Skip to content
Opens in a new window

[1] Эпраймхой, вовшах а кхетта, Цапун-гӀала дехьабевлира. Цара Яптахье элира: «Хьо Ӏамминхошца тӀом бан воьдучу хенахь тхо хӀунда ца дигира ахьа хьайца? Оха хьан цӀа хьоьца цхьаьна дагор ду».

[2] Яптахьа цаьрга элира: «Тхуний, Ӏамминхошний юкъахь доккха дов дара. Аса шуьга гӀо дийхира, амма аша тхо кӀелхьара ца дехира.

[3] Аша тхуна гӀо ца дойла хиъча, оха тхаьш кхоа а ца деш, хил дехьа а девлла, Ӏамминхошца тӀом бира. Везачу Эло уьш тхан кара схьа а белира. Шу хӀинца стенна даьхкина соьца тӀом бан?»

[4] Цул тӀаьхьа Яптахьа, ГалӀадара массо а стаг схьа а гулвина, эпраймхошца тӀом бира. Царна тӀехь цо толам баьккхира, хӀунда аьлча эпраймхоша аьллера: «Шу бевдда баьхкинчу эпраймхойх а, маннашхойх а тӀаьхьадисина долу цхьа дакъа ду».

[5] ГалӀадхоша Йордан-хих дехьаволуш йолу меттигаш дӀалецира. Шайга хӀаллакбаза бисина болчу эпраймхоша хил дехьадовла пурба дехча, галӀадхоша цаьрга хоттура: «Хьо эпраймхо-м вац?» Цара «Вац» – аьлла жоп делча,

[6] галӀадхоша цаьрга «шибболет» боху дош ала олура. Амма эпраймхошка и дош нийса ца алалуш, цара «сибболет» олура. ГалӀадхошна иштта хаьара, уьш эпраймхой буйла. Уьш цара хил дехьаволийла йолчохь бойура. Цигахь иштта шовзткъе шиъ эзар эпраймхо хӀаллакьхилира.

[7] Яптахь ялх шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттира. Цул тӀаьхьа Яптахьан кхалхар хилира. Иза ГалӀадарчу цхьана гӀалахь дӀавоьллира.

[8] Яптахьана тӀаьхьа Исраилан махкахь кхелахо Байтлахам-гӀалара Ивцан вара.

[9] Цуьнан ткъе итт кӀант а, ткъе итт йоӀ а яра. Цо шен зудабераш шайн гергара боцчу божаршка маре бахийтира, ткъа шен кӀенташна шайн гергара боцчу нехан зудабераш далийра. Ивцан ворхӀ шарахь Исраилан махкахь куьйгалхо хилла лаьттира.

[10] Цул тӀаьхьа Ивцан кхелхира. Иза дӀавоьллира Байтлахам-гӀалахь.

[11] Ивцанна тӀаьхьа Исраилан махкахь куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира Забулан тайпанах волу Эйлон. Иза цу даржехь итт шарахь лаьттира.

[12] Цул тӀаьхьа Забулан некъех волу Эйлон кхелхира. Иза дӀавоьллира Забулан лаьтта тӀехь йолчу Айлон-гӀалахь.

[13] Эйлон веллачул тӀаьхьа Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дӀахӀоьттира Ӏабдани. Иза вара ПӀарӀатунарчу ХӀалилин кӀант.

[14] Ӏабданин шовзткъа кӀант а, ткъе итт кӀентан кӀант а вара. Уьш кхузткъе итт вирана тӀехиъна лелаш бара. Иза бархӀ шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттира.

[15] Цул тӀаьхьа ПӀарӀатунарчу ХӀалилин кӀант Ӏабдани кхелхира. Иза Ӏамалекхахой Ӏаш хиллачу лаьмнашкахь, Эпрайман лаьтта тӀехь йолчу ПӀарӀатунахь, дӀавоьллира.

Мехкан куьйгалхой — Chapters