[1] Галгалара Бухиме а деана, Везачу Элан Малико элира: «Мисар-махкара ара а даьхна, Айса шун дайшна ваӀда динчу лаьтта тӀе схьадалийна Аса шу. Цу хенахь Аса элира: „Айса шуьца бина болу барт Аса цкъа а бохор бац.
[2] Ткъа шун а, кху лаьтта тӀехь Ӏаш болчу нахаца барт а хилла, Ӏан йиш яц. Аша церан сагӀа доккхуш йолу меттигаш хӀаллакьян еза“. Амма аша Сан дешнашка ла ца дуьйгӀира. ХӀунда дина аша иза?
[3] Ткъа хӀинца Аса шуьга боху: „Аса и нах шун лаьтта тӀера дӀалохкур бац. Уьш шуна мостагӀий хилла дӀахӀуьттур бу, ткъа церан харцделанаш шуна гур хилла дӀахӀуьттур бу“».
[4] Везачу Элан Малико шайга аьлла долу дешнаш дӀахезча, Исраилан халкъ доьлхуш дӀахӀоьттира.
[5] Цундела ю цу меттиган цӀе Бухим (иза «доьлхурш» бохург ду). Цигахь цара Везачу Элана сагӀанаш дехира.
[6] ЮшаӀа исраилхой дӀасабахийтира. ХӀора исраилхо шен-шен доьзалан латта доладаккха дӀавахара.
[7] ЮшаӀ дийна мел ву, Везачу Элана гӀуллакх деш схьадеара Исраилан халкъ. ЮшаӀ кхелхинчул тӀаьхьа а, Везачу Эло Исраилан халкъан дуьхьа динарг гина болу къаной коьртехь болчу хенахь а Цунна гӀуллакх деш схьабаьхкира уьш.
[8] Везачу Элан лай волу Нунин кӀант ЮшаӀ дӀакхелхира шен бӀе итт шо долчу хенахь.
[9] Исраилан халкъо иза шен лаьтта тӀехь Тамнат-Хьарасехь дӀавоьллира. Иза яра Эпрайман лаьмнаш долчохь болчу ГаӀаш-ломана къилбаседехьара йолу меттиг.
[10] И массо а тӀаьхье дӀаяьлча, царах схьабевлла нах тӀекхиира. Царна Веза Эла а ца вевзара я Исраилан халкъана Цо дина долу гӀуллакх а ца хаьара.
[11] ТӀаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хӀуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаӀал-деланашна Ӏамал а еш.
[12] Исраилан халкъо Везачу Элана, шайн дай Мисар-махкара арабаьхначу Далла, букъ берзийра. Уьш шайна гонах долчу халкъийн харцделанашна гӀуллакх дан буьйлабелира. Цара Веза Эла шайна чӀогӀа оьгӀазвахийтира.
[13] Исраилан халкъ, Везачу Элана тӀаьхьара дӀа а даьлла, БаӀал а, Ӏаштарт а цӀераш йолчу харцделанашна тӀаьхьахӀиттира.
[14] Веза Эла Исраилан халкъана чӀогӀа оьгӀазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дӀабелира, церан мостагӀашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагӀашна дуьхьал ца латтаделира.
[15] Исраилан халкъо миччахь тӀом бича а, иза эшна хуьлура, хӀунда аьлча, Ша ма-аллара, Веза Эла царна дуьхьал вара. Цундела Исраилан халкъ чӀогӀа балехь дара.
[16] Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора.
[17] Амма халкъо цаьрга а ла ца дугӀура. Кхечу деланашна тӀе а дирзина, царна корта а бетташ, лелара Исраилан халкъ. Шайн дайша Везачу Эло бохург а деш, цара дӀакхехьначу некъа тӀера сихха дӀадаьллера адам.
[18] Юх-юха а Везачу Эло царна мехкан куьйгалхо воуьйтура. Иза Ша вара цу куьйгалхошца, цаьргахула халкъ кӀелхьара а доккхура Везачу Эло. Царна ницкъ беш, церан узарш хазарна, къинхетам бора Везачу Эло царах.
[19] Амма мехкан куьйгалхо кхелхина воллушехь, халкъ юха а шайн дайша чул а чӀогӀа къинош лето долалора, харцделанашна корта а бетташ. Исраилан халкъ, чӀогӀа юхахьадаьлла, шаьш дӀахьош болчу харцнекъана тӀера дала лууш дацара.
[20] Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цо элира: «И халкъ, Аса шайн дайшца бина болу барт бохош, схьадогӀуш ду, цо Соьга ла ца дугӀу.
[21] ЮшаӀ веллачул тӀаьхьа цо кхузахь тӀаьхьадитина кхидолу къаьмнаш хӀинцачул тӀаьхьа дӀакъехкор дац Ас, исраилхошна некъ боккхуш.
[22] Исраилан халкъ зерхьама, Аса и къаьмнаш шаьш долчохь дуьтур ду. Со хьожур ву Везачу Эло шайна гайтинчу некъа тӀехула дӀадаха и къам доьналла долуш дуйла, шайн дай ма-хиллара».
[23] Везачу Эло и къаьмнаш шаьш долчохь дитира, дӀа ца лохкуш, ЮшаӀан кара а ца дахийтира.