Skip to content
Opens in a new window

[1] ГалӀадхойх схьаваьлла волу майра тӀемало вара Яптахь. Цуьнан нана нахаца лелаш яра, ткъа Яптахь цо ГалӀад цӀе йолчу стагах винера.

[2] ГалӀадан зудчо цунна вина масех кӀант вара. Баккхий хиллачул тӀаьхьа Яптахь цӀа чуьра араваьккхира цара. Цара цуьнга элира: «Тхан да кхелхинчул тӀаьхьа цуьнан хӀуманах хьуна хӀумма а ца догӀу, хьо кхечу зудчо вина волу дела».

[3] Шен вежарех ведда, Яптахь ТӀоба олучу махка дӀавахара. Цигахь цунна улло гулбеллера, деш-дуьтуш а доцуш, лелаш болу нах. Уьш цунна тӀаьхьахӀиттира.

[4] Цхьа хан яьлча, Ӏамминхой тӀелетира исраилхошна.

[5] Ӏамминхойн исраилхошца болу тӀом дӀаболабеллачул тӀаьхьа галӀадхойн къаной баьхкира Яптахь ТӀоба-махкара дӀавига.

[6] Къаноша Яптахье элира: «Тхуна тӀехь куьйгалхо а хилий, Ӏамминхошца тӀом байта вайга».

[7] Амма Яптахьа галӀадхойн къаношка элира: «Соьца шайн болу цабезам бахьана долуш со сайн ден цӀа чуьра араваьккхира аша. Шайна тӀе вон деача, со волчу стенна даьхкина шу?»

[8] ГалӀадхойн къаноша жоп делира цунна: «Тхуна хьалха а ваьлла, Ӏамминхошца ахьа тӀом баре а, ГалӀадахь дехаш мел долчу адамашна тӀехь ахьа куьйгалла даре а сатуьйсуш, даьхкина тхо хьо волчу».

[9] Яптахьа къаношка хаьттира: «Ӏамминхошца тӀом бан аша со юхаверзийча, Везачу Эло уьш сан кара схьалахь, со шун куьйгалхо хилла вуьсур вуй?»

[10] ГалӀадарчу къаноша Яптахье элира: «Веза Эла теш хуьлийла вайна юкъахь. Оха ахьа мел бохург дийр ду!»

[11] Яптахь ГалӀадарчу къаношца дӀавахара, ткъа халкъо иза, шайн баьчча а, хьаькам а вина, дӀахӀоттийра. Яптахьа ша мел аьлларг Везачу Элана хьалхахь МицӀпахь юха а элира.

[12] Яптахьа Ӏамминхойн паччахь волчу шен векалш бахийтира хабар эцна: «Вайна юкъа хӀун доьлла? Хьо тхан лаьтта тӀе тӀамца хӀунда веана?» – аьлла.

[13] Ӏамминхойн паччахьо Яптахьан векалшка жоп делира: «Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь, цо Арнон-хина тӀера Ябокхний, Йорданний тӀекхаччалц сан латтанаш дӀалаьцна. Уьш машарца юхадерзаде суна».

[14] Шена и хабар схьакхаьчча, Яптахьа уьш юха а Ӏамминхойн паччахь волчу дӀахьовсийра

[15] цуьнга дӀаала: «Яптахьа иштта боху: „Исраилхоша я муабахойн а, я Ӏамминхойн а латтанаш схьа ца лаьцна,

[16] хӀунда аьлча Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь Исраилан къам, яьссачу аренгахула Эрзийн хӀорд болчу а кхаьчна, цигара Кхадеше кхечира.

[17] Цигара исраилхоша шайн векалш бахийтира Эдомерчу паччахьна тӀе хабар эцна: ‘Хьайн лаьттана тӀехула дӀадаха пурба лахьара ахьа’, – аьлла. Амма Эдоман паччахьо и пурба ца делира царна. Цара иштта муабахойн паччахьна тӀе а бахийтира векалш. Цо а шен лаьттана тӀехула дӀадаха пурба ца делира царна. Цундела Исраилан халкъ Кхадешахь сецнера.

[18] Цул тӀаьхьа Исраилан халкъ яьссачу аренгахула дӀадахара, эдомхойн а, муабахойн а латтанашна гобоккхуш тӀех а долуш. Уьш муабахойн лаьттан малхбалехьа йолчу меттехь, Арнон-хин йистехь, севцира. Муабахойн лаьттана тӀе ца бевлира уьш, хӀунда аьлча церан лаьттан доза Арнон-хица дара.

[19] Исраилхоша шайн векалш бахийтира Хьешбон-гӀалара эмархойн паччахь волчу Сихьонна тӀе. Векалша Сихьоне элира: ‘Исраилан халкъ хьайн лаьтта тӀехула дӀадахийтахьара ахьа. Тхо тхайн лаьтта тӀе дӀадаха дохкура’.

[20] Амма Сихьона исраилхошна шен лаьтта тӀехула дӀадаха пурба ца делира. Иза, шен халкъ схьа а гулдина, ЯхӀацахь меттамотт дӀа а хӀоттийна, исраилхошца лата кечвелира.

[21] Исраилан халкъан Везачу Дала Сихьон а, цуьнан къам а исраилхойн кара схьаделира. Эмархойн дерриг а латта исраилхойн дола делира.

[22] Церан карахь дара Арнон-хина тӀера дуьйна Ябокх-хина тӀекхаччалц а, иштта яьссачу аренгара Йорданна тӀекхаччалц а долу латта.

[23] Исраилан халкъан Везачу Дала Шен Исраилан халкъана хьалхара эмархой дӀалаьхкина, ткъа хьо хӀинца и латта схьадаккха гӀерташ ву?

[24] Шайн дела волчу Камоша делла латта шун долахь ма ду! Иштта тхо а дехар ду тхайн Везачу Дала тхайна деллачу лаьтта тӀехь!

[25] Ткъа хьо муабахойн паччахь волчу Ципуран кӀантал Балакхал тоьлуш ву? Исраилхошца барт эгӀар хиллий цуьнан, я тӀом бина цо цаьрца?

[26] Исраилан халкъ Хьешбонехь кхаа бӀе шарахь даьхна, иштта ӀаруӀерахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а, Арнон-хина гонахьа мел йолчу гӀаланашкахь а даьхна. Цу хенахь хӀунда ца даьккхира аша и латта схьа?

[27] Хьуна хьалхахь цхьана а тайпана бехк бац сан, ткъа хьо, суна тӀамца дуьхьал а ваьлла, вонаш деш лелаш ву. Кхелахо волчу Везачу Эло йойла вайна юкъахь кхел, исраилхошний, Ӏамминхошний юкъара Цо хоржийла бехке верг“».

[28] Амма Яптахьа векалшкахула аьллачуьнга Ӏамминхойн паччахьо ла ца дуьйгӀира.

[29] Яптахьна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Иза ГалӀадан а, Маннашан а мехкашкахула а, иштта ГалӀадарчу МицӀпехула Ӏамминхойн махка тӀе кхечира.

[30] Цо, Везачу Элана хьалха нигат деш, элира: «Нагахь санна Ӏамминхой Ахьа сан кара схьалахь,

[31] со толамца цигара юхавирзинчул тӀаьхьа, сайн керта чуволуш сайна дуьххьара дуьхьалкхеттарг Хьуна сагӀина дӀалур ду Аса, иза дага а деш».

[32] Цул тӀаьхьа Яптахьа, Ӏамминхой болчу а вахана, цаьрца тӀом бира. Везачу Эло Ӏамминхой цуьнан кара дӀабелира.

[33] Цо ӀаруӀера дуьйна Минит-гӀалина тӀекхаччалц а, цигара дӀа Абал-Кирамамна тӀекхаччалц а йолу ткъа гӀала йохийна дӀаяьккхира. Иза Ӏамминхошна тӀехь баьккхина боккха толам бара. ХӀетахь дуьйна схьа уьш исраилхошна хьалхахь къера бара.

[34] Яптахь МицӀпахь долчу шен цӀа юхавирзира. Цунна гира, жиргӀа а етташ, эшарш а лоькхуш, хелхарш а деш, дуьхьалйогӀуш йолу шен цхьаъ бен йоцу йоӀ. Цуьнан кхин я кӀант а, я йоӀ а дацара.

[35] Шена дуьхьалйогӀуш йолу шен йоӀ гича, Яптахьа шена тӀера бедарш этӀийра, ша холчу хӀоттар дӀагойтуш. Цо элира: «Сан йоӀ! Со вий-кх ахьа! Со дакъазаваьккхи-кх ахьа! Аса Везачу Элана хьалхахь дина нигат ду, иза дохо сан йиш а яц!»

[36] Яптахье цуьнан йоӀа элира: «Сан да! Везачу Элана ахьа дош делла, цундела ахьа иза кхочушдан деза. Везачу Эло хьан мостагӀий болчу Ӏамминхошна бекхам ма байтина хьоьга!»

[37] Цул тӀаьхьа цо шен дега элира: «Цхьа гӀуллакх дехьа ахьа сан дуьхьа: со шина баттана сайна луъучу дӀаяхийтахьа. Лаьмнашкахула лелаш, сайн доттагӀашца йоьлхур яра со цкъа а маре ца йоьдуш йисарна».

[38] Цо шен йоӀе элира: «ГӀо хьайна». Шина баттана дӀаяхийтира цо иза. Шен доттагӀашца дӀа а яхана, цо и хан, ша цкъа а маре гӀург цахилар бахьана долуш, лаьмнашкахь йоьлхуш яьккхира.

[39] Ши бутт дӀабаьллачул тӀаьхьа иза шен да волчу юхайирзира. Дас ша Везачу Элана хьалхахь дина долу нигат кхочушдира. Иштта Яптахьан йоӀ цкъа а боьршачу стагах ца кхийтира. Ткъа Исраилан махкахь ламаст хилла дӀахӀоьттира,

[40] хӀора шарахь массо а зударша диъ де галӀадхо волчу Яптахьан йоӀана боьлхуш даккхар.

Мехкан куьйгалхой — Chapters