[1] Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала а, вайн динан вашас Тимапис а, Делан долахь йолчу, Ӏийсах тешачеран Коринтерачу тобане а, берриге Ахай-махкахула Ӏаш болчу массо а Делан долахь болчаьрга а яздо хӀара кехат.
[2] Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна.
[3] Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Да волу Дела. Иза къинхетаман Да а ву, массо а тайпанчу синтеман Дела а ву.
[4] Цо вайн муьлххачу а гӀайгӀанехь вайна синтем ло, Цо вайна беллачу оцу синтемца муьлххачу а гӀайгӀанехь болчу кхечарна а вайгахула синтем хилийтархьама.
[5] Дала леррина Къобалвинчуьнца вай боькъуш болу Цуьнан лазамаш алсамбийларе терра, Цо вайна луш болу синтем а алсамбуьйлу.
[6] Оха баланаш хьоьгуш хилча – иза шун синтеман а, кӀелхьардовларан а дуьхьа ду. Тхо догъоьцуш хилча – иза шун синтеман дуьхьа ду, хӀунда аьлча оцу синтемо шуна чохь доьналла кхуьуьйту, оха хьоьгуш болу баланаш шуьга а хьегийтархьама.
[7] Тхо чӀогӀа тешна ду шух, хӀунда аьлча тхуна хаьа, нагахь оха хьоьгу баланаш шуьца бекъалуш хилча, тхан деган синтем а бекъало шуьца.
[8] Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Ӏан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хӀиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш.
[9] Тхайн дагахь-м тхаьшна даларан кхел йина моьттуш дара тхо. Иза хиллера, тхо тхайх тешна а доцуш, амма белларш а юхаденбеш волчу Делах тешна хилийтархьама.
[10] Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кӀелхьардехира тхо, Цо кӀелхьардохур а ду. ХӀинца чул тӀаьхьа а Цо кӀелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо.
[11] Тхуна тӀера доӀанаш а деш, цу гӀуллакха тӀехь аша гӀо до тхуна. Иштта, дукхахболчу наха деш долчу доӀанашка Дала ладогӀарна, Цо тхо декъалдийр ду. Ткъа цундела дуккха а долчу халкъо Далла хастамаш бийр бу.
[12] Оха дозалла а до, тхан дегнаша тоьшалла а до, дуьнен тӀехь тхо лелар а, шуьца йолу юкъаметтиг а Далла хьалха догцӀена а, хӀумма а къайла ца доккхуш а хилла аьлла. Ткъа иза адаман хьекъалца а доцуш, Делера долчу диканца дара.
[13] Цундела и кехат дешча, шу кхетар доцу хӀума ца яздо оха. Сан дегайовхо ю, цхьадолчух-м шу хӀинцале а кхетта хиларе терра, шу тхох кхоччуш кхетарг хиларх, вайн Веза Эла волчу Ӏийсан дийнахь оха шух дозалла дийриг хиларе терра, аша а тхох дозалла дийриг хиларх.
[15] Ишттачу тешарца со дагахь вара уггар хьалха шу долчу ван, шун шолгӀа а декъалалла хилийтархьама.
[16] Со Македоне воьдучу хенахь шу долчухула а ваьлла, тӀаккха, юхавоьрзуш, юха а шу долчу ван ойла яра сан, шуьга со ЯхӀуд-махка новкъа а воккхуьйтуш.
[17] И Ӏалашо сайна хьалха хӀоттош, аса ойла а ца еш-м ца дина те иза? Я аса, кху дуьненарчара санна, сайгара олу ткъа цкъа «хӀаъ», тӀаккха «хӀан-хӀа»?
[18] Дела тешаме хиларх чӀагӀо а еш, боху аса, оха шуьга бохург дацара цхьана метта цкъа «хӀаъ», тӀаккха «хӀан-хӀа».
[19] ХӀунда аьлча шуна юкъахь Цунах лаьцна оха – аса а, Салис а, Тимапис а – хьехамаш бина волу Делан КӀант, Дала леррина къобалвина Ӏийса, ма вацара цхьана хенахь цкъа «хӀаъ», тӀаккха «хӀан-хӀан» олуш. Цуьнгахула Делан «хӀаъ» хилла дӀахӀоьттира.
[20] ХӀунда аьлча Дала мел дина ваӀданашна дуьхьал Дала леррина Къобалвинчуьнгахула «хӀаъ» ду. Цундела Делан сийлаллина Дала леррина Къобалвинчуьнгахула вай «Амин» олу.
[21] Шуьца цхьаьна тхо Ша леррина Къобалвинчух тешаш чӀагӀдина лоттуьйтуш Верг – Дела ву. Цо вай къобал а дина,
[22] Шен мухӀар тӀетохарца вай къаста а дина, Ша лур ду аьлла динчу закъалтана Шен Са делла Цо вайн дегнаш чу.
[23] Далла хьалха сайн дахарх чӀагӀо йо ас, со хӀинццалц Коринте цаваран бахьана шу кхоош хилар ду аьлла.
[24] Иза дац шун тешарна тӀехь олалла до бохург. Амма шун даккхийдер хилийта шуьца цхьаьна гӀуллакх деш ду тхо, хӀунда аьлча шайн тешар тӀехь чӀагӀо йолуш ду шу.