чӀогӀа зоьртала стаг вара.
[18] СовгӀаташ дӀаделлачул тӀаьхьа, АхӀуда уьш схьадахьаш шеца баьхкина болу нах дӀабахийтира.
[19] Галгалахь лаьтташ болчу тӀулган цӀушна уллохула дӀавоьдуш волчуьра юха а вирзина, цо паччахье элира: «Паччахь, сан хьоьга къайлаха ала дезаш хӀума ду». «ЛадогӀалаш! ДӀате!» – элира паччахьо. Цунна гӀуллакх деш болу массо а нах арабевлира.
[20] АхӀуд паччахь волчу чувахара. ӀегӀлон шийлачу лакхарчу цӀа чохь Ӏаш вара. АхӀуда цуьнга элира: «Делера дош ду сан хьоьга дӀаала дезаш». Паччахь шен гӀанта тӀера хьалагӀаьттира.
[21] АхӀуда аьтту хаьн тӀехь кхозуш йолу шаьлта, аьрру куьйгаца схьа а яьккхина, паччахьан гайх чекхъяьккхира.
[22] Шаьлта, ираллина тӀаьххье мукъ а хьуллуш, кӀорга чуяхнера. Паччахьан гай чохь йолчу махьарша шаьлтанан мукъ къайлабаьккхинера. Цундела АхӀуда шаьлта ша йолччохь йитира. Чов йинчу меттехула чуьйраш араевлира.
[23] АхӀуд ученехула аравелира, шена тӀаьхьара лакхарчу чоьнан неӀарш дӀа а къовлуш.
[24] Иза араваьллачул тӀаьхьа, ӀегӀлонан ялхой схьабаьхкира. НеӀ дӀакъевлина шайна гича, цара элира: «Шен гӀуллакх дан сецна хир ву иза шийлачу цӀа чохь».
[25] Ялхой собардеш дуккха а Ӏийра, амма лакхарчу цӀийнан неӀ цхьаммо а схьа ца йиллира. ДогӀа схьа а эцна, неӀ схьайиллира цара. Лаьттахь велла Ӏуьллуш волу шайн олахо гира царна.
[26] Ялхой паччахь араваларе хьоьжуш лаьттинчу юкъана АхӀуд къайлавелира. ЦӀушна уллохула тӀех а ваьлла, иза СаӀирахь кӀелхьарвелира.
[27] Цига схьа а веана, Эпрайман лаьмнашкахь коьман маӀа лекхира АхӀуда. Цу маӀан аз шайна хезча, Исраилан халкъ схьагулделира. АхӀуд хьалхаваьлла а волуш, уьш лаьмнаш тӀера охьабиссира.
[28] АхӀуда цаьрга элира: «Суна тӀаьхьахӀитта! Везачу Эло шун мостагӀий болу муабахой эшо ницкъ белла шуна». Халкъ АхӀудана тӀаьхьахӀоьттира. Цуьнца цхьаьна цара Йордан-хи тӀехула муабахойн махка дехьаволийла схьалецира, цхьа а стаг дехьа а ца волуьйтуш.
[29] Цара итт эзар нуьцкъала, тоьллачу дегӀахь волу муабахо вийра, цхьа а кӀелхьара ца волуьйтуш.
[30] Иштта цу дийнахь исраилхоша шайн караберзийра муабахой. Дезткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тӀехь.
[31] Цул тӀаьхьа кхин а цхьана стага кӀелхьардаьккхира Исраилан халкъ. Иза вара Ӏанатин кӀант Шамгар. Цо стерчашна тухуш йолчу гӀожаца ялх бӀе пӀелаштамхо вийра.