Skip to content
Opens in a new window

[1] Исраилхой схьагулбелира Везачу Элана хьалха МицӀпа-гӀалахь. Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц болчу берриг а Исраилан махкара схьагулделлера адам. ГалӀадара Исраилан халкъ а деанера кхуза.

[2] Массо а Исраилан халкъах долчу тайпанан куьйгалхой а баьхкинера Далла хьалха вовшахкхетачу метте. Виъ бӀе эзар карахь тур лелош волу тӀемало схьагулвеллера кхузахь.

[3] Бен-яманхошна дӀахиира исраилхой МицӀпахь схьагулбеллийла. Исраилхоша хаьттира: «Схьадийца, муха хилира и вон хӀума?»

[4] Йийна йолчу зудчун майрачо цаьрга дийцира: «Со сайн гӀарбаш-зудчуьнца Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала веара, цигахь буьйса яккха дагахь.

[5] Амма буьйсанна ГебаӀ-гӀалин бахархоша тхо буьйса яккха сецна долчу цӀенна го бира, со вен дагахь. Цара сан гӀарбаш-зуда хьийзийра. И хӀума бахьана долуш иза елира.

[6] Аса, иза екъа а екъна, дакъош Исраилан халкъ дехаш долчу массо а маьӀӀе дӀасадахьийтира, Бен-Яманан тӀаьхьено и инзаре а, сийсаза а гӀуллакх Исраилан махкахь дина дела.

[7] ХӀинца аша, исраилхой, шайна юкъахь барт а бай, ала, оха хӀун дан деза?»

[8] Дерриг а халкъо, цхьаъ санна хьала а гӀаьттина, элира: «Вайх цхьа а шен четар долчу гӀур вац. Вайх волу цхьа а стаг шен цӀа юхавоьрзур вац.

[9] Вай хӀинца хӀара дийр ду ГебаӀ-гӀалина: кхаж а тесна, цуьнца тӀом бан гӀур ду.

[10] Исраилан тайпанех волчу итт стагана юкъара цхьаъ схьа а хаьржина, тӀелата боьлхучарна сурсат дан деза. Вукхара, Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала а кхаьчна, исраилхошна юкъахь бехаш болчу цигарчу нахана таӀзар дан деза, и боьха хӀума цара шайгара далийтарна».

[11] Массо а исраилхо, цхьаъ санна, цхьаьнакхийтира цу гӀалина дуьхьалвала.

[12] Цара Исраилан халкъера Бен-Яманан тайпане хабар эцна стаг вахийтира. И хабар иштта дара: «Ма боьха хӀума ду шух болчу наха динарг!

[13] Схьало тхан кара ГебаӀ-гӀалара болу и боьха нах. Оха, уьш байа а байина, Исраилан махкара вон дӀадоккхур ду». Амма Бен-Яманан тӀаьхьенах болчарна ца лиира Исраилан халкъах болчу шайн вежаршка ладогӀа.

[14] Шайн гӀаланаш а йитина, Бен-Яманан тӀаьхьенах болу нах ГебаӀ-гӀала схьагулбелира, исраилхошца тӀом бан дагахь.

[15] Цу дийнахь ткъе ялх эзар Бен-Яманан тӀаьхьенах тур лелош волу тӀемало, вовшах а тоьхна, тӀамана кечвира. Кхин а ГебаӀ-гӀалара ворхӀ бӀе тур лелош волу тӀемало а вара цаьрца.

[16] Дерриг а эскарна юкъара ворхӀ бӀе стаг къаьсттина дика тӀемало вара. Уьш массо а гезолгаш бара. Цара ширдолагца тӀулг кхуссучу хенахь, тай тоьхча санна, нийса кхуссура.

[17] Бен-яманхой боцурш, исраилхойн виъ бӀе эзар тур лелош волу тӀемало схьагулвеллера. Уьш массо а тӀамана кийча а бара.

[18] Исраилан тайпанех болчара, Бетала а бахана, Деле хаьттира: «Тхох хьалха мила вала веза бен-яманхошца тӀом бан доьлхучу хенахь?» Везачу Эло жоп делира: «ЯхӀудан тайпанах берш хила беза хьалхабевлла».

[19] Цу Ӏуьйранна исраилхоша шайн меттамотт дӀахӀоттийра ГебаӀ-гӀалина генахь доццуш.

[20] Исраилхой бен-яманхошца тӀамана кечбелира. Уьш ГебаӀ-гӀалина уллохь тӀамана нисбелла дӀахӀиттира.

[21] ГебаӀ-гӀалара ара а бевлла, бен-яманхоша цу дийнахь ткъе шиъ эзар исраилхо, вийна, лаьтта охьавиллира.

[22] Амма Исраилан эскар, къар ца луш, юха а ша хьалхарчу дийнахь лаьттинчу метте тӀамана кечделла дӀахӀоьттира.

[23] ХӀунда аьлча хьалхарчу дийнахь исраилхой боьлхуш хилла Везачу Элана хьалха. Цара Цуьнга хоьттура: «Тхо кхин а цкъа лата дезий тхан вежарий болчу бен-яманхошца?» Везачу Эло жоп деллера: «Даха а гӀой, тӀом бе цаьрца».

[24] Исраилхойн эскар шолгӀачу дийнахь юха а тӀегӀоьртира бен-яманхойн эскарна.

[25] Бен-яманхойн эскаро, юха а ГебаӀ-гӀалара ара а даьлла, исраилхойн берхӀитта эзар тур лелош волу тӀемало, вийна, охьавиллира.

[26] ТӀаккха Исраилан эскарара дерриг а халкъ, Бетала а деана, дилхира. Цу дийнахь суьйре тӀекхаччалц яа хӀума ца йиира цара. Дийнаташ дагоран сагӀанаш а, бертан сагӀанаш а дохура цара Везачу Элана хьалха.

[27] Цу хенахь Делан деза тӀорказ цигахь хилла. АхӀаронан кӀант волчу ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьас Везачу Элана хьалха гӀуллакх дора цигахь. Исраилан эскаро Везачу Эле хаьттира: «Бен-яманхой тхан гергара нах бу. Кхин цкъа а царна тӀамца дуьхьал довла дезий тхо?» Везачу Эло жоп делира: «Деза. Аса кхана уьш шун кара дӀалур бу».

[29] Исраилхой ГебаӀ-гӀалина гонах кӀело йина дӀахӀиттира.

[30] Церан эскар кхозлагӀчу дийнахь, хьалха санна, ГебаӀ-гӀалахь бен-яманхошца тӀом бан кийчча дӀахӀоьттира.

[31] Бен-яманхойн эскар, гӀалара ара а даьлла, исраилхошна дуьхьал делира. Исраилхой юхабевлча, бен-яманхой царна тӀаьхьабевлира. Исраилхоша иштта бен-яманхойн эскар гӀалина гена даьккхира. Уьш, хьалха санна, исраилхой хӀаллакбан буьйлабелира. Цара иштта ткъе итт стаг вийра. Цхьаберш аренгахь байира, вуьйш Бетал-гӀала а, ГебаӀ-гӀала а боьдучу новкъахь байира.

[32] Бен-яманхоша элира: «Уьш вайна хьалха, хьалха санна, охьаэгаш бу». Ткъа исраилхоша элира: «ДӀа а девдда, вай уьш гӀалина гена баха беза, некъаш долчу агӀор дӀа а берзош».

[33] Исраилхойн эскаран коьрта дакъа, дӀа а дедда, БаӀал-Тамарехь дӀахӀоьттира. Ткъа кӀело а йина Ӏаш болу исраилхой ГибаӀ-гӀалина малхбузехьа йолчу агӀонгахьара чугӀоьртира.

[34] Итт эзар тоьлла волу тӀемало вара ГебаӀ-гӀалина тӀелеттачу тобанна юкъахь. ТӀом чӀогӀа луьра бара. Бен-яманхошна ца хаьара, шайна тӀедогӀуш дерг доккха вон дуйла.

[35] Везачу Эло эшадайтира исраилхошка бен-яманхойн эскар. Цу дийнахь исраилхоша бен-яманхойн эскарх вийнарг ткъе пхиъ эзар бӀе стаг вара. Уьш массо а тур лелош болу эскархой бара.

[36] Бен-яманхошна хиира, шаьш эшийнийла. Исраилхойн эскар юхадаьллера, хӀунда аьлча уьш ГебаӀ-гӀалина уллохь мостагӀчунна кӀело йина болу шайн эскархой тӀелатаре сатуьйсуш хилла.

[37] КӀело йина Ӏаш болчара, цӀеххьана ГебаӀа чу а бахана, цу гӀалара мел волу вахархо шайн таррашца вийнера.

[38] КӀело йина Ӏаш болчаьрца исраилхойн коьртачу декъо бина барт хилла: цара гӀалара хьалабоьдучу кӀуьраца хаам бан безара.

[39] Исраилхой тӀом болчу меттера юхабевлча, бен-яманхоша ткъе итт стаг вийра. Цара бохура: «Юха а, хьалха санна, тхуна хьалхахь охьаоьгуш бу уьш».

[40] Эццахь гӀалара кӀур ирхъэха болабелира. Бен-яманхой юхахьаьжча, царна гира цӀе яьлла йогуш йолу ерриг а гӀала.

[41] Исраилхой, юхабуьйлучуьра совца а севцина, шайн мостагӀех лата буьйлабелира. Ткъа бен-яманхой, шайна тӀехӀоьттинарг гича, кхерабелира.

[42] Уьш исраилхойн эскарх бевдда аренгахула дӀабоьлхуш бара, амма церан кӀелхьарбовла меттиг яцара. Исраилхоша уьш, шайн гӀаланашкара ара а бохуш, бойура.

[43] Бен-яманхошна го а бина, исраилхоша уьш Нухьера дуьйна ГебаӀ-гӀалин малхбалехьа йолчу агӀонга кхаччалц лаьхкина дӀабигира.

[44] Бен-яманхойн эскарх волу берхӀитта эзар тоьлла волу тӀемало вийра цу дийнахь исраилхоша.

[45] ТӀаьхьабиснарш, бевдда, яьссачу аренга, Римун цӀе йолчу тархана улло, дӀабахара. Цу новкъахула уьш бевдда дӀабоьлхучу хенахь исраилхоша кхин а пхи эзар стаг вийра. Царна тӀаьхьабевллачуьра ца совцуш, уьш ГадӀама кхаччалц дӀабахара. Цига дӀакхачале, кхин а ши эзар стаг вийра цара.

[46] Цу дийнахь верриг а вийнарг ткъе пхиъ эзар тур лелош волу тоьлла бен-яманхо вара.

[47] Ялх бӀе бен-яманхо, ведда, Римун олучу тархана уллохь йолчу яьссачу аренга дӀа а вахана, цигахь беа баттахь Ӏийра.

[48] Ткъа исраилхой бен-яманхойн лаьтте юхабирзира. Цигара нах а, церан бежанаш а дойуш, шайн караеана йолу хӀума а йохош, церан массо а гӀаланаш ягош хӀаллакйира.

Мехкан куьйгалхой — Chapters