[1] Цу заманахь исраилхойн паччахь вацара. Ткъа Данан тӀаьхьенах берш шайна даха ховша меттиг лоьхуш бара. Исраилан халкъах схьадевлла долу кхидолу тайпанаш, шайн-шайн латтанаш а долуш, охьахевшинера, ткъа Данан тӀаьхьенах берш шайна билгалдаьккхина латта доцуш бара.
[2] Данан тӀаьхьенах болчара шайна юкъара пхи тоьлла волу къонах вахийтира лаьттах дерг талла. И пхи стаг ЦорӀера а, Эштаулара а вара. И нах хаьржинера, уьш Данан тайпанах болчеран массо а гаранашкара болу дела. Цаьрга аьллера: «Даха а гӀой, мохк талла». Эпрайман лаьмнашка а баьхкина, цара Микин цӀа чохь буьйса яьккхира.
[3] Микин цӀенна уллохь шаьш долчу хенахь, цуьнан къамелах къона левихо кхузара воцийла хиира царна. ЦӀа чу а баьхкина, цара хеттарш дора: «Хьо кхуза хьан валийна? Хьо кхузахь хӀун деш ву?»
[4] Жимачу стага цаьрга дӀадийцира Микас ша йолах тӀелаьцна хиларх а, иштта ша иза волчохь динан да хилар а.
[5] Цара цуьнга элира: «Деле хаттар дехьа, оха схьалаьцна болу некъ беркате хир буй те алий».
[6] Динан дас жоп делира царна: «Маьрша дӀагӀо, Везачу Эло, шун некъан тергам а беш, шу Ӏалашдийр ду».
[7] И пхи стаг дӀавахара. Лаиш-гӀала кхечира уьш. Цигахь маьрша дехаш долу адам гира царна. Церан дахар, цӀаданхойн ма-хиллара, тийна а, маьрша а дара. Царна гӀело еш мостагӀий а бацара. Уьш ЦӀадан-гӀалина генахь бехаш бара, цхьаьнцца а лелош юкъаметтиг а йоцуш.
[8] И вахийтина волу пхи стаг ЦорӀа а, Эштаула а юхавирзича, гергарчара цаьрга хаьттира: «ХӀун хии шуна?»
[9] Цара жоп делира: «Тхуна чӀогӀа дика латта карийна. Хан ма ялийта! ТӀе а латий, и латта цаьргара схьадаккха!
[10] Цига дӀакхаьчча, шуна гур ду, и мел доккха латта ду. Оьшуш мел дерг шортта хуьлу цу махкахь, цигара халкъ, цхьа а стаг шайна тӀелетар ву аьлла, дагадогӀуш а дац. Дала вайн кара схьалуш ду и латта».
[11] ЦорӀара а, Эштаулара а Данан тайпанах волу ялх бӀе стаг новкъа велира. Уьш тӀамана кийча бара.
[12] Лаиш-гӀала боьдучу новкъахь совца а севцина, ЯхӀуд-махкарчу Кхиръят-ЯӀаримехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. Цундела Кхиръят-ЯӀаримана малхбузехьа йолчу цу меттигах хӀинца а Махьаней-Дан олу (иза «Данан меттамотт» бохург ду).
[13] Цигара арабевлла уьш Эпрайман лаьмнашкахь долчу Микин цӀийне кхечира.
[14] Лаишан латта талла вахана хиллачу пхеаммо шайн гергарчаьрга элира: «Цигахь долчу цхьана цӀенна чохь еза ийпад ю. Цигахь кхиболу цӀуш а, тӀе дети диллина волу цӀу а ву. Ойла е, хӀун дан деза».
[15] Къона левихо чохь Ӏаш волчу Микин цӀа чу а бахана, цуьнга маршалла хаьттира цара.
[16] Ткъа Данан тӀаьхьенах волу ялх бӀе стаг тӀамана кийчча кевнна уллохь лаьтташ вара.
[17] Латта талла вахийтина волчу пхеа стага, цӀенна чу а вахана, дечиган цӀу а, ийпад а, кхиболу цӀуш а, детих вина волу цӀу а схьа а эцна, уьш чуьра арабехира. Ткъа динан да кевнехь цу ялх бӀе тӀемалочуьнца лаьтташ вара.
[18] ЦӀа чу а бахана, цара ийпад а, цӀуш а, детих вина волу цӀу а схьаэцча, динан дас цаьрга хаьттира: «Шу хӀун деш ду?»
[19] Цара цуьнга элира: «Вист ма хила. Хьайн куьг бета тӀе а диллий, тхуна тӀаьхьахӀотта. Тхо долчохь тхан хьехамча а, динан да а хир ву хьо. Цхьана стеган динан да хуьлучул, Исраилан халкъан цхьана гаранан я тайпанан динан да хилар гӀоле дац хьуна?»
[20] И дешнаш къоначу левихочунна чӀогӀа дезаделира. Иза, ийпад а, цӀуш а, дато цӀу а схьа а эцна, Данан тӀаьхьенах болчу нахана тӀаьхьахӀоьттира.
[21] Шайн новкъа юзабирзира уьш. Цара шайна хьалха дӀадохуьйтуш шайн бераш а, бежанаш а, бахам а бара.
[22] Уьш новкъа бевллачул тӀаьхьа, Микин лулахой, вовшах а кхетта, данхошна тӀаьхьа а бевлла, царна тӀекхечира.
[23] Цара Данан тӀаьхьенах болчаьрга мохь беттара. Вукхара, юха а бирзина, Микига хаьттира: «ХӀун хилла? Нах стенна схьакхайкхина ахьа?»
[24] Микас цаьрга элира: «Аша ас сайна бина болу цӀуш соьгара дӀабаьхна. Аша иштта сан динан да а дӀавигна. Суна диснарг хӀун ду? Стенна хоьтту аша: „ХӀун хилла?“ – бохуш?»
[25] Данан тӀаьхьенах болчара цуьнга элира: «Тхуна хьайн аз ма хазийталахь, оьгӀазбахана нах шайна тӀе ца латийта. ТӀаккха ахьа хьо а, хьайн доьзал а хӀаллакбойтур бара».
[26] Данан цӀийнах болу нах шайн новкъахула дӀабахара. Ткъа уьш шел тоьлур буйла хууш волу Мика шен цӀа юхавирзира.
[27] Данхоша иштта схьадаьккхира Микас шена мел динарг. Цуьнан динан да а шайца дӀавигира цара. Уьш, Лаиш-гӀала дӀа а бахана, цигахь маьрша бехаш Ӏаш болчу нахана тӀелетира. Адам шайн таррашца цистира цара, ткъа гӀала цӀарца ягийра.
[28] Царна орцахвала стаг вацара, хӀунда аьлча ЦӀадан-гӀала царна генахь яра, кхиболчаьрца цара юкъаметтиг а ца лелайора. Лаиш-гӀала Байт-Рахьубана уллохь йолчу тогӀи чохь лаьтташ яра. Йохийна гӀала лаьттинчу меттехь данхоша керла гӀала а йиллина, уьш цигахь баха хевшира.
[29] Цара цунна, Дан-гӀала аьлла, керла цӀе а тиллира. И цӀе шайн дайх хилла волчу Исраилан кӀентан Данан цӀе бахьана долуш тиллина хилла цара. Ткъа цу гӀалин хьалхалера цӀе Лаиш хилла.
[30] Данхоша шайн гӀалахь дато цӀу дӀахӀиттийна хилла. Шайн динан да вина дӀахӀоттийна хилла цара Мусан кӀентан ГӀиршаман кӀант ЯхӀуната. ЯхӀуната а, цуьнан кӀентий а Исраилан махкахь динан дай хилла лаьттина, цигара дерриг а Исраилан къам, йийсаре а лаьцна, дӀадиггалц.
[31] Данан тайпа Микас бинчу цӀунна корта бетташ лелла, Делан цӀа Шилунехь мел лаьтта.