[1] Исраилхойн паччахь воцучу хенахь Эпрайман лаьмнашкахь цхьана юьстахчу меттехь вехаш Ӏаш хилла левихойн тайпанах волу цхьа стаг. Цуьнан, ша ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара а йолуш, цхьа гӀарбаш-зуда хилла.
[2] Цуьнца дов а даьлла, иза ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь Ӏаш волчу шен ден цӀа яхана хилла. Цигахь цо биъ бутт баьккхина хилла.
[3] Цуьнан майра, хьала а гӀаьттина, цунна тӀаьхьавахана. Иза цига вахаран Ӏалашо, цуьнца доггах къамел а дина, иза ша волчу юхаерзор хилла. Ша цига воьдуш, цо шеца шен ялхо а, ши вир а йигна хилла. Цуьнан гӀарбаш-зудчо иза шен да волчу чувигна. Къоначу зудчун дас, иза шена гича, чӀогӀа хазахетта, цунна дуьхьал а веана, даггара цуьнга маршалла хаьттира.
[4] Цуьнан стундена чӀогӀа лаьара иза цигахь сацо. Кхаа дийнахь дууш-молуш, буьйсанаш а йохуш, цигахь Ӏийна иза.
[5] ДоьалгӀачу дийнахь Ӏуьйранна, хьалххехь хьала а гӀаьттина, шен цӀа ваха тохавелла левихо. Амма зудчун дас цуьнга элира: «Цкъа хӀума кхаьллича, гӀолехь ду хьуна. Цул тӀаьхьа дӀагӀур ду шу».
[6] Левихо тӀаьхьа а сецна, и шиъ дууш, молуш Ӏийра. Къоначу зудчун дас цу стаге элира: «Хьайн самукъа а доккхуш, кхин а цхьа буьйса яккха».
[7] ДӀаваха кечвелла волу левихо стундас, дехар а дина, сацийра. Иза кхин а цхьа буьйса йоккхуш Ӏийра.
[8] ПхоьалгӀачу дийнахь иза, Ӏуьйранна хьала а гӀаьттина, дӀаваха кечвелира. Къоначу зудчун дас юха а элира: «Яа хӀума а яий, меттавола. Де делкъе даьлча, дӀагӀур ву хьо». И шиъ юха а дууш, молуш Ӏийра.
[9] Левихо а, цуьнан гӀарбаш-зуда а, ялхо а дӀадаха дагахь хьалагӀаьттира. Амма стундас юха а элира: «Вайна суьйре тӀейогӀуш ю. Тховса кхузахь буьйса яккха, хьайна са а къера. Ткъа кхана, хьалххехь хьала а гӀевттина, шайн цӀа гӀур ду шу».
[10] Амма левихо кхин цхьа буьйса яккха реза ца хилира. Иза, хьала а гӀаьттина, новкъа велира. Цуьнца цхьаьна тӀейоьттина хӀума а йолуш ши вир а, цуьнан гӀарбаш-зуда а яра. Уьш Явсай-гӀала схьакхечира (хӀинца цу гӀалин цӀе Ярушалайм ю).
[11] Уьш цу гӀала схьакхаьчча, де суьйренга даьллера. Ялхочо левихочуьнга элира: «Явсайхойн гӀали чу а дахана, цигахь буьйса яккхийта вайга».
[12] Амма левихочо жоп делира: «Исраилхойх боцу нах бехаш йолчу гӀали чу а ца доьлхуш, ГебаӀ-гӀала дӀагӀур ду вай».
[13] Цо шен ялхочуьнга элира: «Я ГебаӀ-гӀала, я Раме дӀакхача хьовсур ду вай. Цигахь цхьанхьа буьйса йоккхур ю вай».
[14] Уьш новкъа бевлира. Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала уьш схьакхаьчча, малх чубузуш бара.
[15] Кхузахь буьйса яккха сацам бира цара. ГӀалин майдана а баьхкина, охьахевшира уьш, амма цаьрга цхьаммо а шайгахь буьйса яккхийта дӀа ца кхойкхура.
[16] Шен кха тӀера цӀа вогӀуш цхьа воккха стаг вара. Иза ша Эпрайман лаьмнашкахь вина хилла, амма хӀинца ГебаӀ-гӀалахь вехаш хилла. Ткъа кхузахь бехаш болу нах Бен-Яманан тайпанах схьабевлла хилла.
[17] Шена гӀалин майданахь левихо гича, цо хаьттира: «Стенгара вогӀуш ву хьо? Стенга ваха ваьлла хьо?»
[18] Левихочо цуьнга элира: «ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара схьадогӀуш ду тхо, Эпрайман лаьмнашкахь тхаьш дехаш долчу юьстахчу метте дӀадоьлхуш а ду. Тхо хӀинца цӀа догӀуш ду. Амма цхьаммо а буьйса яккха чу ца кхайкхина тхоьга.
[19] Тхоьгахь ча а ду, варрашна яа хӀума а ю, иштта бепиг а, чагӀар а ду суна а, соьца йолчу зудчунна а, сан ялхочунна а даа. Тхуна хӀумма а ца оьшу».
[20] Воккхачу стага элира: «Са ма гатде. Шуна оьшург аса хуьлуьйтур ду, амма майданахь буьйса ма яккха».
[21] Левихо а, цуьнца берш а шен цӀа чу а бигна, церан варрашна яа хӀума елира цо. Шайн когаш а билина, уьш хӀума яа охьахевшира.
[22] Левихо а, цуьнца берш а шайна яа хӀума а юуш, садоӀуш болчу хенахь, цу гӀалара болчу телхинчу наха воккхачу стеган цӀенна го а бина, неӀ а етташ, мохь а бетташ, бохура: «Хьо волчу веана волу стаг араваккха, тхуна цунах зуда ян лаьа».
[23] ХӀусамдас, ара а ваьлла, цаьрга элира: «Сан вежарий, ма дахьара аша и зулам! И стаг сан хьаша ву. Ма дахьара аша цу тайпана долу сонта хӀума.
[24] Хьажал, сан йоӀ а ю шуна, цу стеган гӀарбаш-зуда а ю шуна. Аса и шиъ арайоккхур ю шуна, цаьрца шайна луъург де. Амма цу стагаца ма леладахьара аша и сонта хӀума».
[25] Амма царна воккхачу стаге ладогӀа ца лаьара. ТӀаккха левихочо шен гӀарбаш-зуда уьш болчу араяьккхира. Цара иза сахиллалц хьийзийра, ткъа сахуьлучу хенахь дӀахийцира.
[26] Иза, садаьржачу хенахь схьа а еана, шен майра чохь волчу цӀийнан неӀсагӀина хьалха охьаюьйжира. Ӏуьйре тӀекхаччалц Ӏиллира иза цигахь.
[27] Ӏуьйранна левихочо, хьала а гӀаьттина, цӀийнан неӀарш дӀайиллира. ЦӀа ваха дагахь аравелира иза. Эццахь цунна шен гӀарбаш-зуда гира. Иза неӀарехь Ӏуьллуш яра, ткъа цуьнан куьйгаш неӀсагӀина тӀехь дара.
[28] Левихочо цуьнга элира: «ХьалагӀатта, дӀагӀо вай!» Амма зудчо цунна жоп ца делира. Иза еллера. Левихо, шен гӀарбаш-зуда вирана тӀе а йиллина, цӀа вахара.
[29] ЦӀа веанчул тӀаьхьа, урс схьа а эцна, цо иза, шийтта дакъа доккхуш, йийкъира. И дакъош цо Исраилан массо а маьӀӀе дӀасадахьийтира.
[30] И хӀума гиначара бохура: «И санна дерг тхуна гина дац, Мисар-махкара арадевллачу хенахь дуьйна хӀара хан тӀекхаччалц. Цу хӀуманна тӀе тидам а бахийтий, шайна юкъахь дага а довлий, хӀун дан деза ала».