Skip to content
Opens in a new window

[1] Цхьана дийнахь Шамшон Ӏази-гӀала кхечира. Цигахь цунна нахаца лелаш йолу цхьа зуда гира. Шамшон иза йолчу вахара.

[2] Ӏази-гӀаларчу бахархоша элира: «Кхуза Шамшон веана». Иза ларвеш, буьйса дӀаяллалц Ӏийра уьш гӀалин ков долчохь. «Ӏуьйре тӀекхаьчча, Шамшон вуьйр ву вай», – аьлла, ерриг а буьйса бист ца хуьлуш яьккхира цара.

[3] Буьйса юккъе яххалц вижина Ӏиллира Шамшон. Цул тӀаьхьа, хьала а гӀаьттина, катоьхна, гӀалин ков шен гураца, боьллинчу гӀуйца цхьаьна схьа а даьккхина, шен белшашна тӀе а диллина, Хьевронана малхбалехьа болчу ломан буьххье хьаладаьккхира цо.

[4] Дукха хан ялале, цунна цхьа зуда езаелира, Суракх олучу тогӀи чохь Ӏаш йолу. Цуьнан цӀе Делила яра.

[5] Иза йолчу пӀелаштамхойн куьйгалхой баьхкира дехарца: «Хаа хьажахьара хьо, стенца доьзна ду Шамшонан ницкъ болуш хилар. ТӀаккха тхуна хуур дара, иза, дӀа а вихкина, муха сацо веза. Ахьа тхан дехар кхочушдахь, оха хӀораммо а хьуна цхьа эзар бӀе шекхал дети лур дара».

[6] Делилас Шамшоне элира: «Дийцахьа соьга, стенца доьзна ду хьан цу тайпана ницкъ болуш хилар? Стенца дӀавихкина сацо веза хьо?»

[7] Шамшона цуьнга элира: «Нагахь санна со якъоза йолчу керлачу ворхӀ зӀенарца дӀавехкахь, соьгара ницкъ дӀа а баьлла, со массо а нах санна хир ву».

[8] Эццахь пӀелаштамхойн куьйгалхоша якъоза тӀуьна йолу ворхӀ керла зӀенар еара. ТӀаккха Делилас цаьрца Шамшон дӀавихкира.

[9] Шен цӀа чохь цхьаболу божарий дӀа а лачкъийна, цо элира: «Шамшон! ПӀелаштамхой бу хьуна тӀебогӀуш!» Цо, тохавелла, зӀенарш хадийра, яьгначу бехчалган теш санна. Цундела пӀелаштамхошна цуьнан ницкъ стенца боьзна бу ца хиира.

[10] ТӀаккха Делилас Шамшоне элира: «Ахьа со лейина, бакъдерг схьа а ца дуьйцуш. ХӀинца мукъана дийцахьа, хьо стенца дӀавехка веза?»

[11] Шамшона элира: «Нагахь санна со цкъа а лелоза долчу машшашца дӀавехкахь, соьгахь ницкъ хир бац. Со массо а нах санна хир ву».

[12] Делилас, керла машшаш схьа а эцна, иза дӀавихкира. Цуьнан цӀа чохь цхьаболу божарий дӀа а лачкъийна, цо цуьнга элира: «Шамшон! ПӀелаштамхой бу хьуна тӀебогӀуш!» И машшаш цо шен куьйгаш тӀера, теш санна, охьадехира.

[13] Делилас юха а Шамшоне элира: «Со массо а хенахь лейо ахь, суна харцдерг а дуьйцуш. Дийцахьа соьга, муха дӀавехка веза хьо?» Шамшона цуьнга элира: «КӀади деш йолчу чорха тӀехь сан месех йина йолу ворхӀ чӀаба цу кӀадинах дӀа а юьйцина, ахьа иза хьостамашца гуьйригах дӀатохахь, со, массо а нах санна, гӀийла хир ву». Иштта иза вижинчул тӀаьхьа, цуьнан ворхӀ чӀаба кӀадинах дӀа а юьйцина,

[14] уьш, цо ма-аллара, гуьйригах дӀа а тоьхна, Делилас цуьнга элира: «ПӀелаштамхой хьуна тӀебогӀуш бу, Шамшон!» Вижинчуьра сама а ваьлла, кӀадица цхьаьна гуьйриг а озийна схьаяьккхира цо.

[15] Делилас цуьнга элира: «Ахьа, со еза бохуш, къамелаш дахь а, хьан дог соьца дац. Кхузза со лейина ахьа, хьайгахь болу боккха ницкъ мичара бу ца дуьйцуш».

[16] ХӀора дийнахь чӀогӀа сагатдора цо Шамшонан, цуьнан къайле гучуяккха гӀерташ. Иза валлал чӀогӀа саготта вара.

[17] ТӀаьххьара а цо Делилига элира: «Сан месех цкъа а урс хьакхаделла дац, хӀунда аьлча со, сайн ненан кийрахь воллушехь, Далла лерина назархо хилла схьавогӀуш ву. Сан корта дӀабашахь, соьгара ницкъ дӀабер бу. ТӀаккха со массо а нах санна хилла дӀахӀуттур ву».

[18] Делилас, цо шен къайле гучуяьккхинийла хиъна, пӀелаштамхойн куьйгалхошка кхайкха стаг вахийтира. Цо ша бохуьйтуш болчаьрга элира: «ХӀинца цо суна шен мел йолу къайле гучуяьккхина». Шайн карахь дети а долуш, пӀелаштамхойн куьйгалхой Делила йолчу баьхкира.

[19] Шен голаш тӀехь Делилас Шамшон дӀавижийра. Иза тхьаьвсинчул тӀаьхьа, цо цхьа стаг схьа а кхайкхина, Шамшонан коьртара ворхӀ чӀаба дӀахадаяйтира. Иза, малвелла, ницкъ дӀа а баьлла, дӀахӀоьттира.

[20] Делилас элира: «ПӀелаштамхой хьуна тӀебогӀуш бу, Шамшон!» Сама а ваьлла, цо элира: «Ваха а вахана, хьалха санна, кӀелхьарвер ву со!» Цунна ца хаьара, Везачу Эло ша витинийла.

[21] ПӀелаштамхоша, схьа а лаьцна, цуьнан ши бӀаьрг баьккхира. Цул тӀаьхьа Ӏази-гӀала дӀа а вигна, цӀестан шина зӀенаца цунна буржал туьйхира цара. Цунна тутмакхийн цӀа чохь кӀа ахьар тӀедожийра.

[22] Цу хенахь цуьнан коьртара дӀахедийна йолу месаш тӀейовлуш яра.

[23] ПӀелаштамхойн куьйгалхой вовшахкхеттера сакъера а, шайн дела волчу ДагӀонна доккха сагӀа даккха а. Цара бохура: «Вайн дала Шамшон вайн кара схьавелла».

[24] ПӀелаштамхой а, шайна Шамшон гича, шайн далла хастамаш бан буьйлабелира: «Вайна юкъара дуккха а нах хӀаллакбеш, вайн мохк бассош хилла волу вайн мостагӀ вайн дала вайн кара схьавелла».

[25] Шайн сакъераделлачу меттехь цара элира: «Схьакхайкхал Шамшоне вайн самукъадаккхийта». Тутмакхийн цӀа чуьра Шамшон кхайкхина схьавалийра. Церан самукъадоккхуш вара иза. Шамшон цара шина бӀогӀамна юккъехь дӀахӀоттийра.

[26] Шен куьг а лаьцна лелаш волчу жимачу кӀанте Шамшона элира: «И цӀа тӀехь лаьтташ болчу бӀогӀамашна улло дӀавигахьа со царах куьг Ӏоттийта. Суна цу бӀогӀамашна тӀетовжа лаьа».

[27] Цу цӀа чохь дуккха а зударий а, божарий а бара. Царна юкъахь схьагулвелла массо а пӀелаштамхойн куьйгалхо а вара. ЦӀийнан тхов тӀехь Шамшоне, бийла а буьйлуш, хьоьжуш лаьтташ кхо эзар хиллал стаг а, зуда а яра.

[28] Везачу Эле дехар дира Шамшона: «Сан Хьалдолу Эла! Дагаваийтахьа со Хьайна! Цкъа мукъана а ницкъ лохьа суна сайн ши бӀаьрг бахьана долуш пӀелаштамхошна бекхам бан».

[29] Катоьхна, дерриг а цӀа тӀехь а долуш, юккъехь лаьтташ болу ши бӀогӀам схьа а лаьцна, аьтту а, аьрру а куьйгашца и ши бӀогӀам дӀасатеттира цо.

[30] Цо элира: «Сан а пӀелаштамхошца са долийла!» Шен ницкъ мел бу дӀасатеттира цо и ши бӀогӀам. Дерриг а цӀа пӀелаштамхойн куьйгалхошний, цу чохь хиллачу адамашний тӀедуьйжира. Ша лечу хенахь Шамшона хӀаллакбина болу пӀелаштамхой цо шен дахарехь хӀаллакбиначарал а алсам бара.

[31] Цуьнан вежарша а, цӀийнах мел волчу стага а, схьа а баьхкина, иза дӀаваьхьира. ЦорӀаний, Эштаулний юккъехь, шен ден Манахьан къубба чохь, дӀавоьллира Шамшон. Иза ткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла вара.

Мехкан куьйгалхой — Chapters