[1] Абу-Малик веллачул тӀаьхьа кхин цхьаъ а гӀаьттира Исраилан халкъ кӀелхьардаккха. Иза вара Иссарханан тӀаьхьенах волу Додин кӀентан Пувин кӀант ТовлаӀ. ТовлаӀ Эпрайм-лаьмнашкахь лаьтташ йолчу Шамир-гӀалахь вехаш вара.
[2] Иза ткъе кхаа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттина вара. Веллачул тӀаьхьа иза Шамир-гӀалахь дӀавоьллина.
[3] ТовлаӀ веллачул тӀаьхьа ГалӀадара Яир гучувелира. Ткъе шина шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лаьттира иза.
[4] Цуьнан ткъе итт кӀант вара. Уьш ткъе итт вир тӀехь лелаш бара. Церан ГалӀадан махкахь ткъе итт гӀала яра. Царах хӀинца а Яиран гӀаланаш олу.
[5] Яир веллачул тӀаьхьа Кхамон-гӀалахь дӀавоьллира.
[6] Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цара БаӀална а, Ӏаштартана а, арамхойн а, цӀаданхойн а, муабахойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а харцделанашна Ӏамал йора, Веза Эла виц а вина, Цунна Ӏамал ечуьра севцира уьш.
[7] Веза Эла оьгӀазвахара исраилхошна. Цундела Цо уьш пӀелаштамхойн а, Ӏамминхойн а кара дӀабелира.
[8] Цу шарахь цара Йорданна малхбалехьа йолчу хийистехь ГалӀадахь эмархойн махкахь дехаш долу Исраилан халкъ эша а дина, берхӀитта шарахь иза дацийра.
[9] ТӀаьххьара а Ӏамминхой, Йорданал дехьа а бевлла, тӀамца ЯхӀудан а, Бен-Яманан а, Эпрайман а халкъашна тӀегӀоьртира. Дуккха а зенаш дира Ӏамминхоша Исраилан халкъана.
[10] Везачу Эле гӀо доьхуш, кхойкхуш бара Исраилан кӀентий. «Тхан Дела, Хьуна хьалха оха къинош летийна. Тхайн Дела вита а витина, БаӀал санна долчу харцделанашна Ӏамал еш дара тхо», – бохура цара.
[11] Везачу Эло Исраилан халкъе элира: «Шаьш мисархойн а, эмархойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а,
[12] цӀаданхойн а, Ӏамалекхахойн а, маӀунхойн а карахь долуш аша Соьга гӀо доьхура. Аса цу нехан карара шу схьа ма дехира.
[13] Амма шу, Со а витина, кхечу деланашна Ӏамалъян дуьйладелира. Аса шу кхин кӀелхьардохур дац.
[14] Даха а гӀой, шаьш хаьржинчу деланашка гӀо деха. Цаьрга дахийта шаьш хьоьгучу баланах кӀелхьара».
[15] Амма Исраилан халкъо Везачу Эле элира: «Оха тхайх къа латийна. Хьайна луъург тхох дан а дай, хӀинца кӀелхьардахахьара Ахьа тхо».
[16] Харцделанаш дӀа а тесна, Исраилан халкъ Везачу Элана Ӏамал еш дӀахӀоьттира. Цара хьоьгуш болчу балана са ца детталора Везачу Эле.
[17] Ӏамминхой тӀом бан кечбеллера. ГалӀадан лаьтта тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара. Исраилхоша а, схьа а гулбелла, МицӀпа-гӀала йолчохь шайн меттамотт дӀахӀоттийра.
[18] ГалӀадхойн куьйгалхоша элира: «Ӏамминхошца дуьххьара тӀом болийнарг ГалӀадахь долчу массо а халкъана тӀехь хьаькам хилла дӀахӀуттур ву».